ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имам Шемал каравахана я йийсар вина? Историн къестамаш (1-ра дакъа)


Баккхий къийсамаш лаьтта социалан машанашкахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а исторехь Имам Шемална кхочучу меттигах лаьцна. Иза кест-кеста хирг ду.

ТIаьххьарчу заманашкахь Кавказан тIом биллина бу политикан хьежамашкахь. Хеттарш хила тарло эзарнаш, амма дискуссешкахь хадош хуьлу мехаш боьрзу ламанхойн баьччанашна а санна, Оьрсийчоьнан тIеман-политикан истеблишментана тIе.

Бакъду, историкаша тоххара жоьпаш делла хеттарш ду гIиттораш. Иттаннаш эзарнашкахь ду архивашкахь документаш – цара гойту муьлхха а тIеман операци, историна бевзачу инарлаша бина сацамаш, хиржина некъаш.

Къилбаседа Кавказан ламанхоша Оьрсийчоьнан экспансина йинчу дуьхьалонах олу "Кавказан тIом", ткъа бу нийса термин "Кавказан тIемаш" хила еза аьлла хетарш а. Оьрсийчоьно тIом шена юкъара волчу цхьана мостагIчуьнца бина – Кавказан ламанхошца – ша хIаллакхбечийн къаьмнашка ца хьоьжуш. Амма кавказхой лаьттина дуьхьал шаьш-шаьш.

Цундела уггаре а къовсамехь латториг ду Имам Шемалан васт. Иза ша каравахана мостагIчунна я йийсар вина? Хиллий элица Борятинский Иванца дийцарш я цо бинчу тешнабехко къастийна дерриг? Имам лацаро дерриг а хийцина хIетахь: цхьаберш къерахилла тIеман жамIашна, вуьйш дуьхьаллаьттина кхидIа а, кхоалгIанаш хьал тергалдан бисина юьстахара.

Дагестанан лидеран декъахь I834 шарахь къийсам болийначу Имам Шемална I840-чу шарахь тIетайра нохчий. Нохчийчоьнан а, Дагестанан а коьртехIоттарца цо кхоьллира Исламехь лела теократин пачхьалкх – Имамат. Иза лаьттира I859-чу шеран аьхккалц.

Къилбаседа-Малхбалерчу Кавказехь тIом берзарх а, Имам Шемал йисар варх а лаьцна, Кавказ.Реалиин редакцин дехарца, нохчийн историка Вачагаев Майрбека къамел дира дагестанхочуьнца- историкца, Оьрсийчоьнан Iилманийн Академин Малхбаленан Институтан белхахочуьнца Тахнаева ПетIаматца. Iилманчас оцу заманах лаьцна язйина монографеш "Хьажа-Мурд. Хьунзахара Хьаьжимурад", "Гуниб, I859, Марсхьокху-бутт", кхин а масех болх. Цара аьтто ло де дийне мел долу а леллачу хиламийн терго ян, довза тIом боьрзучу деношкахь Гунибехь хилларг.

– Хиламаш. I859 шарахь Имам Шемал ерриг а Нохчийчоь шех дIахедий вуьсу – иза Оьрсийчоьнан империн карахь ю. Имам Дагестане, Гунибе дIавоьду. Стенна къастайо цо и меттиг?

историк Тахнаева ПетIамат
историк Тахнаева ПетIамат

– I859 шеран Охан-баттахь, Имаматан коьрта шахьар Ведана йоьжча, оьрсаша тIамца яьккхича, Чоьхьрачу Дагетане юхаволу Шемал, Iаьндийн дукъал дехьа. Ца вахана иза аьттехьа а гернарчу Гунибе. Охан-беттан I-чохь йоккху цуьнгара Ведана, ткъа Стигалкъекъа-баттахь ерриг а Нохчийчоь хуьлу оьрсийн карахь, и хьал тесна дита дагахь ца хилла Имам.

Стигалкъекъа-беттан юьххьехь ша керла дIалаьцначу меттигехь, Дагестанехь, чIагIло иза. Беттан I3-чу денна наибийн карахь лаьттина ерриг а нохчийн исс кIошт – Гихта, Шела, Мичик, Аух, Ичкери, ЧIебарла, Шуьйта, Нашха, Шарой – йолу цуьнан карара. Iаьндийн ГIойсу хин аьтту берда тIехь турс чIагIйо цо. Кехат ду Iаьндийн Дибир-наибах дисина, цо гойту ЧIебарларчу лаьмнашкахь, Нохчийчоьнан дозанехь чIагIонаш хIиттош бечу балхах лаьцна- I859-чу шеран Стигалкъекъа-беттан хьалхарчу деношкахь яздина ду иза. ГIирс а бохьуш, ЧIебарлара бахархой дуьхьалонан гIишлош ян арабаха тIедожадо Дибир-наибна. Яздо Имама: "Стагга а ма виталаш оцу белхашна юьстах, хуьлда иза Iеламча я къеда. Юьставаьлларг баттана набахте хьажор ву". Баттана!

– И зама кхаччалц, берриг а Кавказан тIом боьдучу юкъанна, Нохчийчохь хилла яц цхьа а гIап, цхьа а луьхьалонна кечйина гIишло. Аьлча а, дуьххьара хуьлу-кх Шемала Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь хIоттайойтуш йолу гIап?

– ХIаъ, ас ма-аллара, Стигалкъекъа-бетта юккъехь духу Нохчийчьурчу наибашкара Iедал, ткъа ярташкара - Зандакъара, Энганара, Бенара, кIошташкара – Шарой-махкара, Шикъарой-махкара, ЧIебарлара делегаташ боьлху куьйгаллина тIе аьхкенан хьалхарчу шина баттахь. Вай дуьйцучу кехато гойту Имам Нохчийчоь дIатаса лерина воцийла, Гунибе ваха дагахь воцийла. Цул сов, дозанехь а лаьтташ. Оьрсий Нохчийчуьра дIа Дагестане ца бита гIерташ хилла Имам Шемал.

Гарехь, аьтто ца баьлла ЧIебарлахь гIап йогIа, иза Дагестанехь, Iаьндийн дукъал дехьа, Гумбет кIоштахь, ИчIичIали, КIилятл ярташна юккъерчу лекхачу Килилдерил-меэр лома тIехь соцу. Иза шатайпа Гуниб лам санна лам бу, амма хи ца хилла цу тIехь.

Шемалан кехаташ яздархо хиллачу Iабдурахьмана билгалдаьккхина, I858=чу шарахь чIагIбан болийна хилла и лам – оьрнаш дохуш, тIулган пенаш хIиттош. Иштта чIагIдина хилла Iаьндийн а, Суьйлийн а ГIойсу хин бердаш, л БуцIрах рагI. Доцца аьлча, юхавала дагахь ца хилла Имам оцу муьрехь.

– Амма мухха а делахь а, Дагестанан кIаргене дIавоьду Шемал духьалонаш а еш. I856-чу шарахь, ГIирмера тIом бирзича, империно шен цхьадолу эскарш хьовсадо Кавказехь длучарна тIе. Ткъа хIун ницкъаш хилла Имам Шемалан карахь оцу ханна?

– Кхузахь билгалдаккха деза цхьа хIума. I859-чу шарахь бен болчу тIемийн план хIоттийна яьлла оьрсийн куьйгаллин I859-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 6-чохь. Дагестан кхаа агIор яккха дагахь хилла импери – Нохчийчуьра дIа Iаьндийн лаьмнашкахула а, ша Дагестанерчу шина декъаца а. 40 батальон, дошлойн 7 эскадрон, шайца 44 й2оккха топ а йолуш, 39 милицин тоба а хилла дерриг эскар – 30-40 эзар стаг кеп-кепарчу хьостанаша бахарехь.

– Малхбалера – "Дагестанский", "Лезгинский" шайх олу эскаран дакъош, Нохчийчоьнан агIор - "Чеченский" эскар. Малхбалехь – Таркхойн хIорд, цигахьара гIо дац, ваха меттиг яц. Шемалан тIаьххьара гIап гонелаца ю-кх Iалашо?

– Ю. Имаматан латта сов доккха хилла а дац. Цундела 30 я 40 эзар эскар цига хьажор цхьа маьIна долуш гIулч ю. Хаа деза, Имам Нохчийчуьра араваьллачул тIаьхьа цуьнца ца хилла тIемаш бан хуучу мурдех цхьа жима тоба бен. I00 стаге кхочуш а ца хилла и тоба.

Ца деза суна, Барятинский ца тола йищ яцара, цуьнан эскар доккха дара, олий, дуьйцуш. Кхузахь кхоллам кхочушбинарг кхин ду, ца лиина иза хьехо Дагестанерчу авторшна, ца лаьа тахана а, тоьшаллаш дитинарш дагалеца, шайлахь Карахи а, Iабдурахьман а, Хьажи-Iела а волуш (Шемалан заманахь баьхна, йозанаш дитина болу тешаш - Ред.). Ца хьехийна уьш Советан Iедалехь историкаша. Ца тевжа царна тIе тахана а.

Ма-дарра аьлча, ломахь тIетовжа нах ца хилла Имамна. Дагалаца деза I85I–I852чу шерашкахь дуьйна Имаматехь кризис лаьттина хилар: Iедал къийсар, экономикан дакъазалла. Имам Шемалан тоьллачу наибийн го лахлуш лаьттина. Масала, оьрсашца къайлах юкъаметтигаш лелош гучуваьлла Шемална шен уллера накъост, имам, ШарI девза говзанча Iеламча, тоьлла тIемало Телетлира Кебедмухьаммад. I850-чу шерашкахь Дагестанеризачу еа кIоштан мудир (шатайпа "губернатор" – Ред.) лаьттина иза. Шемала шен ший а йоI цуьнга маре яла ойла йолуш а хилла цхьана муьрехь. Ша санна веза ву иза Имаматна аьлла хеташ а хилла Шемал. Юьхьанца вен кхачийна Кебедмухьаммад, тIаккха и таIзар хуьйцуш, ДаьргIа дIахьажийна, ша тIехь терго а латтош.

(Хьалхара дакъа. Чаккхе хир ю)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG