ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхечу пачхьалкхийн агенташна" таIзар дарх низаман проект кховдийна Думе


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатийн тобано ГIуран-беттан 11-чу дийнахь парламенте йийцаре ян кховдийна, кхечу пачхьалкхийн агенташ лерина болчу бахархошна а, зорбан-гIирсашна а таIзар дар луьрча даккхарх лаьцна низаман проект.

Иза чулуш яздинчу кехата тIехь дуьйцуш ду, низам оьшуш хилар, кхечу пачхьалкхара ахча а оьцуш, Оьрсийчьурчу политикан процессашкахь дакъалоцучу наха беш болу болх хIун чулацам болуш бу а, цара дийриг массарна а гуш а хилийтархьамма, аьлла.

Оцу низаман проекто билгалдаьккхина ду 5-ъа шаре кхаччалц колонехь яккха хан тохар, Iедало кхечу пачхьалкхан агенташ лерина, амма регистраци ян а, шаьш бинчу балхах лаьцна отчет яла а лууш боцчу бахархошна.

Кхечу пачхьалкхийн агенташ леринчу масс-медиа гIирсийн белхан кеп йохорна хан тоха бакъо хир ю 2-на шаре кхаччалц набахтехь яккха.

Талламана гергахь Оьрсийчоьнан тIеман я тIеман-техникан сферехь хаамаш лахьош болчу бахархошна хан тухур ю дуьххьара низам дохийначул тIаьхьа. Бисинчарна бехктакхаман жоьпалла тIедожор ду, административан таIзарш динчул тIаьхьа.

Кхечу пачхьалкхан агентех лаьцна низам тIеийцира Оьрсийчохь 2012-чу шарахь. Цо аьтто бо Iедална муьлхха а политикан гIуллакх лелочу коммерцин йоцу вовшахтохаралла я юкъараллин болам агент лара, нагахь цунна гIо-накъосталла деш делахь махкал арахьара.

Оцу тайпа гIуллакх лелор муьлхачу барамашца билгадохуш ду кхетачу кепехь билгалдаьккхина дац оцу низамехь, ткъа цо хьийзо аьтто бина Iедалан дешаран а, могашалла ларъяран а, экологин а вовшахтохараллаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG