ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчуьра 400 гергга журналист набахтехь ву


Шайн болх бахьана долуш хаамийн гIирсийн мел лахара а 387 белхахо набахтешкахь хенаш токхуш ву. "Доза доцу репортераш" цIе йолчу бакъоларъяран организацино шайн рапортехь довзийтина и терахьаш. Оцу терахьан эханнал а сов журналисташ пхеа пачхьалкхийн набахтешкахь бу: Китайхь, СаIуда Iарбийчохь, Мисарахь, Иракъехь, Йеменехь.

50 сов журналист тIепаза вайна, йа йийсарехь ву Шемахь а, Иракъехь а, Йеменехь а.

Стохкалерачу зерашца дуьстича, кхин а 35 проценте лакхадаьлла 31 шарера 42 шаре кхаччалц болу, набахте хьийсийначу зударийн-журналистийн терахь.

1995-чу шарера схьа дуьйна, хIора шарахь "Доза доцучу репортераша" Iорайоккхуш ю, журналисташна тIехь ницкъбарх хоуьйтуш, шаьш кечъен рапорт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG