ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден Джо толам баккхарца декъалвина Путин Владимира


Байден Джо
Байден Джо

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президент хоржуш дIабаьхьначу харжамашкахь тоьлла демократ Байден Джо декъалвина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Яздо цунах лаьцна "Коммерсанто".

Харжамашкахь хьалха вала цунна оьшура харжамхойн 270 кхаж, ткъа цунна кхаьчна 306. Трамп Доналдан 232 кхаж бара.

Массо а тIегIанехь Байденан аьттонаш хила лаар билгалдоккхуш, Путина ша тешна ву аьлла, Оьрсийчоьнна а, Американа а юкъахь цакхетамаш белахь а, тахана дуьненчохь Iитталун проблемаш ерзон ницкъ шайн кхочур бу аьлла.

"Сайгахьара со кийча ву зIе а, уьйраш а латтон", аьлла президенто шен телеграммехь.

Лахьан-беттан 3-чу дийнахь президентан харжамаш дIабаьхьира Америкехь. Президентан дарж къовсуш вара республиканхо Трамп Дональд а, демократ Байден Джо а. Хилла жамIаш довзийтинчул тIаьхьа Трамп къийса волавелира хилла хьесапаш.

Байначу беттан 7-чохь Байден Джос ша толам баьккхина аьлла, дIакхайкхийра. Цул тIаьхьа 50 пачхьалкхийн куьйгалхоша декъалвира иза. Дечкен-беттан 20-чохь инаугураци хила езаш ю Американ Цхьанатоьхначу Штатийн керлачу президентан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG