ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун вешин карах нах белла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун вашас урхалла дечу машенца некъан бохам хилар тIечIагIдина. ХIирийн "15-й регион" сайте цуьнан гергарчо бинчу хаамца, Битаров Казбек шен цIахь ву, ткъа цуьнан хIусамнана лоьрийн тергонехь ю.

Битаров Вячеславан ваша бахьанехь инцидент хилира карарчу беттан 12-чохь ГIебарта-Балкхаройчохь. Кавказ.Реалиин хьостано чIагIдарца, шен Toyota Land Cruiser 200 машенца дуьхьал оьхучу машенийн асане ваьллачу Битаров Казбека "ВАЗ-2107" машенах тоьхна шен автомобиль. ДуьхьалйогIучу машенахь хилларш белла: да а, нана а, церан жима ши бер а.

"Сингаттам хиллачу дийнахь байинчийн гергарчарна тIедахара тхо, кадам а беш. Дехар дира тезетахь хила тхайна бакъо лахьара аьлла. ТIейогIучу хенахь а цаьрца цхьана хир ду тхо, деана вуон доькъуш", - аьлла, дIахьедина Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун кхечу вашас Битаров Таймураза.

Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтий Гацалов Хьажа-Мурд а вара тезетахь. Сингаттам беанчу наха шайгара "бехкаш ца доху" бохуш, чIагIдо цо а.

"Ларамза хилла хIума ду хIара. Ницкъаллийн структураш ю, цара гIуллакх луьстур ду", - аьлла Гацаловс.

Воккха бизнесхо ву Битаров Казбек. Къилбаседа ХIирийчуьра кхо компани ю цуьнан долахь.

Кавказ.Реалиин хьосташа де хьалха хаамбира, Битаров Казбек республикан куьйгалхочун ваша хиларе терра, бехк цунна тIера а баьккхина, оцу бохамехь велла "ВАЗ-2107" машенан долахо бехкеван хьийза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG