ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман йийсархой дIасахийцина Эрмалойчоьно а, Азербайджано а


Ломанан Карабахехь йоьдучу конфликтехь лецна хилла тIеман йийсархой оршотан буса дIасахийцина Эрмалойчоьно а, Азербайджано а. Азатутюн Свобода Радион сервисо бина и хаам. 44 эскархо дIавелла эрмалойн агIонга, азербайджанхошка 12 йийсархо. Оьрсийчоьнан машарбархой юкъахь а болуш, дIахьош ю йийсархой хуьйцуш процесс аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

Де хьалха Эрмалойчоьно а, Азербайджано а дIасаделира Шуша гIалахь эгначу бIаьхойн декъий.

Карара бутт болалуш Ломан Карабахехь шина пачхьалкхана юкъахь маслаIат деш, кехатна куьйгаш яздинчул тIаьхьа дуьххьара машар бохийра. Карабахан Къилбехьа Азербайджанан тIемалоша кхийсарш долийра аьлла, дIахьедира Эрмалойчоьно.

Ломан Карабахехь гуттаренна а тIом сацош бартхилира Оьрсийчоьнан а, Азербайданан а президентийн а, Эрмалойчоьнан премьер-министран а.

Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а эскарш шаьш лецна хиллачу позицешкахь бисина, ткъа регионехь дIатарбина Оьрсийчуьра машарбархой.

Ломарчу Карабахехь хьалхара тIом боьдучу хенахь шайгара дIадаьхна дозанаш юхадерзон ницкъ кхечира Азербайджанан. Хьалха дIаяла тIейожийначул а алсам территореш Азербайджанна дIаяла декхаре йина Эрмалойчоь. Ю царлахь царна мехала хилла Шуши (Шуша) а.

Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира I994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG