ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльджаркиев вуьйш дакъалаьцна хила мега аьлла, шеко йолуш Москварчу кхело лаца кхайкхийна ГIалгIайчоьнан вахархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчоьнан вахархо Аушев ИбрахIим лаца кхайкхош сацам бина Москварчу Басманан кхело. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам, кхелан пресс-гIуллакххошна тIетевжина.

ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латторан Центран хилла куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахиIм верна бехке ву аьлла, шеконашка эцна иза.

  • Стохка шозза кIело йира Эльджаркиевна. Дечкен-баттахь цуьнан машенна герзаш диттира, Нохчийчуьра иза ГIалгIайчу цIа вогIучуш. ХIетахь ца лазош висира иза. Ткъа Лахьан-баттахь Москвахь аьтто белира тIелатардинчеран иза а, цуьнан ваша Эльджаркиев Ахьмад а вен. Оцу зуламна бехке хеташ лаьцна ву иттех стаг.
  • Диъ де хьалха Басманан кхелан сацамца лаца кхайкхийра иштта Белхороев Адам а. Иза бехкево терроран зулам дарна а, террорхойн юкъаралла кхолларна а, бакъо йоцуш герз лелорна а.
  • Кху шеран Лахьан-баттахь Москварчу кхело лаца кхайкхийра Эльджаркиевн гIуллакхехула кхин а ши стаг – Богатырев Борис а, Белхороев Ильяс а. Дуьненаюкъарчу лехамашка велла ву ший а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG