ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бух бу кечбеш". Пачхьалкхан Думо муха бо Путинна Iедал дIа ца хеца аьтто?


Бешлей Ольга

2008-чу шарахь чекхъелира Путин Владимир даржехь вуьсу шолгIа рагI. Цул тIаьхьа Iедал цуьнан карара ца далийта дукха хийцина низамаш Оьрсийчохь. Хилира "Когаметта" ("Преемник") олу операци – деа шарахь пачхьалкх дIалелош вара Медведев Дмитрий, ткъа Путин – министрийн кабинетан коьртехь. Хийцамаш язбира Конституце, деа шарера ялх шаре кхачийра президенталлин раж, юха дацаре дира Путин хьалха даржехь Iар ("обнуление").

ХIинца Пачхьалкхан Думо кхузза дешна, цхьаьна тIеэцна ши низам (ГIуран-беттан 3-чохь), уьш а ду пачхьалкхан куьйгалхочунна, цуьнан хиндолчунна лерина.

Оьрсийчоьнан Федерацин Президент, иза даржах мукъаваьллачул тIаьхьа, ларвеш ву. Иза озавойла дац бехктакхаме я административан жоьпалле, дац сацавойла, лоцийла, толлийла, хаттаме хIоттавойла, боху низамо.

Билгалдаккха деза, даржах мукъаваьлча а дуьсу президентаца и хьал.

Бакъду, пачхьалкхан куьйгалхо оцу статусах ваккха магош меттиг а ю низамехь. Амма вуно хала далундерг ду иза.

"Оьрсийчоьнан Федерацин Президент, шегарчу даржах иза мукъаваьлча, жоьпалле вожа тарло, нагахь санна иза пачхьалкханна ямартло йина я кхин доккха зулам дарна Iоравоккхаккха кхачийнехь", – боху документо.

Цхьаъ делахь, пачхьалкханна ямартло яр, я кхин зулам дар Пачхьалкхан Думо билгалдаккха дезаш ду, цо тIебахьа беза бехк. Шиъ делахь, Лакхарчу кхелан сацамо а, Конституцин кхелан къастамо а бакъдина хила деза зулам дар. Кхоъ делахь, Федерацин Кхеташоно (лакхара палата) сацам арабала беза дерриг а дерзош.

Низамехь бан леринчу хийцамийн шолгIа пакет хьакхало Федерацин Кхеташонах. Президетан бакъо ю оцу хьукматна шеггара 30 сенатор чуваккха.

Федерацин Кхеташонехь I87 стаг ву, президентан квота - I/6 дакъа. Президентан даржах мукъаваьллачух шех а ву велла дIаваллалц сенатор веш. ВорхI стагна кхачайо и бакъо. "МогIарчу" сенаторан даржехь Iен хан яц 6 шо бен.

Оьмар чекхъяллац сенатор Iойла ду:

  • Пачхьалкханна хьалха гуттар даккхий гIуллакхаш динчун.
  • Оьрсийчоьнан президент хиллачун.

Таханенна пачхьалкхан кхерамзалла а, оьмар кхачаяллалц сенаторалла а догIуш ши стаг бен вац: уьш бу Путин Владимир а, Медведев Дмитрий а.

"ТIе куьг хьовла дацар,– иза I0, 30, 40 кхерамзалла кхачош, духьало хIоттор ду. Шеко яц иза кханенна бух кечбар хиларх. Нагахь санна Iедал Путина ша шена къастийначуьга дIалахь, и бух оьшур бац. Амма Iедалан мукъ кхечуьнга кхачахь, яздойла цунна I50 низам, оьмар кхачаяллалц сентаор войла цунах, ца хуьлий дарж рогIехь караоьцучуьнца симфони – дерриг а эрна дуьсур ду", – боху Москварчу Карнегин центран социолога Гаазе Константина.

Мел ницкъ бу сенаторийн карахь? Цхьана агIор, пачхьалкхера массо а деза гIуллакхаш довлу Федерацин Кхеташонах чекх. Хуьлда иза федералан бюджет, Инарла прокурор хIоттор, я тIеман гIуллакхаш. Масала, 20I4-чу шарахь Путин Владимира Федерацин Кхеташоне даьккхира Украинан декъа тIе эскарш дахарх долу гIуллакх. Сенаторша магийра. Ткъа вукху агIор, и пурба далар тIехула дIа, кепана яьккхина бакъо бен а яцара – оцу ханна эскарш ишта а дара ГIирме дIакхаьчна.

"Оьмар кхачаяллалц сенатор хила мегачунна мегаш ду Федерацин Кхеташонехь спикер хIотта а, сенаторан мандат каражцна ца Iаш, Сенатан куьйгалле а кхочу тIаккха президент Iийнарг. Соьга хаьттича, Пачхьалкхан Думин куьйгалхо хIоттар тоьлу, низам кхидIа а шардойла ду", – аьлла хета Гаазена.

Пачхьалкхан Кхеташонан гIант Путин Владимирна кхача тарлуш хилар дуккха а хан ю дуьйцу. Кхушара шен Путинан лаамца и керла урхалла язйина Конституцин декъа. Иза ницкъ болуш хьукмат хир ю, дакъалоцур ду цо арахьара а, чуьра а пачхьалкхан гIуллакхаш луьстуш. Путина ша элира Зазадоккху-баттахь, шена ца лаьа даржах мукъаваьлча Пачхьалкхан Кхеташонан коьрте хIотта. Бохура, ши Iедал долу сурт хIутту тIаккха пачхьалкхехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG