ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалехь гIело латтийначу нохчочунна набахтехь яккха хан тоьхна Францин кхело


Шен хIусамнанна а, берашна етташ хиллачу Нохчийчуьрчу вахархочунна набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна Францехь. Ним гIалин кхело тIечIагIдина, тIаьххьарчу пхеа шарахь доьзалехь цо ницкъ беш хилар. Меттигерчу Objectifgard гIирсо бина цунах лаьцна хаам.

Кхелан шолгIачу ладегIаршкахь бехкевечо мукIарло дина, ша билггал зудчунна етташ хилар, цунна шена "пайдена" аьлла.
"Ас хIусамнанна тоьхнехь а, цунна йогIуш тухура", - аьлла, дIахьедина цо кхелахошка.

Берашна тIехь гIело ца латтийна ша аьлла цо: "Вовшех лета бераш. Ткъа сан зудчо доьзал суна дуьхьал боху".

Бехкевечунна тоьхна хан мел а лахъян гIоьртира адвокат Муссаву Шарлен, церан "культура вайчуьнца йогIуш яц" аьлла, амма кхелахошна таIзар кIад даллал тоаме ца хийтира цуьнан дешнаш.

Карарчу шеран аьхка Нохчийчохь йийра Умаева Мадина. Цуьнан нанас чIагIонаш йора, шен йоI хIусамехь гIело ловш яра, майрчо йийна иза бохуш. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан юкъагIоьртинчул тIаьхьа, нана декхаре хилира шен дешнаш юхаэца а, йоьIан хилла марзхой къинтIера баха а. Ткъа цуьнан хиллачу невцана керла хIусам елира Кадыровн фондо.

Коьрта теманаш

XS
SM
MD
LG