ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийн элитин амалш". Путинан нуц лаьттинчо лелочу харцонех яздинчу авторца интервью


Шамалов Кирилл, "Сибур" компанин дохаойх цхъаъ
Шамалов Кирилл, "Сибур" компанин дохаойх цхъаъ

Карара Хан (Настоящее время)

"Мехала истореш" ("Важные истории") портало зорбане баьккхина Шамалов Кириллах болу таллам – Путинан нуц лаьттинарг шех олу бизнесмен ву Шамалов (Тихонова Екатерина хилла цуьнгахь; прессо Оьрсийчоьнан президентан йоI ю боху иза). Журналисташна гучудаьлла 2013-чу шарахь Шамаловн компанис Оьрсийчуьрчу уггаре йоккхачу мехкдаьттан-химин "Сибур" компанера 380 миллион доллар мах болу 3,8% акцеш эцна хилар а, оццул болчу бахамах цо 100 доллар бен делла дацар а – лелачу мехал 3,8 миллионазза кIезиг. Оцу талламах а, цуьнан Iалашонах а лаьцна Керарчу Хено къамел дира материалан авторца, "Мехала истореш" журналан редакторца Анин Романца.

Стенах лаьцна бу таллам

[И дийцар] президентан амалх а, оьрсийн элитин амалех а ду. Ира дешнаш а тоьур дац и малш йовзийта, [оцу наха] аьшпаш буьтту, [уьш] коррупцех ийна бу, доьхку шаьш лелориг наханна лело.

Юкъарчу дешнашца а доцуш, факташца аьлча, президента элиташна арахьарчу финансийн инструментех пайдаэцар доьхкуш делахь а, дозанал арахьарчу банкашка ахчанаш дахка могош дацахь а, цуьнан невцо, офшоран компанеш а дозанал арахьа ахча а латтадо, Атлантикан альянсан мехкашкахь цIенош а оьцу, цуьнан йоIа еза интерьераш хIиттайо оцу цIенош чу. Оцу хьоло гойту билггал муха ду президентан лелар, гойту, цо низамаш буха а хIиттадеш, Оьрсийчоьнан тIегIанехь доьхкуш дерг цуьнан доьзална дан мегаш хилар.

Таллам бу президентан невцо 380 миллион доллар мах болу акцеш 100 долларх эцарх лаьцна, ткъа оцо дукха дика гойту президентан амал а, Оьрсийчоьнан элитин амал а. Талламехь дийцина ца валлал дукха ду кхидолу факташ а.

ХIара истори хIораммо а шен ойланца йоьшур ю. Суна, доккхачу декъанна, билггал йолчу йохк-эцаршца, биографешкарчу цхьацца фактацша го оьрсийн элитин амалш, церан дахар. "Сибур" эцар – иза бу элитано бахамаш муха гулбо гойту масал. Мухий? 380 миллион доллар доьхург 100 долларх а оьцуш. Оьрсийчохь цхьана а вахархочун тIекхевдийла доцчу кепехь бахам долабаккхар ду иза. Суна, авторна, церан Iер-дахар муха ду гойту истори ю иза. Го вайна 27 шо долчу жимчу стагца Шамалов Кирилца муха бу цуьнан партнераш, цара цуьнга муха доьху федералан арбитран кхело бина сацамаш юхабахийтар. Дуьненан кхечу муьлххачу а пачхьалкхехь и цхьа факт тоьуш яра бехктакхаман гIуллакх айдан а, иза муха нисделла талла а. Амма Оьрсийчохь вай дог а ца доху иштачун. Суна-м дукха хан ю оьрсийн элита евза, бакъдерг аьлча, ткъа хIара йоллу факташ – коьрта аргумент ю суна: "Дика нах хила а мегий уьш-м, вай сов дестийна дуьйций-те? " олучунна дуьхьалтоха. ХIан-хIа доьхна ду дерриг а, вайна моьттучул а доьхна ду.

Талламан маьIна

[Юкъараллина талламах хуьлу пайда], цхьаъ делахь, хаа ду президентан невцо 100 долларх "Сибуран" дакъа эцнийла. Соьга хаьттича, иза коррупцин маза гойту факт ю. Ас кхеторехь, оцу жимчу стеган дахарехь аьтто балар цуьнан гергарлонашца дозу. Коррупци бохучу терминан дуккха а маьIнаш ду. Бехктакхаман кодекехула вайна девзарг хилла а ца Iа иза, ю цуьнан агIонаш оьздангаллах, юкъараллерчу гIиллакхах йоьзна а. Суна хетарехь, Оьрсийчоьнан юкъараллехь а олу президентан невце ишта эцарш ялуш хиларх коррупци.

ШолгIаниг – шен бизнес-хьашташ гергарлонан гIоьнца кхочушдар. Лобби латтор ала а мега цхьамма цунах. Лобби латтор а, коррупци а дозанаш герга ду вовшашна. Кхеташ ду, президентан невцо шен кехаташ цхьанга дIакхачош гергарлонах пайдаэцар а дац оьзда.

Таллам дIахьош хиллачу халонех

Вай, журналисташа, ваьш рогIера тема яста дуьйлалуш, хуьлу цхьана а хIуманах теша йиш йоцуш. Тхо кхеташ дара, тхаьшка кхаьчна информаци оьздангалла яцарх лаьцна юйла, цундела оха дерриг а дира иза бакъ хиларх тхаьш тешо.

Уггаре хьалха оха динарг – кехаташна техкина цIерш теллира. Кехаташна техкинчу цIераша гойту, муьлхачу электронан адресера дIахьажийна кехат, ду иза я дац билггал цхьана стага лелош долу адрес, я иза лар йойъуш кхоьллина адрес ду. Адресаш бакъдерш дуйла кхийтира тхо.

КхидIа, кхеташ ду, оха цхьаболчу кехаташ яздинчу а, кхаьчначу а нахаца къамелаш дира, хиттира, яздиний цара Шамаловга, кхаьчна цаьрга цуьнгара кехаташ баккъал а. Цара иза бакъдора. Оха зийра кехаташ яздина хенаш, церан чулацамаш, и информаци а бакъ нислора.

КхалгIаниг, оха деш хилларг – оха теллира тIекхача таро мел йолу баххаш. Кхочий Шамаловга Кипрехь йлчу цхьана компанига яздина кехат, оха Кипрера реестр толлура, оьшу документ доьхура, хьовсура, ву я вац иза оцу компанин долахо. Билгалдолура иза цуьнан да хилар – иза вуно дика ду. Шамаловга цхьацца документаш дохкуьйтий цо Оьрсийчохь доладечу цIеношца доьзна, оха цIенойн реестр толлура, документаш лохура, билгалдоккхура гIишло баккъал а цуьнан долахь хилар. Шина а агIор долу кехаташ цхьадогIуш дуй – вуно дика ду.

ХIора документ толлуш ехира оха ишта гIулчаш. Цул сов, оха хеттарш хьийсадора зIенашкахь мел хаалучу нахе. Таллам зорбане баккхале, оха иттаннал сов хеттарш деш кехат дIасахьажийра. Луучара жоьпаш делира. Тхан хеттаршкахь оьзда я нийса доцуш хIума делахь, нехан аьтто бара тхоьга иза схьаала. Цара ала а олура хетарг.

Таллам бовзийтаран Iалашо

Иза тхан болх бу. Дукхахберш нийса ца кхета, оха цхьаъ зорбане даьккхича, тхан цхьа Iалашо ю моьтту. Ас даггара эр ду шуьга – сан коьрта Iалашо ю нахана информаци ялар. Цхьана агIор ас бохург дайн а кхетадойла ду, амма иза журналистан уггаре коьрта болх бу: нахана информаци ялар, истореш язъяр. Лийр воцуш Путин а вац, я вай а дац. Иттаннаш шераш девлча, хаа луур ду нахана: баккъал а муха дара-те дахар Оьрсийчохь XXI бIешарахь? Иштта дара-кх. Язъечу хенахь сан хиллачу Iалашонах лаьцна аьлча, яцара соьца и ойла. Коьртаниг – иза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG