ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Куьршала кIоштахь полисхошна тIелатар дина

Куьршала кIоштахь ницкъаллийн структурийн белхахоша талламбан дагахь буьйсанна сацийначу машенчуьра бевзаш боцучу наха граната кхоьсина хилла аьлла, яздо "Интерфакс" агенталло, шайн хьостана тIетевжина. ТIелатар динарш байина, уьш муьлш хилла толлуш ду карарчу хенахь.

"Куьршала кIоштахь буса хилла ю и инцидент. Талламаш бечу хенахь автомобиль сацийнера. Кехаташ гайта аьлча, полисхой болчу агIор оьккхуьйтург ластийна хиллера цара", - дийцина "Интерфакс" агенталле.

Цул тIаьхьа церан машенна тIаьхьа хахкабеллачу ницкъахошна машенчуьра герзаш детта буьйлабеллера зуламхой. ТIаккха байъина уьш. Ницкъаллийн структурийн белхахошлахь зенаш хилла дац. Официалехь информаци тIечIагIъеш тоьшаллаш дац "Интерфаксан".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь хаамбира шинарин дийнахь, ТIехьа-Мартанахь дIаяьхьначу леринчу операцехь тIемало вийна аьлла.

"Кхиамца дIаяьхьначу контртерроран операцехь ТIехьа-Мартанан кIоштахь вийна гIаттамхо Байдулаев Казбек. Ницкъахойн агIонах цхьа а лазийна, я вийна вац. Даим а санна, говза, вовшашца дага а буьйлуш лелла полисхой", - яздинера Кадыровс.

Нохчийн куьйгалхочо дийцарехь, 2012-чу шарахь дуьйна лехамашкахь хилла ву Байдулаев. Герзаш лелош, вовшахтоьхначу тобанца хиларна цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх а хиллера.

"Кавказский узел" агенталлан информацица, ТIехьа-Мартанан кIоштахь вийна аьлла, Кадыровс вуьйцу Байдулаев Казбек, ГIадужу-баттахь байинчу гIаттамхошца а вийна аьлла дIахьедира хьалхо. Полисхоша хаамбира, Серноводскан кIоштахь хиллачу кхийсаршкахь вийна иза аьлла.

Дуьненчохь коронавирусан ун даьлла 74 миллион стаг ву

ХIопкинс Джонсан Университето Iорадаьхначу зерашца, дуьненчохь 74,1 милион стаг ву коронавирусан ун даьлла. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь 625 эзар вахархочуьнца къаьстина вирус. Пандеми йолаелчхьана COVID-19 уьнах кхелхина 1,6 миллион пациент.

Коронавирусан ун долу нах къаьсттина дукха бу Американ Цхьанатоьхначу Штаташкахь а (16,9 миллион), ХIиндойчохь а (9,9 миллион), Бразилехь а (7 миллион), Оьрсийчохь а (2,7 миллион). Дуьненчуьрчу 191 пачхьалкхехь лаьтта хьал ду кхузахь чоьте эцна.

Коронавирусах дукха нах белла иштта Америкехь а(307 эзар), Бразилехь а (183 эзар), ХIиндойчохь (144 эзар), Мексикехь а (115 эзар). 10-чу меттигехь ю Оьрсийчоь: 48 эзар дархо велла пачхьалкхехь.

ВОЗ-н говзанчашна хетарехь, вирус ца яржийтархьама 60-70 % бахархошна прививкаш ян оьшу. Оцу юкъанна билгалдоккху организацино, цхьана вакцино сацор яц вирус аьлла.

Ибрагимовн хьокъехь Нохчийчуьрчу кхелахоша бинчу сацамна реза ца хилла Пятигорскера суьдхой

Нохчийн публицистана Ибрагимов Ризванна арахь яккха хан кхайкхош Соьлж-ГIаларчу Октябрскан кIоштан кхело бина сацам юхабаьккхина Пятигорскан суьдхоша. Юхалиста хьажийна цуьнан гIуллакх.

Маршо Радионо яздира, яздархочунна-историкна Ибрагимов Ризванна Соьлж-ГIаларчу Октябрскан кIоштан кхело 2 шой 6 буттий арахь яккха хан кхайкхорах.

И сацам бовзийтинчу кхелхочунна Налаева Хадижатна хетарехь, гIуллакх луьстуш мел теллина тоьшаллаш а, безказлонаш а дуьстича, яздархочун бехк бара Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 282 артиклан 2-чу декъаца богIуш. Ша Ибрагимов Ризван а, цуьнан адвокато Касумов Султана а къобал ца бинера кхелан сацам.

Пятигорскерчу кассацин кхело Нохчийчуьрчу суьдхоша кхайкхийна вердикт юхаяккхарх Ибрагимов Ризвана ша хаийтина шен Фейсбукерчу пена тIехь.

Ибрагимовн адвокато Умаев Руслана бахарехь, Октябрьскан кIоштан кхелехь юха хоттур долуш ду публицистан дов.

Ибрагимов Ризван бехкевора цо исторех язйинчу книгашкахь нохчийн къам ай а деш, жуьгтийн къам сийсаздо бохуш. Яздархочо иза аьттехьа а тIе ца дуьту. Цо бахарехь, стохка дIа а лаьцна, полицин декъехь ток а етташ хьийзийча дуьйна схьа ву иза Нохчийчоьнан лаккхарчу даржхойн омарица кхеле ийзош. Ибрагимов тешна ву, кхело баккхийчу хьаькамашна товш боллу сацам чекхбаьккхина хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG