ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Лакхара кхел къера хилла, кIоштан кхело процессан декъахой юкъахь а боцуш сацамбина хиларна


Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело керстдина, кхелан процессе Тухаева Жанета кхайкхина цахилар, амма, хIетте а цуьнан хьокъехь бина сацам хийцанза бисина. Хьалхарчу инстанцин бакъонашца Тухаеван латкъам луьстур бу шаьш аьлла, хьесап дина кхело. И бохург ду, процессуалан низам дохор тидаме эцна ца Iаш, суьдхочо толлур ду гIуллакхан хьелаш а.

Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело тIеэцначу сацамна арз динера Тухаевас, ша кхеле кхайкхина цахиларна, иза юхаэцар а доьхуш. Тухаева Жанетин хиллачу хIусамдас Ибаев Руслана иск яьккхинера кхунна дуьхьал, церан бераш: исс шо долу Абубакара а, бархI шо долу СаьIид а хьаьнца вита веза къовсуш.

Кавказ.Реалиига Тухаевас дийцина, ша кхелан сацамна реза цахиларх. КIоштан кхелахоша бух боцуш бина сацам Лакхарчу кхело юха ца баьккхина, иза нийса тIеэцна цахилар билгалдаьккхиншехь. Цул совнах, Лахьан-беттан 17-чохь арз листар а хIара йоцуш нисделла хилла.

Лакхарчу кхелехь латкъамца доьзна рогIера кхеташо хила езачу хенахь, карарчу беттан 15-чохь хиина Тухаевана бинчу сацамах. Иза а дIатеттина Чиллан-беттан 9-чу дийне.

Нохчийчуьрчу вахархочо Ибаев Руслана, шегахь хиллачу Тухаева Жанетица ца вуьтуш, шайн ши кIант шеца витар доьхуш чуделлачу дехарца боьзна сацам арахецнера Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь.

20I6-чу шарахь дуьйна къуьйсу дас-нанас ши бер - Абубакар а, СаIид а. Тухаевас дийцарехь, Ибаевс шозза дIаваьккхина цуьнгара ши кIант, ткъа жимахниг кхиош вац иза цуьнан 6 бутт кхаьчначул тIаьхьа дакъалаьцна а.

Воккха кIант дас нана ган вохуьйтуш вац 2014 шарахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG