ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш


Ша хасторна баркалла аьлла Кадыровс Путинна

Оьрсийчоьнан президенто йоьдучу пресс-конференцехь шен лаккхара мах хадорна баркалла аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийн "Вайнах" телехьожийлан журналисто, хьуна хетарехь, стеннца доьзна ду Малхбузено Кадыровна а, цуьнан гонна а дуьхьал йоху санкцеш аьлла, хаттар динера. Кадыров шен республикан интересаш Iалашйина ца Iаш, йоллу пачхьалкхана гIаролехь лаьтташ ву, цундела Оьрсийчоьнан оппоненташа цунах шайн Iалашо йина аьлла, жоп деллера Путина.

"Ас даггара баркалла боху Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна сил лакхара мах хадорна ас дечу кIезигчу гIуллакхийн. Малхбузен пачхьалкхийн санкцех дерг аьлча, ас царна са ца гатдо. Оцу дозанаш тоьхначу тептарехь со ца хиллехь дара доьхнарг", - яздина Кадыровс "ВКонтактерчу" шен агIонехь. Оьрсийчоьнан бакъ болчу патриоташна бен тухуш яц санкцеш, цундела "Iаламат лакхара мах хадор" ду иза аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

ГIалгIайчоьнан экс вице-премьеран хIусамах хьоьвсина полисхой

ГIалгIайчоьнан хиллачу вице-премьеран Цечоев Султанан а, цуьнан кIентан Цечоев Адаман а хIусамех хьоьвсина полисхой, яздо "Кавказский узел" агенталло, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьостанна тIетевжина. "Ингушэнерго" компанин урхалла деш вара и шиъ.

Евкуров Юнус-Бек мехкан куьйгаллехь волчу заманчохь вара Цечоев Султан вице-премьер, ткъа 2016-чу шеран ГIуран-баттахь "Ингушэнерго" компанин куьйгалле хIоттийра иза.

2012-чу шарера схьа дуьйна Малгобекан кIоштан префект вара Цечоев Адама, 2018 -чу шарахь хIоттийра иза "Ингушэнергон" коьрте.

ТАСС агенталло яздо, ницкъаллийн структураша бахарехь: "Къоланаш дарца а, шайгарчу даржел совбовларца а доьзна бина церан цIийнех талламаш".

Оьрсийчоьнан 7 шо кхачазчу берашна ахчанаш дала тIелаьцна Путина

Йоьдучу шен пресс-конференцехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира еарин дийнахь дIахьедина, ворхI шаре довлазчу берашна пхиппа эзар соьмаш кхачор ду ша аьлла. ТIаьхьо Кремлан сайтехь зорбане яьккхинчу информаци тIехь бархI шаре кхаччалц долу бераш хьахийна.

"Кхуза вале министрийн кабинетца а, сайн администрацица а цхьанакхетар хилира сан, тхан барт хилира вайн берашна совгIат дан. Доккха хIума дацахь а, массо а доьзалера ворхI шаре довлазчу берашна пхиппа эзар соьмаш дIакхачор ду оха. ХIора берана", - аьлла Путина.

Къинхьегаман министро Котяков Антона хаамбина, бархI шо кхачазчу 16 миллион берана билгалдаьккхина ахчанаш лур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG