Севрюгин Игорь
Масех де-буьйса даьлла Навальный Алексейна дIовш даларх болу керла хаамаш баьржина. Бинчу талламах лаьцна дош а дац аьлла Кремло, ткъа президентан пресс-векала Песков Дмитрийс шинарин дийнахь юхаяьккхира шен журналисташца телефонехула хIора денна хуьлуш йолу бриффинг. Элира Песковс, шен хан яц, Путин Владимиран шарахь цкъа хуьлучу пресс-конференцина кечлуш ву ша.
Оцу юкъанна ша Навальный Алексей дагахь ву гучудевлла керла факташ Талламан комитете а, ФСБ-не а дIакхачо. "Шайна ма-луъу шу доьлур-м ду, амма кхин некъ бац", – боху оппозиционера, журналистийн а, юкъараллин а талламех Оьрсийчоьнан Iедал дешаш а дацар дагадоуьйтуш.
Социалан машанашкахь дийцаредо, хIун хир ду, шайн юьхь-сибаташ суьрташца дуьненна дIа а гойтуш, Iорабаьхначу ФСБ-н белхахойх, бен а дац-те царна иштаниг нисдалар, бохуш.
"Карара хан"("Настоящее время") телеканало хаьттира ФСБ-но гIуллакхаш толлучу нехан карарчу хенахь агIолоцуш волчу адвокате Павлов Иване, муха ду ФСБ-н чоьхьара дахар, мел ю цуьнан белхахлошкахь профессионализм.
– Навальныйна дIовш даларх дерг. Хьо теший и динарш ФСБ-н белхахой хиларх?
– Бакъ долчух тера ду дерриг а. Схьагайтинчу тоьшаллаша кхетадо вай ФСБ-н белхахой бу аьлла бовзуьйтурш. ХIинца, олуш ма-хиллара, буьрка майданан кхечу декъа тIе йоьжна. Юриспруденцера ду хIара: жамIаш дале, къовсамехь дуьхьал йолчу шолгIачу агIоне ладогIар. ХIинца со ца воллу телевизионашкарчу пропагандистийн маттахь ала, ца боху ас, иза церан болх бу, царна цунах гонорараш хуьлу. Ас хIинца официалерчу нахах боху.
Со кхетарехь, Навальныйс ФСБ-не а, Талламан комитете а дIакхачийна ша а, шен накъосташа а талламехь гучудаьхна факташ. Цундела хаа лаьа, вай тешаш а долуш, хIоьттинчу хьолехь официало хIун эр ду. Цо олучуьнга хьажжина далур ду жамIаш вайга а. Амма цара хIумма а ца лахь, бист ца хуьлуш беха Iахь – уьш къера буйла хаа ду.
– Хьуна муха хета, хир дуй жоп?
– Хено гойтур ду.
– Ахь адвокат санна дIахьочу бехктакхаман гIуллакхашка а хьаьжча, Навальныйс бинчу оцу талламе а хьаьжча, хIун эр дара ахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша тIаьххьарчу заманахь бечу белхан хотIах лаьцна?
– Со кхетарехь, ФСБ ю-кх ахь юьйцург, юй?
– Ю, доккхачу декъанна цунах хоьтту ас.
–ФСБ, хьо кхета-кх – иза къовлаелла еха структура ю, ша-шелахь тIаьхье шена кхиош йолу хьукмат ю. Оцу бахьаница ду вай тахана тергалдеш мел долу цуьнгара сакхташ: низамалла дацар, белхахойн хаарш ледара хилар. Амма низмалла ца хуьлу-кх, профессионализм йоцчохь.
Ахча алссам а луш, тIехь кIезиг жоьпалла хилча, вайн хьелашкахь малло белхахой, ледара бо цара шайн бол
Уггаре хьалха сан юкъаметтигаш лоло дезарш ФСБ-нера таллмачаш бу – кхин башха сов ларамбеш структура а яц иза цигахь. Уьш – церан сийлалла–кехаташъяздархой бу. Боккхахболу болх бийраш оперативан белхахой бу, ткъа талламчаша и болх кехате берзабо, кхеле дIакхачабо. Талламчех дерг аьлча, профессионализм ца тоьу дукха хьолехь царна, зеделларг дукха цахилар ду иза. Уьш дукха бу, ткъа цара дIахьош кIезиг гIуллакхаш ду. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера я Талламан комитетера талламча схьаэцча, цуьнга дуккха а гIуллакхаш толлуьйту, иза дерриг а хууш хуьлу, хIора баттахь, хIора шарахь керла-керла хаарш схьаоьцу цо, ткъа ФСБ-нерчу талламчас шарахь 2-3 гIуллакх бен толлуш а ца нисло. ХIун дуьйцийла ду, белхахочо куьйгаш охьадахийтина болхбеш хилча, цунна хIуъа а могуьйтуш хилча? Жоьпалла дац цунна тIехь, кхело а могуьйту цунна гIалаташ. Цундела ца кхуьу цуьнгахь профессионализм.
Хетарехь, изза хаьл ду оперативан белхахочуьнгахь а. Олуш ма-хиллара, ницкъ болуш ву, дукха хьекъал долуш вацахь а. И сакхт ду-кх вайн гуттар а ницкъ болуш йолчу, баккхий аьттонаш шен карахь болчу урхаллин. Амма царна низам шолгIачу меттехь ду, коьртаниг ду царна режим Iалашъяр, коьртаниг яц пачхьалкхан кхерамзалла. Цундела, кхеташ ду, эшамехь ехар ю пачхьалкх.
– Оьрсийчохь гуттар а даккхий ахчанаш ду хьийсош ницкъхошна. Стенна бо цара болх иштта?
– Ахча алссам а луш, тIехь кIезиг жоьпалла хилча, вайн хьелашкахь малло белхахой, ледара бо цара шайн болх, ледара кхочушдо декхарш, харц кхетайо шайн Iалашонаш. Цундела жамIаш а ду хотIе хьаьжжина ледара. Гуш ду вайна Оьрсийчохь тахана хуьлуш лаьттарг, цунах дика тоьшалла до Навальныйс бинчу талламо.