Оршот, 14 де
Дагестанера вахархо Кардашов Алексей бакъо йоцуш сацийна, цул тIаьхьа тIепаза вар теллинчу Гуьмсерчу кхело Росгвардехь гIуллакх деш хилла ши эскархо Абдурашидов Бекхан а, Дукаев Аслан а бехкехилар тIечIагIдина. Арахь даккха 3,5 шой хенаш кхайкхийна царна. "Кавказский узел" агенталло бина цунах хаам. Ткъа бакъоларъярхоша кIеда лерина царна дина таIзар. Маршо Радионо яздира, Хасу-Юьртара аптекахо Кардашов Алексей 2017-чу шарахь лар йоцуш варах. Иза къайлаха наркотикаш юхкуш ву аьлла хетта лаьцна хиллера Нохчийчуьрчу полисхоша. Ницкъаллийн структурашкара ялх белхахо вара, царех виъ шена вевзира, цара Соьлжа-ГIалара Хасу-Юьрта вигира, ткъа цигара – Гуьмсерчу полицин декъе, аьлла, тоьшалла динера Соьлжа-ГIаларчу таксилелорхочо Омаров Сайд-Мохьмада (иза ша а хилла Кардашовгара "Лирика" олу кортабахабен коьчал оьцуш, цо бахарехь). Амма Омаровс тIаьхьо хийцира ша дина хилла дареш – шена тIеийцира Кардашов вер. 2019-чу шарахь лецира ши полисхо Абдурашидов а, Дукаев а, бехкедира царна шайгарчу даржал уьш совбовлар. Ткъа бутт гергга хьалха 9 шо набахтехь такха кхачийра Омаровна Кардашов верна. Тат (ломара жуьгти) хилла волу Кардашов Алексей вар талла дагахь ю Израил, аьлла бара 2018-чу шарахь баржийна хаам. "Шах-Даг" газето Кардашов цунах ахча даккхархьама вадийна аьлла долу дIахьедар даржийра. Кардашовн нанас Якубова Циляс гIо дехна "Iазапна духьалояран Комитете", уьш реза бац кхелахойн таIзар сил дайн хиларна. ТIейогIучу хенахь Лакхарчу кхеле латкъамбан дагахь бу бакъоларъярхой.
Шинара, 15 де
Къилбаседа ХIирийчуьрчу блогеран Джикаева Маликин нанас нанас Кудзиева Анжелас видео дIаязйина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане кхайкхамбеш. ЙоьIан нанас доьху, ши де хьалха кхелахоша шен йоIана кхайкхийначу вердиктан тергояр. Наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкейинчу Маликина набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна.
"Сан доьзалхочо хьиджаб коьрта а тиллина, шегара товш доцург далийтина, оха цатам хьайна бинехь, къинтIера валар доьху ас хьоьга. Со нана ю, хьо дуккха а зудаберийн да ву, хьо кхета декхар ву, кхаа шарахь набахтехь хан яккха дезахь, цу чуьра араяьлча лартIахь хир юй иза? Сан йоI могуш яц. Туреттан цамгар ю цуьнца. Хуьлуш дарба а дац оцу цамгарна. Ас дехар до хьоьга, оцу гIуллакхна юкъа а гIортахьара хьо. Массара а олу, дийна араер яц иза", - боху нанас. Кудзиевас иштта чIагIдо, шен йоIана тIехь къизаллаш лелайо бохуш а. "Хьан карахь ду дерриг а. Хьан пурба доцуш дитта тIера гIа а ца дужу. Орцах валахьара хьо!", - бохуш, дехарш до Кудзиевас. Цо бахарехь, масех де хьалха Маликин йиша а кхелхина. Москвахь цхьана петар чохь карийра цуьнан дакъа. Карладоккху, Зазадокху-беттан 9-чохь Соьлж-ГIалахь лецира Джикаева Малика. Наркотикаш латтош хилла аьлла, шеконаш эгнера цунна тIе. Хьалхо Джикаевана гIуда туьйхира, магийна йоцчу меттигехь герз кхийсарна. Полисхочун барзакъ а доьхна, герз диттинера цо. Инстаграмехь цо зорбане йоху провокацин видеошна тIехула иза лаьцна бохуш, дIахьедар динера хьалхо йоьIан гергарчара.
Кхаара, 16 де
Шен хIусамнанна а, берашна етташ хиллачу Нохчийчуьрчу мухIажирна набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна Францехь. Ним гIалин кхело тIечIагIдина, тIаьххьарчу пхеа шарахь доьзалехь цо ницкъ беш хиларх. Меттигерчу Objectifgard гIирсо бина цунах лаьцна хаам. Кхелан шолгIачу ладегIаршкахь бехкевечо мукIарло динера, ша билггал зудчунна етташ хилар, цунна шена "пайдена" аьлла. "Ас хIусамнанна тоьхнехь а, цунна йогIуш тухура", - аьлла, дIахьедина цо кхелахошка. Берашна тIехь гIело ца латтийна ша аьлла цо: "Вовшех лета бераш, шайна тIехь чевнаш а еш, ткъа сан зудчо доьзал суна дуьхьал боху". Бехкевечунна тоьхна хан мел а лахъян гIоьртира адвокат Муссаву Шарлен, нохчийн "культура вайчуьнца йогIуш яц" аьлла, бехказваккха гIуртуш, амма кхелахошна таIзар кIаддаллал тоаме ца хийтира цуьнан дешнаш. Дашадоуьйту, карарчу шеран аьхка Нохчийчохь йийра Умаева Мадина. Цуьнан нанас чIагIонаш йора, шен йоI хIусамехь гIело ловш яра, майрчо йийна иза бохуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан юкъагIоьртинчул тIаьхьа, нана декхаре хилира шен дешнаш юхаэца а, йоьIан хилла марзхой къинтIера баха а. Ткъа цуьнан хиллачу невцана керла хIусам елира Кадыровн фондо.
Еаара, 17 де
Европехь вехачу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона динчу тIелатарх гIуллакх листина дели шведахойн кхелехь. Блогеро шен телеграм-каналехь ша бинчу хаамца, дIаяьхьначу кхелан-медицинан экспертизано тIечIагIдина, тIелетта Мамаев Руслан а, цуьнан декъахо Шапиаева Эльмира а кхетам чохь а хилла, шайгара даьллачух жоьпе озон йиш а ю аьлла. КарабогIучу Дечкен-баттахь кхелахоша бовзуьйтур бу шаьш бина сацам. Абдурахмановс бахарехь, прокуроро мел лахара а итт шо хан ехна киллерна, ткъа цуьнан декъашхочунна бархI шо. Делахь а, таIзар луьра ца хила тарло аьлла хета блогерна. Амма доккхачу декъанна ша реза ву дIаяьхьначу процессна аьлла, билгалдаьккхина Абдурахмановс."Iаламат говза, кIорггера теллира цара и гIуллакх", - аьлла блогеро. Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг.
Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.Яхначу аьхка Швецин полицино хаам бира Абдурахманов вен г1оьртинчаларахь Хасханов Имран а ву аьлла. Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.
ПIераска, 18 де
Оьрсийчоьнан президенто йоьдучу пресс-конференцехь шен лаккхара мах хадорна баркалла аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийн "Вайнах" телехьожийлан журналисто, хьуна хетарехь, стеннца доьзна ду Малхбузено Кадыровна а, цуьнан гонна а дуьхьал йоху санкцеш аьлла, хаттар динера. Кадыров шен республикан интересаш Iалашйина ца Iаш, йоллу пачхьалкхана гIаролехь лаьтташ ву, цундела Оьрсийчоьнан оппоненташа цунах шайн Iалашо йина аьлла, жоп деллера Путина."Ас даггара баркалла боху Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна сил лакхара мах хадорна ас дечу кIезигчу гIуллакхийн. Малхбузен пачхьалкхийн санкцех дерг аьлча, ас царна са ца гатдо. Оцу дозанаш тоьхначу тептарехь со ца хиллехь дара доьхнарг", - яздина Кадыровс "ВКонтактерчу" шен агIонехь. Оьрсийчоьнан бакъ болчу патриоташна бен тухуш яц санкцеш, цундела "Iаламат лакхара мах хадор" ду иза аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.
Шотт, 19 де
Дагестане "хIума хуу зуда" йолчу ваханчуьра вогIуш лаьцна шаьш аьлла, Нохчийчуьра ши стаг гайтина пачхьалкхан "Грозный" телеканало. Сюжет яьккхинчара дийцарехь, шегара дIаяхна зуда цуьнан гIоьнца юхаерзон лаам хилла цу шиннах цхьахволчун. "Кавказский узел" агенталлан тидам хилла телехьожийло гайтинчу сюжетан."Дагестанера Нохчийчу юхабогIуш совцийна хиллера кегий нах цаьргарчу инзаречу багажах бIаьрг а кхетта. Эчиган догIа а, дарбанаш лелийна хи а, кхин а шеконе гIирс а хилла цара бохьуш. Полисхоша къамел дича къаьстина луларчу республике хIума хуучу зудчунна тIе вахана и шиъ вогIийла. Кхуьнгара дIаяхна зуда юхаян дуьхьалъяьлча, ойла хиллера цуьнан бозбуанчаллашца иза цIа ерзон", - дуьйцу "Грозный" телехьожийло инстаграме яьккхинчу видео тIехь.
Исламан медицинан Центран говзанча волчу Эльжуркаев Адамна тIевалийна лаьцна шиъ къамел дан. Эххар а, дIахьедо цу шиммо, шайгара ледарло яьлла, бехк ма биллахьара аьлла.Чиллан-баттахь хааме даьккхира, Нохчийчуьрчу полисхоша бозбуанчаллаш лелон ши зуда лаьцна аьлла. "Грозный" канало шен эфирехь гайтира царех лаьцна сюжет а. ХIетахь а, зударшкара бехкаш дохуш, къамел дира исламан медицина Центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама."Грозный" телеканал корреспонденто дийцарехь, пал туьйсу нах лоьцу компани йолийчахьана схьа Iеламнаха "иттанашкахь Iорабаьхна аферисташ".
КIиранан де, 20 де
BBC-н сайтехь дIабаьхьначу кхаж тасарехь, "2020-чу шеран дуьненан спортан седа" аьлла, кхайкхийначу премехь халкъо билгалваьккхина Дагестанера UFC-н латархо, чемпион Нурмагомедов Хьабиб. СовгIат къовсуш бара дуьненчуьра дуккха а гоьбевлла спортхой: баскеболхо Джеймс Леброн а, гольф ловзу Джонсон Дастин а, латархо Тейлор Кэти а, футболхо Ренард Венди а, иштта кхин берш а. Яхначу хенахь "шеран дуьненан спортан седа" кхечира Мухьаммад Iелина а, Роналду Криштиануна а, Федерер Роджерна а, Тайсон Майкна а, Пелена а. BBC-но ша шеран тоьлла спортхо хилар билгалдаккхарца, Нурмагомедовс комментари йитина инстаграмерчу шен пена тIехь: "И совгIат Iаламат мехала ду суна. Ахь дийриг дош хетаро дахарехь а, спортехь кхин а хьунарш даха ницкъ ло хьуна".
Нурмагомедов Хьабиб UFC-н чемпион ву дегIан лахарчу йозаллехь. ХIинццалц схьа иза шолгIа вара тоьллачу латархойн могIарахь. Sherdog рейтинго хIинца дуьнентIехь тоьлла латархо а лоруш, хьалхарчу могIара ваьккхина иза. Абу-Даби шахьарарчу Латархойн гIайри тIехь дIаяьхьначу дуьненан UFC чемпионатехь, дегIан лахарчу йозаллин категорехь, дагестанхочо Нурмагомедов Хьабиба эшийра Американ Штаташкара Гейджи Джастин. Иштта кхочушбина спортхочо шен тренеран, масех бутт хьалха цIеххьана кхелхинчу Нурмагомедов Iабдул-Манапан лаам.
"Со Дагестанан лаьмнашкарчу жимачу юьртара могIара кIант ву. Соьга селхана сан вашас элира, Гугло хьо дуьнентIехь уггаре дукха хьехош волу стаг ву боху, аьлла – суна теша хала ду цунах. Ткъа сан Iалашо яра деккъа дIа сайн ден лаам кхочушбеш, чемпион вала, дагахь а дацара хIара иштта хир ду, сайн белшаш тIе оццул сий дужур ду аьлла. Шайн дай-наной белахь, хилалаш царна уллехь – кхин дан а дац. Сан цхьа нана йисина царех. Цунна уллехь виса лаьа суна, цунна алссам хан дIаяла", элира Нурмагомедовс, ша латархочун карьера юьтуш хилар дIа а хьедеш.