ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна карт-бланш, гIалгIайн гIуллакхаш, Дагестанехь жаIуй байъар. Къилбаседа Кавказерчу журналистийн - Путине хаттарш


Карарчу шеран 17-чохь, хIора шарахь а санна, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-конференци хилира. Коронавирусан пандеми бахьана долуш кхушарахь онлайн-форматехь хIоттийначу барамехь 774 журналистана бакъо елира дакъалаца. Бара церан могIарехь Къилбаседа Кавказера журналисташ а.

Бакъду, президентана товр доцу хаттарш ден долу журналисташ ца битинера конференци.

Масала, хIирийн "Алания" пачхьалкхан телеканалан белхахочо туризм кхиорах хаттар дира Путине, ткъа Нохчийчуьрчу "Вайнах" телехьожийлан журналисто хаьттира, Малхбузено халахетарш стенна до мехкан куьйгалхочун Кадыровна аьлла.

Кавказ.Реалиин редакцино хаьттира регионашкарчу шайн коллегашка, нагахь санна, церан пресс-конференцехь дакъалаца аьтто хиллехь, стенах лаьцна хир дара церан Путине хаттарш аьлла.

Магомедов Мохьмад, Дагестанан "Черновик" газета

– Ас хоттур дара Путине вежарий ГасангусейновгIар байъарх гIуллакхан жамIех дерг. ХIокху шерашкахь, "Черновик" кхоьлличхьана, оха гуттар а яздеш ду, цхьаболчу ницкъахоша хаттарш дан тIекхайкхинчу нахана тIехь къизаллаш лелорах лаьцна. Йина кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна а яздира. ТуьмIаьжгаш йоьхначу наха, камуфляжан барзакъца нах лечкъабора Дагестанан цхьана меттигехь, цул тIаьхьа, кхечухьа уьш кара а бой, тIемалой бара олий, цIе кхуллура. ГасангусейновгIеран ши ваша веро гойту, доза доцуш хилар цара лелочу харцонан: бехк боцу ши кIант вийра. Вацара и шиъ цхьана а чоьте хIоттийна а, дацара цаьргахь я герз а. Амма царна тIемалойн барзакъ тIе а доьхна, кара герз диллира. Йинчу экспертизано гайтира иштта, гIуллакхан материалашкахь яздина а ду. Царна уллохь патармаш дIасакхийсинера, уьш тIемалой бара аьлла, сурт хIоттош. Ткъа гIуллакх нахала даьлча, хиира, цара бохург бакъ ца хиллийла. Наха жоп дийхира. Амма жоп хIинца а даланза ду.

Гериев Жалавди, Нохчийчуьра журналист

– Оцу накъосте (Путин Владимире.- Редакцин билгалдаккхар) кхелехь дала дезаш ду хаттарш. Цигахь тамехьа хир дара суна дакъалаца, цуьнан режимехь бала хьегнарг санна а, журналист санна а. Ткъа хIара конференцеш цхьа декъаза хIума ду - паччахь нахана хьалхахIоттар санна.

Алиева Мадина (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар), Нохчийчуьра журналист

– Путинан йоккха пресс-конференци цхьа забарен пьеса хилла дIахIоттина дукха хан ю. ХIора шарахь цхьана кепара хIотточу сценарин цхьа шоу ю-кх. Президентан лергашна товр доцу хаттарш юкъардоху. Суна-м хаьа, цо кхачам боллуш, дуьззина жоьпаш лур доцийла. Делахь а, сан а дара цуьнга цунна "бIегIийла" хетар доцу хаттарш.

Стенна делла ахь Кадыровна (Нохчийчоьнан куьйгалхо) карт-бланш олу барам боцу бакъонаш? "Уггар маьршачу, ирсечу регионехь" паргIатчу заманчохь хIунда бовш бу нах? Хьуна хаьий оппозицин IАДАТ телеграм-каналан модераторх Тепсуркаев Салманах хилларг? Мичахь ву масех шо хьалха вайна нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха?

Евлоева Изабелла, "Фортанга" хьостан шеф-редактор, ГIалгIайчоь

– Владимир Владимирович, тахана ерриг пачхьалкхехь дукха гулбелла политикан тутмакхаш. Оцу кепара дукха бацара уьш Сталинан заманахь а. "Сети" гIуллакх, "212", "Ростовн гIуллакх", "Новое величие"- дуккха а бу уьш охьабагарбан. Шайн хьокъехь бен болчу сацамашка ладоьгIуш бу "ГIалгIайн гIуллакхан" жигархой а. Бух боцуш ду царна дуьхьал даьхна гIуллакхаш. Со тешна ю, хьо пачхьалкхан президент хиларе терра, царах лаьцна ца хууш хир вац хьо. ХIун аьлла хета хьуна, зулам даран гIуллакхаш дуьхьал дахаро а, юкъараллан жигархошна тIехь репрессеш яро а пачхьалкх йохо а там бу, халкъ дуьхьал дала а тарло аьлла, хетий хьуна?

Янюшкин Владислав, Краснодар махкара "Медиазона" гIирсан корреспондент

– Цхьана а кепара проблемаш Путина ерзор яц - хIара ша иштта система ю. Бакъду, ницкъахой совцалур-м бара цуьнга. Тахана Оьрсийчохь милла а тарло полицин декъе кхача, цундела ас хоттур дара Гулькевичейн а, Выселкан а чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъошкахь лелочу Iазапех. Цигахь цхьана кепара дийцарш хеза: къиза еттарх, ток еттийтарх, кхихкина хи тIедиттарх а. Амма талламчаша дуьхьало йо зулам даран гIуллакх доло. Москвара цхьа талламан тоба вовшахтоьхна, оцу полицин дакъошкахь дерг зоьйтур дацара-те президенто?

Бюрчиев Бадма, ГIалмакхойчуьра журналист

– Ас хоттур дара Элиста гIалин мэр Трапезников Дмитрий хIотторах лаьцна. Цунна дуьхьал езххачу хенахь протесташ латтийра. Кхелан процессашкахь гучуделира, иза шина пачхьалкхан махкахо хилар а. Хьалха "ДНР-н" куьйгалхо вара иза, Захарченко Александр вийначул тIаьхьа шаьш республика ю аьлла, дIакхайкхийначу мехкан урхаллехь лаьттира иза, цул тIаьхьа Элистахь гучувелира, тIаккха гIалин мэр хила хьалхатеттира. Тахана администрацин куьйгалхо ву иза. Кхузахь цхьанна а вевзаш вацара иза. Ма-дарра аьлча, ГIалмакхойчоь совгIатна дIаелла-кх цунна. Иза мэр хIоттийна аьлла, тхо хIинца а кхелехь къуьйсуш ду, карарчу хенахь кхел лакхарчу суьде яьлла оха цунна дуьхьал айдина гIуллакх къастош.

Фарниев Заур, Къилбаседа-ХIирийчуьра журналист

– Цкъа делахь, ас баркалла эр дара Путин Владимирна, хIунда аьлча, 2004-чу шарахь Бесланехь теракт йина 16 шо даьллачул тIаьхьа, оцу инцидентехь къиза чевнаш йинчу нахана лоьрийн дарба деш гIо дийр ду аьлла, цо дIакхайкхорна. Хаттар иштта хир дара: кхин а мел дахлур долуш ду полицин кара кхаьчначул тIаьхьа Цкаев Владимиран кхалхар таллар? 2015-чу шеран гурахь вийра иза. Ши шо сов зама ю цуьнан хьокъехь процесс дIахьуш йолу. ЛартIахь ду аьлла хетий хьуна, бакъонан пачхьалкхехь оццул деха гIуллакх таллар а, хIинца а бехкечийн цIераш яьхна цахилар а?

Докшокова Алена , ГIебарта-Балкхаройчуьра журналист

– Стенна ду, уггар а пачхьалкхан де эшна нах журналисташна тIеэхар, низамашкахь шайна догIург схьадаккхархьама: я субсиди, я дарба дар, я социалан хьелаш, я кхелан нийсонца сацамбар? Дукха нисло тхуна и тайпаниг: газеташкахь гIовгIа ца эккхийтича, шайна догIург дIа ца кхачадо нахана. Наркоманаш, тIехь ницкъбина, шаьш шайн доьзалш кхион зударий-наной уггар эгIаза, миска нах бу уьш, вайн хьолечу, ницкъечу пачхьалкхехь. Коронавирусан ун даьлла нах коридорашкахь лаьттахь Iохкуш бу - социалан машанашкахь дов ца эккхийтича, царна гIо а ца до. Стенгахь бу бахархошна догIург дIа а кхачош, шайн декхарш кхочушдан хьакъберш?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG