ТIаьххьарчу дийнахь-буса 31 пациент дIаваьлла Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь. Коронавирус лаьцна кхин а 1295 стага. Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо бен хаам.
Краснодар-мfхкахь велла уьнах 14 вахархо, Ставропол-махкахь - 7, Дагестанехь - 6, ГIалгIайчохь - кхоъ, Нохчийчохь - 1. Ерриг регионехь COVID-19 цамгарх велларг 4300 вахархо ву, боху Iедалан статистико.
24 сахьтехь а, юхьанца схьа а цомгуш хиллачех йолу Къилбаседа Кавказера статистика:
- Ставропол-мохк + 240 (32886)
- Краснодар-мохк + 187 (26036)
- Дагестан + 155 (22044)
- Нохчийчоь + 143 (7441)
- ГIалмакхойчоь + 102 (13843)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 102 (14903)
- Адыгей + 95 (10223)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 93 (14305)
- ГIалгIайчоь + 91 (11336)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 87 (11218)
164 235 стагах хьакхаелла, Iедало гойтучу терахьашца, коронавирус Къилбаседа Кавказехь. Оьрсийчохь и терахь ду 2 906 503.