ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Синтеме хьал ду". Терроризмца къуьйсучу Кадыровн кепашца хIун ца тов


Кадыров Рамзан

Карарчу беттан 15-чу дийнахь шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира, ТIехьа-Мартанан кIоштахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь гIаттамхойн могIаршкахь хилла Байдулаев Казбек вийна аьлла. Кхузахь тамашен хIун дара аьлча, ши бутт хьалха а вийна аьлла, изза Байдулаев дIакхайкхийна хилар. Байдулаевн сурт а цхьана шен постехь зорбане даьккхинера Кадыровс. Оцу тIехь бечу хаамца, 2012-чу шарера схьа дуьйна лехамашкахь хиллера иза.

"Регионера хьал кIорггера тхайн тергонехь латтош ду оха, тхуна хаьа маса стаг ву лехамашкахь, бух боллуш база ю оха кечйина гIаттамхойх а, церан агIончех а лаьтташ. Нохчийчохь хьал маьрша а, паргIате а ду", - дIакхайкхийра Кадыровс.

Меттигерчу Талламан комитетан хаамца, Байдулаевс граната ластийна хилла ша лаца гIоьртинчу полисхошна тIе. Дийцарехь, бехктакхаман гIуллакх а долийна , ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатарна.

Нах лечкъор а, Iазапаш а

Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштахь йолийначу лерринчу операцехь вийна Байдулаев Казбек аьлла, дIакхайкхийра ГIадужу-баттахь. Иштта цуьнца цхьаьна вийна шаьш бохура, 2013-чу шарахь а вийна аьлла, долийна Борчашвили Рустам а. Къайлахчу сервисийн версица, ший а тIемало вара, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъан могIаршкахь тIемаш беш хилла.

"Внимание розыск" телеграм-каналан хаамца, 2016-чу шарера схьа дуьйна Шемахь лелла ву Байдулаев, ткъа карара шо юккъе даьллачу заманчохь Оьрсийчу юхавеанера иза.

Бакъоларъяран "Мемориал" центран информацица, 2012-чу шарахь, Байдулаев гIаттамхойх дIа а кхетале дуьйна, цунна тIаьхьабевллера нохчийн полисхой.

Масийттазза лачкъийна вигинера иза, цунна тIехь Iазап латтийнера, цунна кхел а йинера.

Бакъоларъярхоша дийцарехь, дуьххьара лаьцча Байдулаевна тIехь къизаллаш а лелийна, бехк тIелацийтинера цуьнга 2008-чу шарахь герзашца болчу нахаца зуламаш лелийна ву ша аьлла. Оцу бехкаца иза набахте хьажийра ялх баттана. Ша маьршаваьккхина ах шо даьллачу хенахь, 2009-чу шеран Зазадоккху-баттахь, юха а лачкъийра Байдулаев. ТIехь ницкъбина, иза юха а декхаревира герз лаьттах доьллина меттиг "гайта". "Мемориална" хетарехь, иза гунахь волуш гIуллакх а ца хиллера иза а. Эххар а, ши шо хан туьйхира Байдулаевна. Хан текхна ваьллачул тIаьхьа, цIа веара иза. Амма, юха а полисхой шена тIаьхьабовла дагахь буйла хиинчул тIаьхьа, къайлавелира хилла тутмакх.

2014-чу шарахь, шайна тIемалой бара аьлла хеттачу нехан гергарчийн хIусамашца цхьаьна, дагийра Iедалхоша Байдулаевн ден-ненан цIа а.

Къийсаман кепаш

Байдулаевн кхолламо гойту, Нохчийчохь гIаттамхошца болийначу къийсаман кепаша - Iазапаш, нах лечкъор, хIусамаш ягор - оцу доллучо а мелхо а шоръеш хилар террорхойн база аьлла, тешна ву "Мемориал" центран "Горячие точки" программан куьйгалхо Орлов Олег.

Цо бахарехь, ГIалгIайчоьнан масало гойту, тIехь ницкъ а ца беш, къайлах лела тобанаш эшон гIортаро мел а эвсара ерзош хилар проблема.

2008-2009-чу а шерашкахь тIемалойн карах къаьсттина дукха полисхой бойъура ГIалгIайчохь, кхечу республикашца дуьстича.
Амма, меттигерчу Iедалхоша юкъараллица диалог а йолийча, тIемалошна адаптаци еш комисси а кхоьллича, салафиташ лехар а сацийча, ГIалгIайчоь уггар а маьрша, паргIат мохк хилира Къилбаседа Кавказехь, боху Орловс.

"Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочунна Черкасов Александрна хетарехь, ГIалгIайчоьнан экс-куьйгалохочо Евкуров Юнус-Бека чолхе, собар оьшуш бора гIаттамхошца.

"Оццу шерашкахь, ГIалгIайчохь маьрша дара, ткъа Нохчийчохь, стенгара юьйлу а ца хууш, тобанаш гучуюьйлура, ширачу къайлах леллачу тобанашца йоьзна а йоцуш, хетарехь, кхечу тобанашца къийсам латточу юкъанна, тIехь ницкъбаро яржийна. Масала, 2018-чу шарахь аьхка Шелахь тIелатар хилира. Оцунна юкъахь дакъалаьцначу цхьанна тIехь хьалхо Iазап лелийна ма хиллера. Хетарехь, оцу бахьанца ша тоьлар волуш йоцу дуьхьало йина хилла хир яра цо. Схьаоьцур вай изза Евкуров, 2009-чу шарахь хиллачу эккхийтарехь лазийра иза. Хетара, цул тIаьхьа цо шога къийсам латтор бу. ХIан-хIа, цо хьекъалца, йиллинчу къепехь политика йолийра, тIаьхьо политикан хьал шен карара далийтинехь а", - боху Черкасовс.

Оцу юкъанна Кадыровн политика, Черкасовна хетарехь, кечйина ю динан диссиденташца а, Iедалца ойла цхьаьна ца йогIучу нахаца а толеранталла янне а йоцучу буха тIехь. Оцо адам дуьхьалдоккху.

Цхьа тIемало масийттазза вийна аьлла, дIакхайкхош хьелаш хан хене мел йолу кест-кеста нислуш ду, боху анализан, конфликташ эшоран центран директора Сокирянская Екатеринас. Цуьнан дешнашца а догIуш, хила тарло и доьзна тоъал информаци цахиларца я полисхойн белхан логикица догIуш. Шайн белхан жамIаш дан дезаш хиларна уьш.

"Церан шайн дийцаре дуьллург ду. Наггахь белхан жамIаш оьшу. Къаьсттина кест-кеста нисло оцу тайпаниг тIемалойн лидершца, я йоккхачу хенахь лехамашкахь хиллачу нахаца, церан маттахь аьлча, "дIаваккха" веза аьлла, юьхьарлаьцначуьнца а", - дуьйцу Сокирянскаяс.

Цо дагадаийтира, "Кавказан Имарат" вовшахтохараллан лидер Умаров Докка 2000-чу шарера схьа дуьйна лерича, 6-7-зза вийна хилар. Ткъа билггал велира иза 2013-чу шеран чакхенехь, я 2014-гIа шо долалуш.

Комментареш

New Comments Available

Кадыровхоша лоьхуш ву, Москвахь акцехь омонхошца тийсавелла Джумаев Сайд-Мухьаммад. Шуна муха хета: хIун дан догIу жимчу стага?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG