ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакх хIаллакьхьулуш ву набахтехь


Полисхо а вийна, зуламхойн тобанехь а хилла аьлла, 2002-чу шарахь Ростов гIаларчу Къилбан гонан тIеман кхело бехкевира 18 шо долу нохчо Дахтаев Iалбек. Шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха 25 шо хан тоьхна цунна. Мурманскерчу ИК-17 колонехь латточу цунна тIехь ницкъбо, сийсазво иза. Дахтаевс бакъоларъярхошка дIахьедина, набахтен хьаькамаша ша низамаш дохадо бохуш, харцо лелайо шеца, ша готтачу камери чохь латторхьама, аьлла.

XS
SM
MD
LG