ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юшаев Султан: Суртдилларо синкхача ло суна


Суртдиллархо Юшаев Султан
Суртдиллархо Юшаев Султан

Иза вина нохчийн доьзалехь Дагестанерчу Хасавюьртахь, дешна Санкт-Петербугерчу Исбаьхьаллийн академехь (хилла Ленинград), дипломан болх санна сурт диллина Cоветан заманахь хьехо мегаш ца хилла нохчийн къам дохийна махкахдаьккхина Сибрех дахийтина хиларх лаьцна. Цуьнан бустамашна тIехь бинчу шина кузо дашо мидалш яьхна Лейпциг гIалахь хуьлуш хиллачу ярмаркан гайтамехь. Иза ву ша йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийначу Нохчийн Республикан гербан автор. Ткъа иштта иза ву Малхбузерчу пачхьалкхашкахь вевзаш волу суртдиллархо а, Бельгин суртдиллархойн юкъараллан декъашхо а. Цо дехкина сурташ ду Бельгин паччахьан хIусамненан доларчу коллекцехь. Юшаев Султана интервью елла Маршо Радионна.

- Дукха хан йоццуш видео гира суна интернетехь, ахь хаьайн дипломан болх гойтуш яьккхина йолу. Цигахь вистхуьлучу комиссин декъашхочо, воккхочу стага вуно довха дешнаш олу хьох а, хьан зеделлачух а лаьцна. Амма оцу хенахь дIоггара хазахетарца тIеоьцуш ма дацара къаьмнаш, ша аьлча нохчийн къам махкахдаккхарх лаьцна хьехор?

- 1989 шо ду иза, со Академехь доьшуш хилла тIаьххьара шо. И къамел дийриг ву СССР-ан халкъан суртдиллархо, суртдилларан академик Мыльников Андрей Андреевич. Иза вара гIараваьлла волу гайтаман исбаьхьаллин советан школан говзанча. Сан хьехархо а, куьйгалхо а вара иза. Оцу хенахь атта дацара оцу тайпанчу темех лаьцна суьрташ дахка. Тоъал хаамаш бацара. Къам махкахдаккхарх лаьцна сурт дилла ас сайн хиллачух ойланах лаьцна материал гулйира цуьргаш лахьош санна. Амма халаниг дара дуккха а хьехархой суна гIортор еш цахилар. Къаьсттина реза бацара ас и тема харжарна дукха хенахь дуьйна коммунизм тIамарх йоьлла хенара хьехархой, коммунисташ. Царах цхьаболчара емалвора со ас иза харжарна, хьехарш дора БАМ олучу 80-чу шерашкахь гIаръялла хиллачу Байкалан-Амуран магистраль олу аьчган некъ буьллучу метте а вахна материал гулъян езара ахь, бохуш. Цара Iиттарш йора суна, со истори охкуш ву, гобаьккхина дуккха а кхузаманахьлера теманаш йоллушехь, бохуш.

Амма сан куьйгалхо Мыльников прогрессиван олу хьалхатаӀаме стаг вара. Оцу хенахь хиллачаьрца дуьстича, маьрша ойланаш йолу стаг вара иза. Мыльников Андрей Андреевича гIортор йира суна, иштта тхайн къам махкахдаьккхарх лаьцна сурт дилла ойла яра сан аьллаас шега хьахийча.

- Ткъа оццул лазаме тема хIунда хаьржинера ахь? 1983-чу шарахь дара моьтту суна иза, со хилира оцу гIалахь. Хьо жима стаг вара, Къилбаседа Кавказехь юьртара веана волу. Ойла хьовзор йолуш дуккха а хIуманаш дара цигахь, ткъа хьо къоман бохам айина лелаш хилла.

- Оцу бохамах лаьцна сурт дилларх ойла сан йолу дуккха а хан яра. Тхан де лаам а бара иза.

Юшаев Султан, 1982-гIа шо
Юшаев Султан, 1982-гIа шо

Тхан доьзал Сибрехара цIа бирзина дукха хан яцара, тхан дас, иза а вара суьрташ дохкуш, кIоламца кехата тIехь эскизаш яхкара, шаьш лайнарг дагадогIий. Оцу хенахь дуьйна сан бераллин эсехь йисна яра и тема. Ткъа воккха хилча сацам бира ас цунна тIехь болх бан, тхайн дас дагалаьцнарг чекхдаккха.

- Суна хетарехь, вайн нахана хаьа вай хьехош дерг хIун сурт ду. Мел лаххара а интернетах пайда оьцучарна гина хир ду иза. Ткъа мичахь ду ша сурт?

- Оцу суьртан цIе ю "Даймохк битар". Иза вуно доккха ду – 2 метр лекха а, кхо метр шуьйра а. Иза ду Санкт-Петербургерчу Исбаьхьаллин Академин Iилман-талламан музейхь. Ша музей лаьтташ ю Васильевски гIайри тIехь.

Юшаев Султан, "Даймохк битар"
Юшаев Султан, "Даймохк битар"

Нагахь сан суьртийн гайтам хилахь, цара схьалахь иза Соьлж-ГIала дахьа дагахь ву со и сурт. ШолгIа вариант ю сан оццу белхан. И сурт сан накъосташкахь цIахь ду. Кхин цхьаъ, кхоалгIа вариант ю оцу суьртан. Иза баш нахана гина яцара. И сурт латтош дара Соьлж-ГIаларчу гайтаман исбаьхьаллин музейхь. Иза а, дукхах долу ас дехкина мелла а мехала суьрташ а дегира Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш.

Юшаев Султан, "Даймохк битар" кхин вариант
Юшаев Султан, "Даймохк битар" кхин вариант

Царах цхьа дакъа музейхь дара Соьлж-ГIалахь, кхидерш дара гIалин юккъехь йолчу сан белхан чоьнехь. ХIинца оцу меттехь лаьтташ ду Грозный-Сити комплексан лекха тIекIелдина цIенош.

- Дукха хан йоцууш ахь импрессионизм ала мегар долчу кепехь сурт дуьллуш яьккхина видео кийсаг гира суна. Ахь хьайна билгалъяккхина коьртачу декъана ахь болх бийриг муьлха кеп ю?

- Коьртачу декъана – иза реализм ю (бакъдерг ма-дарра гойтург). Суртдиллархочун-монументалистан диплом ду суна Академехь делларг. Наггахь сюрреализман стилехь а дохку ас суьрташ, цхьамма диллахIара аьлла дехар дича.

Юшаев Султанан сурт
Юшаев Султанан сурт

Делахь а сан ойланашца йогIуш стиль ца хета суна иза, амма адамашна наггахь чIогIа хаза хета оцу кепехь дехкина суьрташ. Наггахь абстрактан стилехь а дохку ас суьрташ. Амма суна гӀоли хетарг ламастан бакъдерг ма-дарра гойту суьрташ дахкаран кеп ю.

- Тахана цхьа а вац тIаьхьарчу 20-30 шеран нохчийн исторех, шена юкъахь кIиза тIемаш а, кхиболу вайн адамаша лайна бохамаш а гойтуш, суьрташ дохкуш. Мел лаххара а ца гина суна уьш. Бахьана хIун ду? Суртдиллархошна хан оьшу аьлла хетий хьуна хуьлучух лаьцна кхоччуш ойла ян? Хьалхе ду аьлла хета хьуна хIара нохчашна вуно хала еана хан суьрташкахь гайта?

- Дера, вайн массера а бохам ма бу иза. Дерриг а вайн дегнашна чухула даьлла. Амма тIекхуьучу суртдиллархоша исбаьхьаллан агIор толлур ю аьлла хета суна и хан. Сайн агIор ас, 1994-чу шарахь тIом болабелчхьана дагалаьцна дуккха а сюжеташ ю. Дагалаьцнарг чекхдаккха цхьацца билламаш оьшу. Чоьнаш оьшу, и болх бан безара аьлла, лаам болу нах оьшу, меттигаш оьшу и суьрташ гойтур долу, иштта дIа кхин а. Со эскизаш еш ву. Дуккха а дагалаьцна хIуманаш ду сан оцу хьокъехь. Дуьйцийла а йоцуш, и дерриг а хилларг сан дагчухула даьлла. Со цунна тIехь болх беш ву.

Юшаев Султан, "Дошло"
Юшаев Султан, "Дошло"

- Маьрша Нохчийчоьнехьа ойланаш йолчу нохчаша вуно ларам бечу беттан кIеллахь цхьалха борз тIехь йолчу Нохчийн Республикан гербан автор ву хьо. Муха нисделира хьан иза?

-1990-чу шарахь аьхка Ленинградера Нохчийчу веара со, Соьлж-ГIалахь ваха хаа дагахь. Дерригдуьненан нохчийн къоман гулам кечбечу наха, тIаьхьо цунах Конгресс (ОКЧН) а хилира, сацам бинера гурахь хир йолчу оцу форумехь герб а, байракх а хила еза аьлла. Суртдидиллархойн кхеташоне дехар динера цара и болх бахьара аьлла, къовсам а кхайкхош. Оцу къовсамехь дакъалецира дуккха а суртдиллархоша. ХIораммо а гайтира шайн варианташ. Сан вариантехь борз яра азаленан гонна юкъахь. Кхин цхьа вариант а кечйинера ас. Халкъан кхосаберганна (хIора са - дIадахнарг, тахане, кхане) юкъахь борз а йолуш. Халхарчу вариантана тIехIиттира нохчийн вевзаш волу историк Хожаев Далхан а, гIараваьлла поэт Бисултанов Апти а, кхиберш а. Гулам вовшахтохаран комитето хаьржира иза. Хьалхарчу вариантехь гулам дIабоьдуш лелийначу гербана тIехь дацара седарчий. Седарчий цу тIехь хилийтарх лаьцна ойла кхоллаелира тIаьхьо. Иза кховдийнарш бара нохчийн тайпанаш а, тукхумаш а толлуш болу Iилманчаш. Цара дехар динера соьга, йолуш йолу геральдира Iад а йитий, цунна тIе седарчий тохахьара аьлла. Оцу юкъанна Келтийн университето кхайкхина цхьана ханна болх бан Британе ваханера со.

Лондонехь Паччахьан портретийн суьртийн галерейхь гайта хIиттийна хуьлу Юшаевн Султанан суьрташ
Лондонехь Паччахьан портретийн суьртийн галерейхь гайта хIиттийна хуьлу Юшаевн Султанан суьрташ

1998-чу шарахь Нохчийчоьнан президент хаьржина Масхадов Аслан кхайкхинера Лондоне, ткъа цуьнан гIоьнчо дехар дира соьга президентан штандарт олу байракх кечйеш дара шаьш, цIа а волий, гербана тIехь долх бахьара а аьлла. Дуьйцург дара коьртачу декъана гербана тIехь йолчу берзан сурт нисдар. Иштта нисйелира-кх гербан кхоччуш йолуш вариант.

Йозуш йоцучу Нохчийн Республикан байракх а, герб а
Йозуш йоцучу Нохчийн Республикан байракх а, герб а

Со ларамаза ца веанера оцу гербана тIе. Академехь доьшуш ас дика Iамийнера геральдика, дуккха а болх бира ас библиотекехь. Геральдика – иза ша лаьтта исбаьхьаллин тайпа ду. Математикехь санна шен низамаш ду цуьнан. Дукха хенахь дуьйна геральдике а, бустамашка (орнамент) а безам бахана царна тIехь болх беш хазахеташ вара со.

- Юккъехула делахь а, бустамех лаьцна аьлча, оцу декъехь а бу хьан кхиамаш. Хьан бустамашна тIехь бинчу кузаша мидалш ехира Лейпцигерчу ярмаркехь. Иза муха нисделира?

- Иза хилира 1982-чу шарахь, СССР йолчу заманахь. Германин Демократин Республикехь Лейпциг гIалахь хуьлуш яра хIора шарахь гIараяьлла йолу ярмарка. Иза вовшахтоьхнера Варшавера Бартан декъашхой йолчу пачхьалкхаша. 1982 шарахь Нохч-ГIалгIайчохь даздеш дара нохчий а, гIалгIай а "шайн лаамехь Оьрсийчоьнах дIакхетта" 200 шо кхачар. Оцу даздарца доьзна, гарехь, Нохч-ГIалгIайчоьнна, бакъо еллера оцу ярмаркехь гайта шен хIуманаш. Цунна кечлуш леррина Дербенте (Дагестан) а вахна, леррина техникан эскизашна оьшу кехат деара ас. Оцу кхета тIехь ехкина клеткаш яра, кузан шеддийн барамехь.

Нохчийн бустамаш тIехь болу сурт, гайтаман сурт
Нохчийн бустамаш тIехь болу сурт, гайтаман сурт

Ас бустамаш даьхнарш истанган кузаш дацара, чо болу кузаш дара. Лейпциге баьхьнера ТIехьа-МартантIера говзанчаша-зударша бина ши куз. ДагадогIу суна, церан цхьа жима чарх яра лелош, метар шуьйра а, 2 метр лекха а йолуш. Со Лейпциге ца вахара. Амма, цига баьхьначу сан шина а кузана дашо мидалш елира.

- Хьайх баккъалла а сурдиллархо хиллий маца хиира хьуна?

- Оцу хенахь 15 шо дара сан, школехь доьшуш вара со. Метар сов хир долу гата а эцна, оцунна тIе сурт диллира ас, "Русланан коьртаца латар" цIе а йолуш. Иза хIинца а долуш ду. И сурт дийна дисна Соьлж-ГIала даьхьна цахиларна. Сайн сурта гайтира ас школехь. Массо а – хьехархой а, дешархой а – баккхийбеш хьежара цуьнга. Эццехь, хета суна, со кхийтира соьга суьрташ дахкалур дуй а, цаьрга нах хьоьжур буй а.

- Тахана а дог дарца леладой ахь басарш? Сурташ дохкуш тахана а хазахета хьуна я цаваьллачу денна воьду хьо хьайн белхан меттигана тIе?

- Бакъдерг эр ду ас. Хазахетарца тIевоьду со айса сурташ дахка сайна кечйинчу сане, суьрташ дохкуш лелочу чархана тIе. Сурт дилла аьтто боцуш юкъа хан йоьлча, дика ца хета суна сайн хьал. ЧIогIа лаьа суна сурт дила. Гайтаман исбаьхьалла, сурташ дахкар, рицкъ даккха оьшуш дац суна. Сан дахар ду иза. Суртдилларо синкхача ло суна.

Бельгин паччахьан хIусамненан Матилдин (суьрта тIехь аьтту агIорхьара) доларчу коллекцехь ду Юшаев Султанан (суьрта тIехь аьрро агIорхьара) сурташ
Бельгин паччахьан хIусамненан Матилдин (суьрта тIехь аьтту агIорхьара) доларчу коллекцехь ду Юшаев Султанан (суьрта тIехь аьрро агIорхьара) сурташ

Карарчу хенахь, масала, обарг Зелимхах лаьцна сурт дуьллуш ву со. Иза коммерцин болх бац. И сурт цхьанне а оьшуш дац (кхузахь), амма сан са ду оцу тайпа хIуманаш дар доьхург.

оьрта хIун сатийсам бу хьан, Султан? Стенга ладоьгIуш ву хьо?

-Дуьйцила а йоцуш, цIера бевлла лела берриг а нохчий санна, Даймахка юхаверза сатуьйсуш веха со. Сан лаам а бу цIахь, Соьлж-ГIалахь сайн студи юхаметтахIотто.

Материал на русском языке можно прочитать здесь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG