ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу шеран нохчийн шун хаздийр ду жижиг-галнаша а, чIепалгаша а


Цхьана дийнахь, цхьана теркйистхочо хьошалгIа кхайкхина хилла, боху, шена вевза шайн юьртара гIалагIазакхий. Чоьхьаваьлча хIусамнана ц1ахь ца карийна кху шинна, ткъа стоьла тIехь хилла шаршу юкъахьарчийна шийла сискал а, муьста бераман кад а.

Хьешанна оцу сискалан ах а, муста бераман кад а хьалха а теттина хIумакхалла охьахиъна х1ара шиъ. Хьешо, хаьттина хIусамдега хIокху кхачанан цIе хIун ю аьлла. ГIайракх тIулган го санна гуш йолу сискал "точило" ю, ткъа чекх са гуш болу муьста берам "мочило" ю аьлла, жоп делла забаре нохчочо.

Сискал а, тIо тоьхна берам а
Сискал а, тIо тоьхна берам а

Сискалан дакъа, муьста берамала а Iоьттина, иза кхаьллина чичкъашка вахна воллучу хьеше хаьттина, боху хIусамдас, муха хета хьуна тIаккха х1ара кхача аьлла.

-ХIара точило-м мегар йолуш яра, амма мочила бохий ахь, ой йо йой - иза нана йолуьйтур йолуш а ю-кх,- жоп делла, боху са ца даккхалуш воллучу гIалгIазакхийчо.

Амма сискал а, муьста берам а нохчашна тайна шира кхача бу, къатстина дика хета царна иза, нагахь сискал мохьтоьхна елахь. Ширчу занахь нохчаша бепига метта юхуш хилла сискал.

ХIинцца бина хIокхум а, йовхха сискал а, тIо тоьхна берам а, къалдаьтта а, шура тоьхна чай а - ламастан кхача бу, нохчаша Iуьйранна бууш болу.

Амма уггар коьрта кхача кхин бу вайн неха. Цунах лаьцна лахохьа дуьйцур ду вай.

Керла шо даздар мехала гIуллакх хеташ хилла нохчашна. Иза тIекхочуш хилла Ӏай малх цӀа кхачарца. Вуьшта аьлча, дуьненан къилбаседера эхигехь Iа доьлча, ткъа дуьненан къилбера эхигехь аьхке тIекхаьчча. Керлач шо даздарна кечмаш болош хилла нохчаша иза тIекхачале масех де хьалха. Токхо йоллуш кечдеш хилла даарш: доттуш хилла тайп-тайпана баьпкаш, хьокхамаш, деш хилла доьттина чIепалгаш, дуьйш хилла лахьа.

Хьокхамаш
Хьокхамаш

Керлачу шеран суьйре лоруш хилла уггар коьрта дакъа. Кхача ца кхоош кечдеш хилла Керлачу шеран шун. Iилманчаш дийцарехь, адамаш тешаш хилла тIедогIу шо токхо йолуш хилар цуьнах доьзна ду бохучух. Цундела Керлачу шеран кхача а хилла, аьттоне хьажжина, вуно токхе а, тайп-тайпана а. Комарша шун хиларо токхо ян езаш хилла тIедогIучу шарахь.

Керла шо даздеш маьIна долуш хилла Ӏадатан баьпкаш. Уггар коьртаниг хилла царах керла шо тIекхочуш деш долу, юккъера дIасаоьху зIаьнарш ехкина горга бепиг. Цул сов, еш хилла атарш а, кIалд а, хIоаш а, кхин долу кхачанан сурсаташ а юкъадоьхкина далланаш.

Бусалба дин чIагIдаларца и Iадаташ довла-довлууш дIадовлуш ду нохчийн дахарера. Делахь а, Керла шо даздар терго йоцуш ца дуьту вайн наха. Мел лаххара а шун кечдо царах дукхаха болчара керла шо тIедогIучу сарахь.

Хууш ма хиллара, нохчийн ламастан даарш кечдан дIоггара хала доцуш а, дан дукха хан ца оьшуш а ду. Нохчийн Iер-дахар дика девзачу наха дуьйцу, цуьнан бахьана нохчийн ша-тайпа дахаран кеп ю бохуш. ТIехула тIе саццаза тIемаш боьлхучу Нохчийчохь неха йиш ца хилла исбаьхьа даарш до, бохуш "кхачанан сурсаташ ловзош лела". Коьртачу декъана лаьмнашца бехачу нохчашна мехала хилла шайн куьйга кхиийначух пайда эцар а, кхачанан сурсаташ токхе хилар а.

Цу кепара нохчийн кхачанан сурсаташ хилла жижаг (бежанан а, уьстагIан а, котаман а), кIалд, шура, даьтта, Iахьар, дама, гIабакх, хьонка, нитташ. И сурсаташ доттуш, кхорзуш, кхехкош кечбеш хилла нохчаша шайн кхача. Кхача кечбеш лелош жижиг а, хьонка а, нитташ а белахь а, нохчийн кхача кIеда бу, чам беш тIейиттина тIехсов бурчаш а, бецаш а йоцуш. И бахьана долуш бу аьлла хета Iилманчашна нохчий куц долуш а, дика могашалла йолуш а.

Ткъа муьлха даарш ду нохчаша дезаш тIеэцнарш? Оцу хаттарна жоп луш уггар хьалха вайн наха хьахадо жижиг-галнаш. Цундела, ала мегар ду, нохчийн Керлачу шеран шун и кхача боцуш хуьлийла дац, амма хилахь иза кхачаме лорийла дац аьлла.

Жижиг-галнаш дан хала дац. И кхача кечбан ца хууш наггахь а хIусамнана хир яц ала мегар ду нохчашна юкъахь. Ткъа жижиг-гала дуьххьара дечун гIоьнна хIоттор ю вай хIара видео.

Тхан лулахочо галнаш хьахийча олура, уьш "мецалгаш" ю олий. Мел дукха уьш ша яъарх сиха мацло ша, бохуш хилара иза. Иштта хьал хьоьттича къаьсттина мехала хуьлу атта а, сиха а бон нохчашна дукхабеза кхача - чIепалгаш.

ЧIепалгаш
ЧIепалгаш

ЧIепалгаш дан оьшу:

Етта шура — 800 мл
Сода — 1 жима Iаьг
Дама
Туьха - 1 жима Iаьг
КIалд - 800 г
Хьелийн даьтта - 400 г

Жижиг-галнаш а санна, чIепалгаш дан а дац хала. Туьха а, сода а тоьхна сихха хьакхийна бод масийтта декъе а бекъна (8-10 дакъа), хIораннах горгалг а йина, хIора а жимма чIапйина, юккъе кIалд а йиллина юха а чIапйина ятта еза экъанан чохь.

Деттина девла чIепалгаш, довхачу хи чохь лийчош, шуьнна чу дахка деза, даьтта а хьокхуш. Дакъош а дина, кечдан деза даа.

"Вайдахар" сайто Маршо Радионна пайда эца бакъо еллачу хIокху видео т1ехь чIепалгаш муха до дуьйцу Эдисултанова Мадинас.

Чепалгашца цхьана хингалш а деш Iедал ду нохчийн. Уьш а до чIепалгаш санна, амма кIалдан метта юкъаюьллу, хьоьжу йогIур буц а, жимма шекар а тоьхна, жима Iаьг туьха а тесна кхаьрзичу хохаца кечйина мерза гIабакх.

Хингалш
Хингалш

Хингалш муха до а дуьйцу "Вайдахар" сайтан авторо Эдисултанова Мадинас.

Чай, Iежийн а, кхорийн а, кемсийн а муттанаш доцург, ширачу хенахь дуьйна нохчаша вуно лоруш хилла морза. Иза тахана а дакъа ду нохчийн шуьнан. Жимма муьста чам кхетталц латтийна а, шел дина а хилча гуттар а чоме хуьлу иза. Морза нохчашна чомехь хетарш хилар а, церан кхачанан иза дакъа хилар а гоутйш ду хIара нохчийн шира илли. (Текст грамматикица нисйина яц, олуш ма хиллара ялийна ю)

Килс тилла месал куй бIаьштиг тIе таIийна,

Чамагар бос болу и куьйса шен ши мекх

Цхьаъ хьали важа охьахьи ша куро хьовзийна,

Тхьум буьххьехь ва йолу тешаме и шаьлта шен юкъах йихкина,

Кердагийн ва кетар шен белшах ва тесна,

Идалар ва Моша бIаьрга ган сатесна,

Ша ваха велир бах дог-майра Чамзаркъа.

Делах дуй биир бах дог-майра Чамзаркъас,

Идалар ва Моша ша ца гуш цIавагIахь.

И динна худар яй шен кийра чубилла,

ТIе бога морза ва мелла, дуьненах къаьстина, лахьти чу дIавижа.

Ма лолда вай, кIенти, вовшех тешам ва байна!

Ма лолда вай, кIентий, вовшех безам ва байна!

Нанас дена ма волда тешам боцу ва кIанат!

И вичахь ма кхиа хIара дуьне ва даъа.

Валанза ца ваьлла дуьненчу и валахь,

Ваханза ца ваьлла и ваха ва волахь,

Цуьнан валар хуьлда-кха куьг хьокхуш шарйинчу,

Шерачу цIенкъи тIехь гайх кIохцул ва дахна.

Цуьнан валар хуьлда-кха зударшца бал къуьйсуш,

Хьерахь коьртах гали ва кхетта.

Ма хуьлда вай, кIентий, ирс дайна коьртеш,

Ирс дайна каш деца чохь боьха цIеннана.

Ма хIитта вай, кIентий, кадоцчу цу тIаме.

Ка доцу тIом беца барт боцу ва доьзал.

Суьйренан гIайгIа ю чохь вон цIеннана.

Iуьйренан бала бу шун йоьхна ши мача…

https://www.radiomarsho.com/a/31018477.html

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG