ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iадатан гIаролхой". Зудаберашкара ахчанаш муха доху Дагестанехь


Магомедова Ася

ГIуран-баттахь Дагестанерчу полицино ши эпизод Iораяьккхина мехкаршкара ахчанаш даьхна: ца лахь, шаьш церан маьттаза дахьна суьрташ даржор ду олуш хилла. Лецначара доллучунна а бехкедина зудабераш, уьш оьзда лелаш дац, аьлла.

ХIинжа-ГIалара бу хьалхара хилам. Гергебилан кIоштара ши вахархо ву – уьш наркотикаш лелорна бехкебина а хилла хьалха – полицино шеконе эцна. Цара 80 эзар сом охьадилла декхарейина, боху, 21 шо долу йоI.

Шаьш иза нахала цайоккхург доьхуш хилла ахча. Дагестанан полицин инстаграмехь гойтуш йолчу видео чохь цара боху, йоIера "гIалат даьлла, иза харц новкъахь яра, цхьаьнца юкъарло леладора, кхечуьнца лелаш яра". Кегийнаха дийцарехь, йоIа ша дехна конфликт бертахь ерзор, ткъа уьш лецна цуьнгара ахча дIаэца бахча.

"Оха ца дехнера цуьнга ахча. ЙоIа ша ядира, шена ахча дIадала лаьа, аьлла. Телефон а тоьхна, хаийтира адрес. ТIедуьйла бохура. Тхо тхайн гIуллакхаш деш дара гIалахь. Мукъадевлча дахара иза йолчу сарахь. Цхьана эха минотехь къамел дира цуьнца. Цо шен тIоьрмига чуьра сийна ларч хьалаяьккхира. Оха иза схьаийцира, оццу сахьта могIара бахархйон духарахь нах чухьаьлхира, тхо лийцира", – дуьйцу цхьамма.

Кегийнаха ахча доьхуш хилла йоIера иза нахала ца йоккхург

Талламо дийцарехь, йоI сийсазъен информаци цаяржориг цуьнгара 80 эзар сом дехна кегийнаха. Нагахь санна и ахча цо ца лахь, бохуш хилла, шаьш иза маьттазчу хьолехь гойту суьрташ даржадо интернетехула.

ШолгIа хилам Хасу-Юьртара бу. Полицин хаамца, Лахьан-баттахь 18 шо долчу меттигерчу вахархочо интернетехула даржийна шен хеннара йолчу йоIах лаьцна иза "сийсазъен харц хабар".

кIера хилла кIант ша интернетехь зудаберийн эвхьаза суьрташ даржош йолу паблик лелош хиларх

Полисхоша чIагIдарехь, кIанта дехха юкъарло лелийна интернетехула IоьIаца, лаам хилла иза ган. Нагахь санна реза ца хилахь, ша иза сийсазъен суьрташ даржор ду, бохуш, кхерамаш тийсина. Лаьцча, кIера хилла кIант ша интернетехь зудаберийн эвхьаза суьрташ даржош йолу паблик лелош хиларх. Бехктакхаман гIуллакх айдина цунна дуьхьал. Цхьана миллионе кхоччуш гIуда тоха тарло цунна эладитанаш даржорна.

Дагестанерчу блогера, бакъоларъярхочо Алиева Марема дуккхаза а латтийна нехан тидам машанашкахь шантаж лелочарна тIехь. 80 эзар сом охьадилла мехкарех цхьаъ декхареечу жимчу стагаца зIе а латтийна цо иза лацале хьалха.

"Ахча ца лахь, ша йоI нахала йоккху, олура цо. Кхечу цхьаьнгара 10 эзар сом доьхура. Ас къамел шеца дича, цо дIадехира массо а суьрташ интернетера, суна видео а гайтира ша уьш дIадохуш воллуш. И йоI ша кхин лейийр яц элира, амма кхидIа а ахчанаш деха волавелира кхечаьргара", – дуьйцу Алиевас.

ГIиллакх лоьруш, мехкарша ца хоуьйту шайн дай-наношна

Блогера дийцарехь, мехкарша гIиллакх лоруш, дай-наношна ца хоуьйту шайца лелош йолчу харцонах лоций. Цундела мехкарша, нахала цабовлархьама, ца хоуьйту оцу харцонах лаьцна я полицина а. Оцу хьоло куьйгаш досту эладитанчийн, шантаж лелайо, ахчанаш доху.

хIора денна а бо зудабераша хаамаш, шайгара ахча доьху, шайх лаьцна эладитанаш даржадо, олий

"Цхьа пайда боццу, хIуманна а бехкедоцуш хуьлу карадеана сурт а. Ткъа иштачо олу: "Ас хIинцца хоуьйтур ду нахана, вайшиъ юкъарло лелош ду, вайна юкъахь эвхьазло лелла. Иштта нисделлера цхьана I3 шо долчу йоьIаца. Иза халчу хIоьттинера ша-шена тIе куьг даххьал. Йоккхахйолчу йишина хиинера иза, цо соьга дийцира. ГIо дира ас, халахеташ делахь а, полице ца делира гIуллакх: дена-нанна хаийта ца лиира йижаршна. Оцу кIантаца къамел дира, хаийтира иштаниг цунна могуьйтур доцийла. Амма цунна ма-доггIу таIзар ца дина, иза кхидIа а лелар ву эладитанех пайдаоьцуш", – тешна ю Алиева.

Цуьнга хIора денна а бо зудабераша хаамаш, шайгара ахча доьху, шайх лаьцна эладитанаш даржадо, олий. "Полици жигара хьаьвза, шега хаийтича. Цкъа а ца нисделла, ас цаьрга гIодехча, уьш орцах ца бовлуш. Ткъа муха доьхур ду гIо мехкарша, нахала бовла уьш массо а хIуманал чIогIа кхоьруш хилча? Дукха хьолехь кхиазхошца лелайо и харцо, дена-нанна ца хоуьйтийла дац хилларг полицин".

Марем цундела ша йоьду, эладитанаш а даржош, оьздангалла Iалашйойту шаьш а бохуш, ахчанаш дохучу кегийнаханна тIе. Хасу-Юьртахь лаьцначу жимчу стагаца а динера цо къамел. Амма ца сецнера важа нийсонна тIехь.

"Цо ша бехк боцуш бехкево, бохура, амма дицдинера ша порнографи юхкуш лелла хилар. Соьга цхьана йоIа арздира, ша оцу кIентан интернетерчу агIоне хьаьжна, иза нахана мехах маьттаза суьрташ, видео юхкуш ву, аьлла. Ас скриншоташ гайтира сайна гIодеш волчу цхьана полисхочунна. Иза тIаьхьакхиира и кIант мехкарий сийсазбечу машанерчу цхьана тобан администратор хиларна. Жоьпе озийра. Ткъа берийн порнографи йохкарна ца озавалавелира таIзарна буха – ца кхиинера йохка, ткъа видео цо дIакхоьссинера", – боху Алиева Марема.

Шантаж, мехкаршкара эвхьаза суьрташ цадаржориг ахчанаш дахар – иза цхьана Къилбаседа Кавказан коьрталазам хилла ца Iа. И тайпа аьрзнаш хеза кхечу регионашкара а. Делахь а Къилбаседа Кавказехь нехан кхел кхераме ю эладитанех пайдаоьцучарна, аьтто болу цхьаболу зуламхой совцо. Цхьаболчарна тоьу шайн дега-нене арздича, цу тIехь йоьрзу конфликт. Ткъа оцу кепехь эладитанчаш совца ца ло кхечу меттигашкахь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG