ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах велла 37 дархо. Ун даьлла 1 273 стагана


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 37 дархо, вирус кхетта кхин а 1 273 стагана. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 уьнах 14 стаг, Ставрополан махкахь кхелхина бархI, Дагестанехь ялх, Къилбаседа ХIирийчохь виъ, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша дархо велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана COVID-19 вирусах велла 5 826 стаг. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу дийнахь ун даьлла нах Ставрополан махкахь – 246 стаг.

  • Ставрополан мохк + 246 (34 833 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран кIошт+ 192 (27 535)
  • Дагестан + 156 (23 303)
  • Нохчийчоь + 123 (8 551)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 102 (15 723)
  • ГIалмакхойчоь + 96 (14 688)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 90 (15 038)
  • ГIалгIайчоь + 92 (12 051)
  • Адыгей + 89 (10 945)
  • Къилбаседа-ХIирийчоь + 87 (11 924)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ковид кхетта ву 174 591 стаг. Оперативан штабан статистикаца Оьрсийчохь ву тахана, кхаарин дийнахь, ун даьлла 3 131 550 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG