ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Керлачу шарах Iехавалар, бераллехь хилла цуьнан хьожа кхин цкъа хааелла яц суна". Маршо Радион хаттарна делла жоьпаш


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Керла шо дазадар шайн дахарехь хиллачу муьлхачу хиламаца дузу аш? ХIун дагадогIу шуна и де хьахийча? Иштта дара оха керла шо тIекхочуш цхьамогIа вайн махкахошка делла хаттар.

Езедов Султан, пенсионер, юьртабахамехь льаттаца къахьегна Шелан кIоштара вахархо:

- Керла шо хьахийча я и хан тIекхочуш даима а суна дагадогIург ду жима волуш, дукха хьалхе бакъдуьнена дIавахначу тхайн деца хьуьнха дечке со эхар. Керла шо тIекхочуш, хIора шарахь аьлча санна, со а, тхан воккхаха волу ваша а оьций, хьунха дечиг даккха водара тхан да. ХIоразза а цигара база-диттан генаш дохьура оха Керла шо даздеш тхайн чоь кечъян.

Берийн смукъадаккха Керлачу шарна кечдаларан тхан де "декхар" оцу тIехь чекхдалар. Амма цунна вуно хазахетар, довхха чай а молуш, тчухула базан генаш вовшах туьйсуш, уьш кечдеш дохкучу тхоьга хоьжуш хиъна Iаш. Цул тIаьхьа дуккха а шераш дIаихна. Тхан да кхелхира болх беш, бохам хилла. Амма хIоразза а керла шо герга гIерташ хьунха ваха дог догIу сан, цхьана хенахь, тхайн ден довха куьг а лаьцна, со леллачу некъахула…

Дагман, 50 шо, Соьла-ГIалара совдегар:

- Керла шо тIекхочуш суна дагабогIург бу 26 шо хьалха сан дахар шина декъе декъна болу къиза тIом. ХIоразза а дагара ца долу суна 1994-чу шарахь ГIура-беттан 31-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь хIоьттина ирча сурт.

Соьлжа-ГIала, Дечкен-беттан 15-гIа, 1995 шо
Соьлжа-ГIала, Дечкен-беттан 15-гIа, 1995 шо

ТIом балале хьалха, дуккха а сан беза-боьвзачарна а, нийсархошна а санна, даггара самукъадалара сан Керла шо тIекхочуш. Жималлехь уггар суна дукха дезаш хилла де дара иза. Изза ойла йисира сан цу хьокъехь со йоккха хилча а. Тхан гергарчу йоIаршца гуллора тхо Керлачу шеран сарахь вовшен самукъадаккха. Цхьацца даарш а кечдой, чай а молуш, самукъане хан хьора оха. Дахар токхе ца хиллехь а, уьш сан дахаехь уггар хаза шераш дара.

Мадина, гочдархо, Вашингтон, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ:

- 10 шо хьалха дара иза. Сан 28 лет шо дара. Цхьа Iаламат тамашийна хIума хилла дахар дикачу агIор хийцалур ду, бохучух теша хан йолуш а яцара со, гуш ма хиллара. Делахь а Керлачу шеран буса телевизорна хьлха хиъна а Iийна, дIайижира со, даламукъалахь, ас сатуьйсу и Iаламат диканиг хир ду аьлла ойланца.

Оцу буса цхьа хаза гIан гира суна. Америкерчу Сан-Франциско гIалахь яра со дахарехь суна дукхаезачу сайн ненаца цхьана, цхьа хаза духар доьхна кечбеллачу нахана юкъахь. Америка суна гIенах гар доьзна хила а мегара, со оцу хенахь болх лоьхуш массанхьа а, шена юкъахь Цхьаьнатоьхна Штаташ а йолуш, кехаташ оьхуьйтуш хилла хиларна. Сан гIан вуно хаза дара, амма Iуьйранна самаяьлча дог доьхна гIаьттира со. Самукъадала хIумма а ца гора суна сайн дахарехь: ломаца Iуьллу жима набаре юрт, дагардица боцу нийсарой, боцу болх, доцу ахча, бӀаӀаьржа дахар…

Нохчийчоь, ломара кIотар
Нохчийчоь, ломара кIотар

Теша хала ду, амма кхин а цхьа бутт сов хан ялале болх кховдийра соьга Америкерчу цхьана компанино. Эххаре а оцу пачхьалкхе дIаяхара со. Хилира Сан-Францискохь а. Иза дац суна сайн даймохк ца беза я иза бицбелла бохург. Оцу хенахь дуьйна Керла шо тIекхочуш и сайн хилла ойла а, сайн хьал а дагадогIу суна. Дахар дикачу агIор хийцалур дац аьлла, куьйгаш охьадахийтина юхавала мегар дац хIокху дуьнентIехь бохучуьнца дуза ас сайца хилларг.

Малика, 42 шо, хилла хьехархо, Соьлжа-ГIалара яхархо:

- Уггар суна сайн дахарехь дицлур доцу Керла шо дара 1994-чу шарахь. Ши кIира а дара тхо тIеман хьелашкахь деха. ГIала бомбанаш еттара хIора денна, амма ГIуран-беттан 31-чу дийнахь хилларг дийцалур доцуш къемата де дара.

Яккхийн тоьпаш тоьхна ши кIант вийна хIокху йоккхачу стеган. Нохчийчоь, Дечкен-беттан 2-гIа, 1995-гIа шо
Яккхийн тоьпаш тоьхна ши кIант вийна хIокху йоккхачу стеган. Нохчийчоь, Дечкен-беттан 2-гIа, 1995-гIа шо

9-зза тIекIал динчу цIийнан 8-чу тIегIантерчу петарахь ехаo яра со. Оцу дийнахь Iуьйрре бомбанаш етта даьхкира кеманаш. Салтех чIогIа кхерара тхо. Цара хIун лелор ду, хIун дийр ду ца хаарна. Цхьаболчара вай дерш дойъур ду, бохуш дийцара, вукхара чIагIдора концлагере дIадуьгур ду, бохуш. КхоалгIанаш тхан сапаргIат даккха гIертара, тIом боьдучу меттехь маьрша нах Iалашбеш бу лерринчу дуьненаюкъарчу низамашца, бохуш. Оцу тIаьххьарчух, хетарехь, тешаш стаг вацара, амма сатесна бара берш а, шаьш дийна дисаре.

Делкъахенахь 12 долуш тхан цIенна генадоццуш туьйхира бомбанаш. Тхан неIаре веанчу жимачу стага элира тхоьга, подвалчу охьадисса деза аьлла. Оцу чуволу меттиг яра 1-чу тIегIантехь вехачу цхьана стага шен петара чохь цIенкъаюккъехь яьккхина.

Соьлж-ГIала, Дечкен-беттан 9-гIа, 1995-гIа шо
Соьлж-ГIала, Дечкен-беттан 9-гIа, 1995-гIа шо

Кегийранаш сиха лелара, амма баккхийчу нахаца дерг вуно хала дара. Соьца гIалахь ехаш яра сан хIусамден ненанана. Иза охьайоссо вуно хала дара. Къена хилар сов, могушалла дика яцара цуьнан. Лифт болх беш йоцу дуккха а хан яра. Цундела 8-чу тIегIантIера охьадиссале вуно хала миноташ такха дийзира тхан. ТIехула тIе 2 шо долу бер а дара сан карахь оцу хенахь.

Йоккха стаг боккхучу балийца подвал чубиллинчу ламица чуйоссийра оха. Цхьа Делан къинхетам болуш ларамаза тIехволуш цхьа ши жима стаг а нисвелла, оцу шимма гIо дира суна. Сахиллалц оцу чохь Iийра тхо, кхин наб яр доцуш. Сатосуш ницкъ бацара кхин оцу чохь дахка. Юха йоккха стаг оцу подвал чуьра хьалайоккхуш оха хьегначу баланах лаьцна-м дуьйцила а дац… Муха дицдийр ду иза?

Исханов Хьусейн, хилла суртдиллархо, политик:

- Дукха а керла шераш гина суна сайн дахарехь. Амма царах цхьаъ цкъа дицлур дац суна. Иза керлачу шеран буьйса яра, Оьрсийчоьнан инзаре доккхачу эскаро, президентан цIа дIалаца дагахь Соьлжа-ГIалина штурм йина йолу.

Соьлж-ГIалара беркеманца д1абуьгуш бу чевнаш хилла оьрсийн эскархой. Нохчийчоь, Чиллан-беттан 3-гIа ду, 1995-гIа шо
Соьлж-ГIалара беркеманца д1абуьгуш бу чевнаш хилла оьрсийн эскархой. Нохчийчоь, Чиллан-беттан 3-гIа ду, 1995-гIа шо

Инзаре буьрса тIом хилира оцу буса. Оцу дийнахь (ГIуран-беттан 31-гIа, 1994 шо) президентан цIенна чохь вара со. Нохчийн тIеман ницкъийн (Нохчийн Республика Ичкерин тIеман ницкъаш) коьртачу штабехь болх беш вара со. Со сайн белхан меттехь вара (Масхадов Аслана куьйгалла дон нохчийн тIеман ницкъийн штаб яра президентан цIийнан бухарчу тIегIанехь). Оцу дийнахь а, буса а вуно дукха цIий Iанийра – нохчийн а, оьрсийн а цIий.

Нохчийчоь, Дечкен-беттан 13-гIа де, 1995-гIа шо
Нохчийчоь, Дечкен-беттан 13-гIа де, 1995-гIа шо

Къаьсттина дукха салтий байира оьрсашна юкъахь. Бомабанаш а, ракеташ а, яккхийн тоьпаш а йиттина, ерг аьлча санна, йохийра гIала. Оьрсийчоьнан эскархой Керла шо даздан дагахь хиллера президентан цIенна чохь. Амма иза цаьрга ца дайтира, вуно буьрса дуьхьало йинчу нохчийн тIемалоша.

Керла шо даздар оцу буса ца нисделира, лелхарш а, герз деттар а, цIераш кхийсар а ГIуран-беттан 31-чу дийнахь а, буса а, Дечкен-беттан 1-чу буса а вуно дукха хиллехь а. Догдаьлла оцу даздарх.

Прехижентан цIа. Нохчийчоь, Дечкен-беттан 10-гIа, 1995-гIа шо
Прехижентан цIа. Нохчийчоь, Дечкен-беттан 10-гIа, 1995-гIа шо

Вайн наха дицдан ца деза Оьрсийчоьнан эскаро тIелатар дина вуно дукха адам дийна и де. Цо дагахь латто деза и де а, вайн къам дохийна Оьрсийчохь Эскархочуьнан де лору Чиллан-беттан 23-гIа де а, ткъа иштта, Дуьненаюкъара зударийн де лору, президент Масахадов Аслан вийна де а. И денош Оьрсийчохь дезденош делахь а, суна цхьа а бахьана ца го вайн наха и уьш даздан.

Малика, 44 шо, суртдиллархо-деклратор, ХIельсинки:

- Сайн бералла дагалоцуш ша-тайпа меттиг дIалоцуш ду сан эсехь Керла шо. Тхан боккхачу доьзале цхьа ша-тайпа тамашалла йохьура оцу дездено. Керла шо тIекхочуш суна а, сан шина йишина а керла кучамаш оьцуш Iедал дара тхан нанас. Цунна делахь а, Керла шо тIекхачахьара, бохуш сатуьйсуш хилара тхо. 14 шо хир дара оцу хенахь. Тхан нана цIераяьллера, белхан хьашташ кхочуш дарца доьзна. Ши кIира а дара иза цIахь йоцу. Тхан чIогIа сагатделлера. Схьагарехь, хьелуш яра иза.

Керла шо даздеш ду нохчийн бераш
Керла шо даздеш ду нохчийн бераш

Со кхийтира тхан нана Керлачу шеран буса цIахь хир йоций. Амма сан ши йиша чIогIа цуьнга сатуьйсуш яра оцу дийнахь. ТIаккха сайга далург дан деза цаьршина самукъадаккха аьлла, меттах яьлла ас торт а йира, нанас еш хиллачух тера салат а йира, совгIаташ а кечдира ас цаьршинна, сайгахь хиллачу кепекех кемпеташ а эцна.

Со кхача кечбеш а йолуш, сан шина йишина наб кхеттера. И шиъ меттах ца яккха, цаьршинна тIе хIума а тесна, метта елира со а. Цхьа хан яьлча, тхайн нена аз а хезна самаелира со. Керла шо тIекхачале, бохуш сан ши йиша самаяккха гIерташ тхайн нана а, тIех1оьттина велакхажарца лаьтташ тзайн да а гира суна, ткъа сан маьнгина уллехь лаьттачу гIанта тIе тесна яра, къегачу хIуманашца (къегаргашца) варкъ даьккхина хIорда басахь йолу дарийн коч.

Закаев Ахьмад, актёр, политик, Ичкерин махкал арахьарчу Iедалан премьер-министр:

- Хууш ма хиллара, Советан заманахь бинчу а, баьхначу а нохчийн дахаран дакъа дара СССР пачхьалкхан идеологино деза лоруш долу денош. Царах цхьаъ дара керла шо даздар а. Бакъдерг дийцича, уьш дерш школица доьзна дара вай, хIунда аьлча пачхьалкхан дезденош вайн доьзалшкахь даздеш цахиларна. Цундела дерриг а и дезденош – Керла шо а, 23-гIа февраль а (Советан армин де), 8-гIа март а (Дуьненаюкъара зударийн де) школехь а бен даздеш Iедал дацара. КIенташа совгIаташ лора йоIаршна 8-чу мартехь, ткъа 23-чу февралехь йоIарша кечдора кIенташна совгIаташ, масала, книгаш. Амма оцу дезденошна юкъахь ша лаьташ дара Керла шо.

Оцу дийнахь дерриг а хIаваъ а хеталора ша тайпа долуш санна. И дезде садоIуш хаалора, керла шо тIекхочуш хаало хIаваэхь. Иза дисира сан дагчохь воккха хилча а, 1994-чу шеран ГIуран-беттан 31-гIа де тIекхаччалц.

Хууш ма хиллара, 1990-гIа шераш дуьйлалуш ша йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийнера Нохчийчоьно. Дезденош а дара хийцалуш. Амма Керла шо даздар диснера вайн республикехь хьалха санна. ХIора шарахь Соьла-ГIалин юккъехь дIахIотта дора базан дитт. Иза бес-бесаран чиркхашца кечдина хилар. Адамаш гуллора цунна гонаха, дийнна доьзалшца. Бахархой богIура гIала шайн бераш а далош. Вуно чIогIа самукъане а хетара нахана оцу дийнахь. Дахарх баккхий беш хуьлура уьш.

1994-чу шарахь ГIуран-беттан 31-чу буса кхоччуш дIакъаьстира со Советийн дезденойх. Оьрсийчоьнан эскарш Соьлжа-ГIалина тIелетта штурм еш а долуш, Масхадовс хIоттийначу Iалашонца гIалара 1-чу дарбанан цIийне ваха аравелира со, сайца кхо-виъ накъост а эцна. Хаам кхаьчнера штабе цигахь Оьрсийчоьнан салташа закъалтана лена лоьраш а, дархой а, кхин болу маьрша бахархой а бу аьлла хезна, хилларг къасто. Президентан гIишлонна гена йоццуш яра и дарбан хIусам.

ГIалин урамашкахь хуьлург тIахьакхиа аьтто боцург дара: догIа санна тIеэгаш дара минометийн хIоънаш, шок етташ уллехула йийлара тилкхаза дендаргаш, яккхийчу тоьпийн хIоъанаш лелхара, къораволо санна ондачу гIовгIанца, кораш хиллачу меттигашкахула цIеран меттанаш кхийдош догура тIекъелдина цIенош. Урамашкахь Iохкуш дара кхелхинчу эскархойн а, маьршачу нехан а декъий, шаьш мича лелхар ду ца хууш, кхераделла жIаьлеш кIелхьардовла гIертара, адамашна герга гIерташ. Герз деттар гуттар марсадаларна цхьана цIийнан бухуларчу подвалана чунисвелира со.

Нохчийчоь, Дечкен-беттан 2-гIа, 1995-гIа шо
Нохчийчоь, Дечкен-беттан 2-гIа, 1995-гIа шо

Оцу чохь дIатарбелла бара луларчу цIеношкара бахархой, коьртачу декъана оьрсийн баккхийн нах а, берашца зударий а. ГIалана оцу кепара эскарш тIелетар ду моьттуш вацара цхьа а.

Подвалана чохь воккхо стаг тIевеара суна, гIо доьхуш. Суна иза вевзар вацара, нагахь иза ша соьга вист ца хиллехь. Иза вара Нохч-ГIалгIайчохь культуран министр лаьттина Сайханов Руслан. Дийцарехь, гериг кхетта чов хилла яра цуьнан хIусамнана. Сихха лоьрашкара гIо оьшуш дара цуьнан хьал. Иза оьрсийн къомах яра, тIом баьллехь а шен хIусамдеца сецнера иза ГIалахь, Оьрсийчохь ша тIелаца гергара нах боллушехь.

Сайханов Руслан дуккха а шерашкахь республикан партин обкомехь болх бина вара. Иза дика вевзаш стаг вара республикехь, оьзда стаг а вара иза, бакъдерг дийцича. Нохчийчохь Советан Iедал кхуллуш шен дахар дIаделла Iедалша турпалхо лоруш хиллачу 1930-чу шерашкахь республикан дешаран халкъан комиссар хиллачу Сайханов Iалавдин кIант вара иза (Сайханов Iалавди, кIело а йина, вийра Куршлойн кIоштахь 1933-чу шарахь).

Сайханов Руслан сайна дуьххьара гина хан дагаера суна. Театран институтехь дешна а ваьлла, Нохчийчу со цIавирзина хан яра иза. Оха, къона актераша дипломан болх санна спектакль хIоттийнера Думбарзе Надаран "КIайн байракхан" романа тIехь. Оцу пьесехь коьрта роль ловзош вара со. Исбаьхьаллин кхеташонан декъашхошна тхан спектакль тайнера, куьйгалхоша иза юкъатоьхнера театран репертурана (юьцург ю Нурадилов Хампашин цIарах йолу нохчийн драмин театр). Амма партин обкомана хетарг кхин хиллера. Цигахь сацам бинера "вайн баракхаш цIен бен хуьлийла дац" аьлла. И сацам тхуна бовзийта театре веанера Сайханов Руслан. Цу кепара тхан спектакль репертуарана юкъара дIаяьккхира. Цул тIаьхьа масийттазза гина а, суна дика вевзаш а вара иза.

Нохчийн хилла культуран министр вуно холчу хIоьттина вара оцу буса: йогучу гIалахь, тIекIелдинчу цIенна бухулахь иза а, кхиболу а гIалин бахархой, нохчий а, оьрсий а ца къестош, бойуш бара, оцу цIечу байракхашна кIеллахь ца баьхкинехь а, цо оццул тешаме гIуллакх динчу Оьрсийчоьнан байракхашна кIеллахь баьхкинчу ницкъаша.

Керла шо, Соьлжа-ГIала.
Керла шо, Соьлжа-ГIала.

Оцу буьйсанна вайх дIахаьдда-кх Советан пачхьалкхан хилла дезденош, оцу буьйсанна дуьйна Керлачу шарах Iехавалар, бераллехь хилла ас садийIина цуьнан хьожа кхин цкъа а хааелла яц суна.

Перевод статьи на русский язык можно прочитать здесь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG