ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бага хи лаьцна ца Iахь, дийна виса тарло". Нохчийчохь нах идорах


Нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-канало йовзийтина Нохчийчуьрчу ницкъхоша шина баттахь нах лечкъорах лаьцна ша хIоттийна статистика. ТIаьххьарчу шина баттахь вайна махкахь 132 вахархо.

Кавказ.Реалиига IАДАТ каналан администратораша бинчу хаамца, нах идораш дукха хьолехь кхочу сарахь я буса, нах доьзалшца цхаьна болчу хенахь.

"Лецначара кхечеран цIерш а йоху. ТIаккха мога бой лоьцу кхиберш а. Хеннахь орца аьлча, стаг кIелхьара вала а тарло. Оха йовзуьйту массеран цIерш, амма тхуна ца хууш, наха ца хоуьйтуш а ма нисло. Ткъа керла шо доьрзуш Iедалхошна "результат" оьшу, Кадыровна (мехкан куьйгалхо) хьалха белхан эвсаралла гайта, цундела лецарш шорло", – дуьйцу 1АДАТ-ан авторша.

Керлашо тIекхача кхо де дуьсуш канало хаийтира массех стаг вадийна хиларх лаьцна. Кадыровхой юьрта баьхкича, Эвтарара вигина 32 шо долу Джабаев Турпал а, цуьнан хенара волу Идрисов Мохьмад-Садахь а, Аласханов Супьян а. Меттигерчу полицехь кхобу уьш. Юьртахоша дийцарехь, юхьанца кхин а дукха бара дIабигинарш.

Дочаева Лариса. Хууш ду иза чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин махкарчу урхалле кхачийнийла, цул тIаьхьа йовш ю лар

1ADAT каналехь йолчу информацица, Соьлжа-ГIалахь лечкъийна Темурзиев Ахьмадхан, Дарсигова Лида, Темурзиева Зарета – кху деношкахь Путинан майданахь полисхошца иккхинчу конфликтехь байъинчу вежарийн ТемурзиевгIеран да, нана, йиша. Кадыровс тIемалой бу аьлла байъинарш.

Лечкъийначу нахах дукхахберш доьза бов. ЦIеран цIерш ца хуьлу я полицин документашкахь а, я байначу нехан могIаршкахь а. Иштта шен петарара йигина 52 шо долу Соьлжа-ГIалин яхархо Дочаева Лариса. Хууш ду иза Соьлжа-ГIаларчу министраллин урхалле кхачийна хилар, цул тIаьхьа йовш ю ларш.

Иштта байначу беттан 8-чохь цIера йигина Соьлжа-ГIалин яхархо, 52 шо долу Дочаева Лариса. Хууш ду иза чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин махкарчу урхалле кхачийнийла, цул тIаьхьа йовш ю лар.

Цкъацкъа ерриг а куп юьгуш а нисло, яздо телеграм-канало: "Сийсара Шелан кIоштан цхьацца ярташкара 80 гергга жимастаг вигина. Цкъачунна тхуна ца девза бахьана. Гкргарчаьрга, даима а санна, дIахоьцур бу олу лецнарш. Доьзалш кхоьру шайн нах бовдорах лаьцна дош ала а".

Дукха кхочу 1АДАТ-е и тайпа ирча хаамаш, масала, "Дуьйцу, Катаямехь (Соьлжа-ГIала) кадыровхой юха а хIусамех хьийсина бохуш. Дукха нахана цIийнах хьийсина. ХIун лоьхуш хилла хууш дац". Оцу кепехь хаамаш баржорца IАДАТО-о хоуьйту нахана, муьлхачу метте кхача кхераме ду бахархошна.

Вадор гIарадаьккхича атта ду – стаг дIахеца а мега

1АДАТ-ан администратораша чIагIдарехь, вадор нахала даьккхаро гIо до стаг схьалохуш. Иштта цIаваийтина Джамалдинов Асхьаб, Абдурахманов Тумсон видео хьажарна лаьцна хилла волу.)

Бутт гергга хьалха Беларусехь лаьцна, махка вигина волу Сайдумов Сидекъ (Дишни-Ведана), кхиберш дIахийцира – хилларг нахала даккхаро гIодира.

кадыровхоша Серноводскан кIоштан полицин буьйранчига полковнике Исраилов ИсмаьIале дIабелла ХамидовгIар

Видео хьажарна лацарал сов, лаца тарло дин "нийса цакхеторна" а. Дукха хан йоцуш лаьцначуьра дIавахийтина 22 шо долу Алханашвили Iаьрби, муфтиятна ца тайнера цуьнан кхетам.

Лечкъийначех цхьаберш байъина. Масала, IАДАТ-о бечу хаамца, дийна Хамидов Биназир а, цуьнан майра Мухьаммад а. Уьш бехаш хилла ши бутт хьалха лерина операци дIахьош вийначу Имамурзаев Майрбекан хIусамехь. Iазапна кIел кхаьбна зуда а, майра а. Биназир берах хилла, остаяьлла. Дарбан хIусамера де даьлча йигина иза полице.

Каналан администратораша дийцарехь, кадыровхоша Серноводскан кIоштан полицин буьйранчига полковнике Исраилов ИсмаьIале дIабелла ХамидовгIар (Исраиловн ваша, полисхо, вийна юьйцучу леринчу операцехь). IАДАТ-о бахарехь, чIир оьцу аьлла дийна зуда-майра. Амма официалехь цхьаьнхьа а дац уьш балар тIечIагIдина.

Имамурзаев вийча дIайигина цуьнан зуда а, йиша а яц цIакхаьчна. Кхо бутт бу ши зуда ницкъхошкахь йолу.

IАДАТ канало дечу тоьшаллица, шаьш дIабуьгучу нехан хIуманаш а лечкъайо ницкъхоша. Лахьан-беттан юьххьехь Соьлжа-ГIалин кIоштарчу Виноградное юьртара хаспахо Автаев Шемал а, цуьнан виъ белхахо а вадийра. ТIахьао кхин цхьаъ а вигира цуьнан накъостех. И нах буьгучу муьрехь церан хIусамашкара дайна деши а, ахча а.

Норкотикаш бухакхуьйсу, лаца а, бехкебан а бахьана доккхуш

Цхьаболучарна, IАДАТ-ан анонимаша дийцарехь, полицино наркотикаш буха тосу, лаца, бехктакхаман дов айдан бахьана доккхуш.ВорхI беран да Сайдулаев Сайхан вадийра, айдира цунна дуьхьал наркотикашца доьзна гIуллакх, ницкъ а беш декъаозавайтира кхин а ши стаг.

Бан тарло Iедалхоша шаьаш лецначех "террорхой" а. Цхьаболучех ахча доьхуш а нисло мукъабохург, Шина Суьйра Коьртехь вехачу Габуев Мохьмаде а, Идрисов Ахьмаде а, йолчу информацица, етташ алийтина шаьш "Лирика" молха лелийна наркотикийн метта, гергарчаьрга и шиъ дIахоьцург дехна 300 эзар сом хIораннах а.

машенашца буьгу лоьцу нах. Ноьмарш машенийн хила тарло ГIалгIайчоьнан а – амма уьш кехаташкахь йоцу ноьмарш ю

Оппозицин материалаш яржочу IАДАТ телеграм-каналан жигархой шаьш а нисло Нохчийчоьнан администрацин таIзаршна кIел. Урамехь, туьканахь, автобус соцучехь цIеххьана тIебахка тарло ницкъхой хьанна а – ницкъаша хьуйсу нехан телефонаш чу. IАДАТ-е стаг хьажар, цо Iедална ен критика ешар а лору доккха зулам.

Каналан дайша дийцарехь, Нохчийчохь Росгвардин эскархой лела Iаьржачу "Тойота-Камри" машенашца. Оцу машенашца буьгу лоьцу нах. Ноьмарш машенийн хила тарло ГIалгIайчоьнан а – амма уьш кехаташкахь йоцу ноьмарш ю, боху IАДАТ-о.

Зудабераш идош меттиг а йогIу Нохчийчохь. IАДАТО ГIуран-беттан 9-чохь бовзийтира оцу могIарара хилам.

Ницкъхоша нахе, шаьш герз туху дIаса цабовлахь аьлла, ядийна йоI

"Гуьмсерчу автостанцина уллехь кадыровхоша, юьхь тIехь маска яцарх бахьана а дина, йоI ядийна. Гонахара нах дуьхьаллаьттина, амма ницкъхоша шаьш герз деттар ду аьлла нахе, уьш дIаса цабовлахь. Ядийна йоI", - ядо телеграм-канало.

ГIуран-беттан 6-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь лаьцна 23 шо долу Юсупов Имам а, цуьнан ши белхан накъост Пинтаев Мохьмад-Эми а, Дашкуев Рамзан а. 3D-моделаш ярца бу церан болх. Уьш лецна латтабо шахьарин Заводской кIоштарчу полицехь.

Калинин-юьртахь (Соьлжа-ГIалара Ленинан кIошт) цIера вадийна ши ваша АхтаевгIар – Русламбек а, Саламбек а. Болчу хаамца, Старопромыслан полицехь кхобу уьш.

IАДАТ пабликан администраторша кхойкху нах шайн гергарнаш бовдийча тийна цаIаре, хилларг сихха нахала даккхаре – оцо мукъавала аьтто бан тарло вадийначунна.

Кавказ.Реалиин редакцино телефонаш йиттира Нохчийчуьрчу полицин урхаллашка, хаа гIерта IАДАТ-о лецначийн цIерш йовзуьйтуш хIоттийна тептар мел бакъ ду. Амма жоп дац делла цкъачунна.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Бютукаев Асланан тоба йохорца ша махкара массо а тIемалой хIаллакбина боху Нохчийчуьрчу Iедало. Иза мел бакъ хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG