ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь дина тIелатар даIиша шена тIелаьцна (+видео)


Соьлж-ГIалахь полисхошна дина тIелатар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх шех олучу тобано аьлла, хаамбина Reuters агенталло. ДаIишхошца йоьзначу хьастана Al-Naba газетана тIетевжина уьш шайн информацехь.

Дахначу оршотан дийнахь Соьлж-ГIалахь хилира юьйцу инцидент. Арсашца волу ши стаг полисхошкара герз даккха гIоьртинера. Оцу зуламехь вийра полицин цхьа белхало, шолгIачунна чевнаш йира. ТIелеттарш хIаллакбира.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарца, тIелетта шиъ хиллера ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а.

ТимурзиевгIеран ши воI билггал террорхой бара алий, тоьшаллаш гайта шайна аьлла, кхайкхамбира СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а ГIалгIайчохь бехачу вежаралин тайпанаша. Иштта цара хаамбира, байъинчийн гергара нах лаьцна хиларх а, уьш маьршабаха аьлла, тIе а дожош.

"Соьлж-ГIалахь байъинарш- тхан нах бу, нагахь санна, уьш билггал террорхой хиллехь, зорбане даха тоьшаллаш, цхьа видео хилла а тоьшалла хила ма деза, цкъа делахь. ШолгIа аьлча, шун бакъо яц церан дай-наной а, йиша а лаьцна латтон, оха тIедожадо уьш дIахецар а. КхозлагIа, схьало тхан байъинчийн декъий, уьш тхайн Iадатехь дIабохка", - бохура массеран а цIарах юкъаралхочо Султыгов Сараждина, цхьахйолчу гIалгIайн телеграм-каналехь бинчу видео кхайкхамехь.

ТимурзиевгIар бехкехиларх видео гайтина шайна ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхочо. Цу тIехь гуш ду, ши ваша карахь арсаш а долуш, Соьлж-ГIаларчу ППС-н белхахошна тIелеташ, делахь тIехь дуьту шаьш, шайн лецна нах маьршабахара аьлла, юха а дIахьедира ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран гергарчара.

"ТIе а кхайкха и нах, церан ши стаг бехкехиларх тоьшаллаш дIа а гайта, цул тIаьхьа чIир кхайкхае царна вайн вийначу накъостах", - аьлла, дIахьедира пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь Кадыровс, парламентан спикерна Даудов Мохьмадна и гIуллакх тIе а дуьллуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG