ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь штурм йоьдучу хенахь яьккхинчу видеон турпалхо схьакарийна Нохчийчохь (+видео)


Гоьяллачу видео тIехь 1994-чу шеран ГIуран-беттан 31-чохь Соьлж-ГIалахь йоьдучу штурмах бегашца комментареш йинарг схьакарийна Нохчийчохь журналисташна. Иза ву, оцу заманчохь 20 шо хилла Алиев Эдгар.

"Кхо сахьт дисна Керла шо тIекхача. ГIала яккха гIерта, цкъа схьайоккху гIала, юха ца йоккху, карайогIу, юхало- кхетар а вац. ХIара дерриг а ма кIордийна", - боху видео тIехь жимчу стага. Лелхийтарш "Керлачу шеран салюташ" ю боху цо.

"Чечня Сегодня" агенталле видеон турпалхочо дийцарехь, нохчийн телехьожийлан операторо Межидов Рамзана дIаязйина видео ю иза Люксембурган урамерчу (карарчу хенахь Орзамиевн) цIа чохь. ШолгIа тIом боьдучу 1999-чу шарахь вийна Межидов.

"Уггар а хьалха сайн ненан ойла йора ас, - дагалоьцу Алиевс. - Тхан цIийнан бухарчу ларми чохь яра иза, со цунна тIекхача везаш вара. 1994-чу шеран ГIуран-беттан 31-чохь делкъал тIаьхьа жигара тIемаш болийра Соьлж-ГIалахь. Жимма уьш дIателлалц Iара со, сайн нанна тIекхача. Ткъа Рамзан шен дейиша йолчу воьдуш вара.

1995-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь тхан уьйтIа кхечира, уьдуш со а, Рамзан а. ХIоьттина юькъа дохк а яра. ТIом а мел а лахбеллера. Танкан гIовгIа яра схьахезаш Люксембурган урам болалуччохь. Дохк латтарна ца хаьара цхьанна а, танкаца муьлхачу агIор тохарш долор ду".

Соьлж-ГIалахь вехаш ву Алиев Эдгар карарчу хенахь. Цуьнан йижарий а, ваша а дозанал а арахьа беха.

Межидовс яьккхина видеоматериал, иштта, Алиев юкъахь волуш гIалахь штурм йоьдучу дийнахь йина видео а цхьана дIаяккха гIортира эскархой. Шаьш тоьпаш тухур ю бохуш, кхерамаш а тийсира цара, дуьйцу Алиевс. Амма, эххар а юхаелира видеокамера.

Associated Press агенталло Нохчийчохь тIом боьдуш яьккхина 4 видео бахархошна хьажа дихкина Нальчикерчу гIалин кхело кху деношкахь. Журналистийн материалаш "къизалла яржош" ю боху сацамо, хаамбира "МБХ медиа" ресурсо.

Хьажа доьхкучу видеорепортажашлахь ю 1995-чу шарахь федералан эскархой йийсаре беш гойту материал а. Нохчийн тIемалоша лаьцна волчу ГРУ-н майора Морозов Игора шеца а, ша санна йисарехь болчаьрца а "цецваллал дика бу" шаьш лецнарш боху. Оцу видеоне Ютубехула хьажна ши миллион гергга стаг.

Оцу могIарара ю важа кхо видео а.

Кхелан сацамо бахарехь, оцу видеоша "нах низамна дуьхьал зуламаш даре кхойкху", уьш бахьанехь хила тарло "социалан, экономикан зенаш", цара талхайо "Конституцино низамечу пачхьакхехь адамашна луш йолу бакъонаш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG