ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнна кадыризаци яр: "Ахматан некъан" политика


Федералан центрана хIун хета-те бухучуьнга а ца хьожуш, республикан массо а тIегIантIехь коьртачу даржашка гергара а, юххера а буззинчу барамехь шена муьтIах болу а нах дIахIиттош ву Кадыров Рамзан. Махкахь дукхахенахь дуьйна иза цIетоьхна ду "Кадыров Ахматан некъан" политика аьлла.

Дукха хан йоццуш БIачи-Юьртахь республикан куьйгалхочун 15-тта шаре ваьллачу кIентан цIарах спортан комплекс схьаеллар цецвоккхуш хIума ду. Дуьйцург цуьнан маса шо ду бохург дац – 15 шо хилча а кхиазхочун дерриг дуьненехь цIе яха мега. Амма къоначу Ахмат Рамзановича дац дуьненна гайта, ша оццу Нохчийчохь хилла цхьа а чулацаме йоцу масех латаран турнирехь дакъалацар доцург.

2020-чу шарахь цхьана кхеташонехь Кадыров Рамзана сацам бира кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министралла а, физкультуран а, спортан а министралла а вовшахтоха. Цуьнан куьйгалхо хIоттийра цо шен 23 шо долу шен вешин кIант Хьамзат. Оцу кепара, 2021 шарахь дуьйна кегийрхошца йоьзначу политикан хаттарш кхочуш деш хир ю спортан министралла.

Куьйгалхойн даржашка Кадыровс шен доьзалхой а (йоIарий, вешийн а, йижарийн а бераш а, невцарий а, шичой а), гергара нах а (зудчуьн гергарнаш), тайпана нах а (беной), юьртахой а (ахмат-юьртахой) хIиттош хиларх боьлла республикера бахархой.

Буьйцурш Iедалан лаккхара даржашкахь болу нах хилла ца Iа. Кадыровс хIиттийна юккъерчу тIегIанера куьйгалхой бийцина а вера вац.

ХIинца сахьийзаш цхьа а вац

Шен цIе ма яккха аьлла дехар динчу, меттигерчу бакъонашларъяран вовшахтохараллан декъашхочо дийцарехь, Кадыровс шен доьзалхой хьаькамаш хIитторна "хIинца сахьийзаш цхьа а вац".

"И нах хьаькамаш хIиттор цхьа спекталь санна тIеоьцуш ду", - элира цо.

Кремлан цхьа а лаам бац Нохчийчохь даржаш декъарца йоьзначу политикина юкъагIерта

Кремлан ша-тайпа юкъаметтигаш ю Кадыровца, боху Къилбаседа Кавказехула эксперто Сулейманов Эмила: "Оьрсийчоьнан кхечу республикийн куьйгалхошна магийна доцург, магийна ду Кадыров Рамзанна. Дийца оьшуш а дац, иза Путина бакъо елла лелош хиларх лаьцна. Нохчашна юкъара хаттарш, шайна юкъахь даржаш декъар а долуш, дитина ду Кадыровна, шена хеттарг цуьнга дайта. Кремлан цхьа а лаам бац Нохчийчохь даржаш декъарца йоьзначу политикина юкъагIерта".

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан бакъо ю республикехь, цхьа ницкъаллин структурин блок дIаяьккхича, шена луъург муьлхха а дарже хIотто, билгалдоккху Экономикан лаккхарчу Школан Iилманан белхахочо, Къилбаседа Кавказ талларан тоба кхоллархочо Иванов Евгенийс.

"Кадыровна муьтIахь хилар – иза уггар коьрта принцип ю республикехь лаккхарчу даржашка нах хIиттош", - боху цо. – Цундела гергара нах а, доттагIий а хьалхарчу могIаршлахь бу. Оцу кепара нах дукха бац. Масийтта шо а ду республикехь мехалчу даржашка хIитто оьшуш болу нах тоьаш боцу. И бахьана долуш Кадыровн дезна Iедалхой леха шен боккхачу доьзалан къона декъашхошна юкъахь. Ма дарра аьлча, иза универсалан низам ду, цхьана Нохчийчохь хилла ца Iаш, лело там болуш ду иза миччанхьа а.

Гергара стаг дика куьйгалхо хуьлуш нисло. Амма иза наггахь а бен хуьлуш хIума дац

Цуьнца цхьаьна даима а "муьтIахь хилар vs (versus – дуьхаьл) эвсаралла" дилемма хIутта, боху Ивановс: "Гергара стаг дика куьйгалхо хуьлуш нисло. Амма иза наггахь а бен хуьлуш хIума дац. Лахара даржера дуьйна, дарж къуьйсуш стаг а воцуш, карьеран лами тIехула хьалаваьлла стаг ца кхочу, зеделларг а долуш, шена тIехь болх а беш, дарже кхаьчначу гIуллакх хуучу нахе. Цхьана декъана и проблема кхочуш яло дарже а хIоттийна, стаг Iама а веш. Цхьана декъана арахьара говзанчаш юкъабалабо. Амма хена йохалла кхин мелла а гIоле политика а, куьйгалла даран кеп а лело дезар ду респубдикехь".

Ша-шех воккхаверан апофеоз

Даржаш декхарца доьзна хаттарш кхочуш деш а долуш, жигара дIадоьдуш ду респуликехь КадыровгIеран доьзалхойн цIарах ярташна а, урамашна а цIераш тахкар. Би-би-си-н Оьрсийн сервисо бинчу талламца, Нохчийчохь 346 урам бу, КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIераш техкина. Уьш схьабевллачу ярташна улле мел а гIоьрта а алсам бу оцу ярташкахь церан цIарах урамаш.

Масала, КадыровгIера тайп схьадаьллачу Ножай-Юьртан кIоштахь йолчу 53 юьртах а, кIотарах а Кадыров фамили цIе йолуш урамаш долуш ю 48 юрт. Кадыров Рамзанан гергарчу баккхийчеран а, ткъа иштта цуьнан йижарийн а, вешин а, берийн а, вешийн а, йижарийн а берийн а цIераш ю оцу урамийн.

Масала, БIачи-Юьртах жима а, боккха а цу тайпа 9 урам бу. Царах 2 бу А.Р. Кадыровн цIарах: Кадыров Рамзанан ши кIант ву иштта инициалаш йолуш – 15 шо долу Ахмат а, 13 шо долу Адам а. Оцу эвлахь бу Кадыровн ненан а, ден а, йишин а, вешин а, йишин а шина кIентан а, шен Кадыровн а цIарах урамаш, билгалдоккху Би-би-си-н Оьрсийн сервисо.

Ерриг а аьлча санна Нохчийчуьрчу ярташкахь хилла Ленинан урамийн цIераш хийцина Кадыровн Рамзана, шен ден цIе а туьллуш. И процесс шорлуш дIайоьдуш ю. Герга ду Нохчийчуьра бахархой цхьана дийнахь самабовла мегаш хилар "Ахмат-Кала" коьрта гIала йолчу "Ахматия" республикехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG