ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фитнес-клубаш а, спортан школаш а схьайоьллуш ву Нурмагомедов


Спортхочун Нурмагомедов Хьабибан доларчу "Сильди" компанино дехар дина Роспатенте, Khabib Gym цхьа могIа фитнес-клубаш а, шен ден Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах латархойн школа а схьаелла а бакъо йоьхуш. Mash телеграм-канало бина цунах лаьцна хаам.

Иштта билгалдаьккхина церан текстехь, Нурмагомедов Британехь а, Гергарчу Малхбалехь а спортан школаш схьаелла лаам болуш хиларх. Цул совнах, UFC чемпионан менеджеро Iабдул-Iазиз Iелас дIахьедина, Нурмагомедов октагоне юхаван тарло аьлла. Нагахь санна, 39 шо долчу Сен-Пьер Жоржа шен карьера юхайолаяхь, 2021-чу шарахь лата дагахь ву Нурмагомедов аьлла цо.

Иштта тренеро билгалдаьккхина, ирландхочуьнца Макгрегор Конорца реваншах мел дукха ахча даларх а, Iехалур волуш вац Нурмагомедов.
"Финансашка диллича, хIара чолхе болх бу, делахь а, вайна хууш ду, ахчанца Хьабиб ша аьллачунна тIера ваккхалур воцийла", - аьлла тренеро.

Абу-Даби шахьарарчу Латархойн гIайри тIехь ГIадужу-баттахь дIаяьхьначу дуьненан UFC чемпионатехь, дегIан лахарчу йозаллин категорехь, дагестанхочо Нурмагомедов Хьабиба эшийра Американ Штаташкара Гейджи Джастин.

КхозлагIа йоккхуш яра Нурмагомедовс UFC-н чемпионан титул. Цкъа а эшна воцуш, 29-0 ю цуьнан рекорд. Гейджи кхозлагIа эшна, 22-зза тоьлла UFC-хь, хаам бо Спорт.Ру портало.

Нурмагомедов Хьабиб UFC-н чемпион ву дегIан лахарчу йозаллехь. ХIинццалц схьа иза шолгIа вара тоьллачу латархойн могIарахь. Sherdog рейтинго кху шарахь хIоттийначу дуьнентIехь тоьлла латархо а лоруш, хьалхарчу могIара ваьккхина иза. Иштта кхочушбина спортхочо шен тренеран, масех бутт хьалха цIеххьана кхелхинчу Нурмагомедов Iабдул-Манапан лаам.

"Со Дагестанан лаьмнашкарчу жимачу юьртара могIара кIант ву. Соьга селхана сан вашас элира, Гугло хьо дуьнентIехь уггаре дукха хьехош волу стаг ву боху, аьлла – суна теша хала ду цунах. Ткъа сан Iалашо яра деккъа дIа сайн ден лаам кхочушбеш, чемпион вала, дагахь а дацара хIара иштта хир ду, сайн белшаш тIе оццул сий дужур ду аьлла. Шайн дай-наной белахь, хилалаш царна уллехь – кхин дан а дац. Сан цхьа нана йисина царех. Цунна уллехь виса лаьа суна, цунна алссам хан дIаяла", элира Нурмагомедовс, ша латархочун карьера юьтуш хилар дIа а хьедеш.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG