ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиламийн кIира: юха а цIий Iаний, чIир кхайкхий, вакцинаци йолий


Оршот, 28-гIа де

Соьлж-ГIалин юккъехь герзаш диттина аьлла, хааме даьккхина оршотан дийнахь Mash Telegram-канало. Цуьнан информацица, Машаран ураме дIавоьрзучохь кхийса долийра герзаш. Дийцарехь, полисхошна дина тIелатар хиллера иза. Baza телеграм-канало яздо, полицин белхахошна тIелеттачеран карахь арсаш хиллера, бохуш. Цаьргара герз даккха гIоьртинера уьш, тIаккха полисхоша хIаллаквинера тIелетта шиъ. Вийна иштта ППС-н ши белхахо а. IАДАТ телеграм-каналан хьасташа бинчу хаамца, тIелеттачех шолгIаниг дийна ву. Цигахь яьккхинчу видео тIехь гайтарца, лазийна вара иза. ТIаьхьо хаамбира, дарбанан хIусамехь лазийна тIелеттарг а велла аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарца, ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а хиллера и шиъ.

Шинара, 29-гIа де

Шаьш бен болх бахьана долуш карарчу шарахь 50 журналист вийна. Царех дукхахберш (68 процент) байъина тIеман конфликташ йоцучу мехкашкахь. Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран "Доза доцу репортераш" ("Репортеры без границ)" организацино зорбане даьккхинчу рапортехь бина и хаам. ТIемаш лаьттачу меттигашкахь байъинера 2016-чу шарахь хаамийн гIирсийн 58 процент белхахой. Организацин документа тIехь дийцарехь, бойъучу журналистийн кхоалгIа дакъа нисло Шемахь а, Йеменехь а, ОвхIанистанехь а, Иракъехь а. Хаа а хууш, Iалашонца вийна 2020-чу шарахь 84 процент журналисташ. Стохка 63% бара уьш. Иштта билгалдоккху, цхьаболу репортераш къиза байъина хилар. Къаьсттина дукха журналисташ хIаллакбина Мексикехь (бархI стаг), ХIиндойчохь (виъ), Филиппинашкахь (кхоъ), Гондурасехь (кхо стаг). Шайн болх бахьана долуш хаамийн гIирсийн мел лахара а 387 белхахо набахтешкахь хенаш токхуш ву аьлла, информаци Iораяьккхира ГIуран-беттан 13-чохь "Доза доцу репортераш" цIе йолчу бакъоларъяран организацино. Оцу терахьан эханнал а сов журналисташ пхеа пачхьалкхийн набахтешкахь бу бохура цара: Китайхь, СаIуда Iарбийчохь, Мисарахь, Иракъехь, Йеменехь. 50 сов журналист тIепаза вайна, йа йийсарехь ву Шемахь а, Иракъехь а, Йеменехь а. Стохкалерачу зерашца дуьстича, кхин а 35 проценте лакхадаьлла 31 шарера 42 шаре кхаччалц болу, набахте хьийсийначу зударийн-журналистийн терахь. 1995-чу шарера схьа дуьйна, хIора шарахь "Доза доцучу репортераша" Iорайоккхуш ю, журналисташна тIехь ницкъбарх хоуьйтуш, шаьш кечъен рапорт.

Кхаара, 30-гIа де

Де хьалха Нохчийчохь вийна ТимурзиевгIеран ши воI билггал террорхой бара алий, тоьшаллаш гайта шайна аьлла, бистхилира СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а ГIалгIайчохь бехачу тайпанийн векалш. Иштта цара хаамбира, байъинчийн гергара нах лаьцна хиларх, уьш маьршабаха аьлла, тIе а дожош. "Соьлж-ГIалахь байъинарш- тхан нах бу, нагахь санна, уьш билггал террорхой хиллехь, зорбане даха тоьшаллаш, цхьа видео хилла а тоьшалла хила ма деза, цкъа делахь. ШолгIа аьлча, шун бакъо яц церан дай-наной а, йиша а лаьцна латтон, оха тIедожадо уьш дIахецар а. КхозлагIа, схьало тхан байъинчийн декъий, уьш тхайн Iадатехь дIабохка", - бохура массеран а цIарах юкъаралхочо Султыгов Сараждина, цхьахйолчу гIалгIайн телеграм-каналехь бинчу видео кхайкхамехь. Султыговс билгалдаьккхина, ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а цIийнах мел болчийн цIарах ша вистхуьлуш хилар. ГIалгIайчохь шуьйра дийцадаьккхина оцу хиламех. Соьлж-ГIалахь байъинарш тIемалой бара аьлла, дIакхайкхор шеконашка диллина цхьа могIа юкъаралхоша а, блогерша а. Цара тIедожийра, уьш гIаттамхой хиларх тоьшаллаш Iорадаха аьлла. Оцу юкъанна IADAT телеграм-канало хаам баржийра, кадыровхоша Соьлж-ГIалахь ехаш хилла ТимурзиевгIеран 20 шо долу йиша а, нана а лаьцна, йигина аьлла. Иштта, дуьйцура байъинчийн доттагIий а, цаьрца школехь цхьана классехь дешнарш а бигина бохуш.


Еара, 3I-гIа де

Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, цуьнан гергарчийн а цIарах махкахь 346 урам бу аьлла, шайн ларарш довзийтира оьрсийн BBC сервисо. Ресурсан зерашца, БIачи-юьртахь КадыровгIеран цIарах исс урам бу. Царех шинна цхьахволчу А.Р. Кадыров-н цIе тиллина. Ши кIант ву Кадыров Рамзанан оцу инициалашца – 15 шо долу Ахьмад а, 13 шо долу Адам а. Оцу эвлахь бу ишта Кадыровн ненан а, ден а, йишин а, шина вешин кIентан а, иштта, республикан куьйгалхочун бIанакъостан, парламентан спикеран Даудов Мохьмадан цIарах урамаш а. Нохчийчоьнан Къилберчу Нажин-Юьртан кIоштахь, мехкан куьйгалхочун тайп цигара схьадаьлла ду, 53 яртех 48 эвлахь ду "Кадыровн урамаш". Ткъа Къилбаседа-Малхбалерчу Шелковскан кIоштарчу 25 эвлашкахь КадыровгIеран цIарах биъ урам бен бац. Къаьсттина дукхачу урамашна техкина Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIе. ШолгIачу меттигехь гоьваьлла Кадыров Рамзан, цунна тIаьхьа цуьнан нана а, деда а ду. КIира хьалха дийца даьккхира, бюджетан чоьтах БIачи-Юьртахь шозза тIекIелйинчу спортан комплексна Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIентан цIе тиллина аьлла. Куьршала кIоштана чуйогIуш ю и эвла, цигахь ю КадыровгIар схьабевлла юрт а. Ши шо хьалха хийцира Хоси-Юьртан цIе Ахьмад-Юрт аьлла.

ПIераска, 1-ра де

Соьлж-ГIалахь полисхошна дина тIелатар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх шех олучу тобано аьлла, хаамбира Reuters агенталло. ДаIишхошца йоьзначу хьастана Al-Naba газетана тIетевжинера уьш шайн информацехь. Ткъа, Соьлж-ГIалахь динчу тIелатарехь вийначу полицин сержантан Джабраилов Мохьмадан гергарчара еарин дийнахь, БугIан-Юьртахь дIахьединера шайн вийначух шаьш чIир оьцур хиларх. Оцу кепара бистхилла уьш ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а цIийнах болчу нахе.

Шотт, 2-гIа де

Спортхочун Нурмагомедов Хьабибан доларчу "Сильди" компанино дехар дина Роспатенте, Khabib Gym цхьа могIа фитнес-клубаш а, шен ден Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах латархойн школа а схьаелла а бакъо йоьхуш. Mash телеграм-канало бина цунах лаьцна хаам. Иштта билгалдаьккхина церан текстехь, Нурмагомедов Британехь а, Гергарчу Малхбалехь а спортан школаш схьаелла лаам болуш хиларх. Цул совнах, UFC чемпионан менеджеро Iабдул-Iазиз Iелас дIахьедина, Нурмагомедов октагоне юхаван тарло аьлла. Нагахь санна, 39 шо долчу Сен-Пьер Жоржа шен карьера юхайолаяхь, 202I-чу шарахь лата дагахь ву Нурмагомедов аьлла цо. Иштта тренеро билгалдаьккхина, ирландхочуьнца Макгрегор Конорца реваншах мел дукха ахча даларх а, Iехалур волуш вац Нурмагомедов. "Финансашка диллича, хIара чолхе болх бу, делахь а, вайна хууш ду, ахчанца Хьабиб ша аьллачунна тIера ваккхалур воцийла", - аьлла тренеро. Абу-Даби шахьарарчу Латархойн гIайри тIехь ГIадужу-баттахь дIаяьхьначу дуьненан UFC чемпионатехь, дегIан лахарчу йозаллин категорехь, дагестанхочо Нурмагомедов Хьабиба эшийра Американ Штаташкара Гейджи Джастин. КхозлагIа йоккхуш яра Нурмагомедовс UFC-н чемпионан титул. Цкъа а эшна воцуш, 29-0 ю цуьнан рекорд. Гейджи кхозлагIа эшна, 22-зза тоьлла UFC-хь, хаам бо Спорт.Ру портало.

КIира, 3-гIа де

Керлачу коронавирусан инфекцина дуьхьал мехий деттийтиначарна Оьрсийчоьнан Iедалша электронан кепехь паспорташ дала долийна. "Бутт карабеачхьана болх бан йолаелла сервис пачхьалхко кхийдочу хьелийн портала тIехь", - аьлла, хаамбина могушалла Iалашъяран министро Мурашко Михаила.
Цо дийцарехь, коронавирусах прививкаш яйтина нах пачхьалкхан регистре бохур бу, цул тIаьхьа автоматан рожехь царна лур ду маха тоьхна хиларх электронан сертификат, яздо ТАСС агенталло. Оцу кепара барам байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь юкъабаьккхина аьлла цо.
Тахана иммунизацех билгало йина хилар цхьанхьа а оьшуш яц. Делахь а, ГIуран-бутт бовш Москван мэро Собянин Сергейс дIахьедира, студенташна а, 65 шарел тIехбевллачу къаношна а бакъо лур ю вакцинаци йиначул тIаьхьа хьалха санна, маьхза юкъарчу транспорта тIехь дIасалела аьлла.
Дуьненчуьрчу масех пачхьалкхехь дIакхайкхийна бахархоша вакцинаци ян езаш хиларх, амма цкъачунна Израилехь а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташкахь а, Британехь а, Германехь а, Китайхь а бен йолийна яц.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG