Embed
share
Хасаров ШаIрани. Нене
гIирс: Маршо Радио
Embed
share
The code has been copied to your clipboard.
The URL has been copied to your clipboard
No media source currently available
0:00
0:00:49
0:00
Линкана тIе
Нене
Iуьйре ю. Юха а гIевтти нах,
Лаьмнашца, аренца лепа малх.
Юха а со дагавеана,
Нана, хьан бIаьргаш тIундели, бах.
Юха а, кIант дагавеана,
Хьан кийрахь цIена дог дохдели,
БIаьргаш а эсала лийпи хьан,
Сатийсам бохбеш шайх цIе теси.
Сатийсам бохбарна цу цIаро,
Дей, буьйсий ца лоьруш, йиллина,
Ахь тийна, ахь суна сагатдо,
Хьайн йовхо сан новкъа хьаьрсина.
И дуьйцуш дара, бах, зезагаш
Сийна бай ловзучу тогIешкахь.
И дуьйцуш дара, бах, можа гIаш
Гуьйрене лестачу хьаннашкахь.
И цхьа кIант, Iуьйре а еана,
Дахаран дезаршна хьийзаш нах,
Шен ненан дагчу а веана,
Довхачу бIаьрхиш чу вижи, бах.
1974 ш.