ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но машенашна шарахь доьхкина 1 миллирд сом сов ахча


Оьрсийчоьнан кхерамзаллин урхалло 2020-чу шарахь машенаш эцна 1 миллиард 101 миллион соьманна, хаам бина "МБХ медиа" агенталло пачхьалкхан цIарх йохк-эцарш ечу порталан терахьашна тIе а тевжаш.

Оцу ахчанах ФСБ-н бахаман-техникан декъо эцна 868 машен. Оцо гойту цхьана машенах делла ахча юккъерчу барамехь I миллион 268 эзар сом нислуш хилар.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, 55 аукцион дIаяьхьина къевлинчу кепехь, цундела хаа таро яц муьлхачу марканех ю эцна техника. Хууш ду эцархой машенех бала кийча хиллийла уггаре бораха мах 630 эзар сом, уггаре беза мах 4 миллион сом. Эца кхайкхийна еза машен хьажош хилла Балашиха гIалахь йолчу Москван а, Москва-мехкан а ФСБ-н урхалле.

XS
SM
MD
LG