ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Патриарх Кирилл: Айя-София килсах маьждиг дар – «Делан таIзар»


Оьрсийчоьнан Патриарха Кириллна хетарехь, Констатнтинополан патриарханна Варфоломейна «Делера хилла таIзар» ду стохка Туркойчоьнан Iедало еза София килс-музей юха а маьждиге ерзор.

"Россия 24" телеканална ша еллачу интервьюхь Кирилла аьлла, Варфоломейс Украинерчу килсашна Оьрсийчоьнан Ортодоксан Керста Килсанех дIакъаста бакъо яларна бина цунна и бекхам. 2018-чу шарахь бина Патриарха буьйцу и хийцам. Цул тIаьхьа шен юкъарло хадийна Константинополан Килсаца Оьрсийчоьнан Ортодоксан Килсо, ткъа Варфоломей вац хIинца Кириллан куьйга кIел йолчу килсашкахь хьахош.

"Патриарха Варфоломейс зулма дина, барт бохийна Киеверчу София-килсера гIаттамхой къобалбарца, ткъа Константинополан Софиях маьждиг хилла – Делан таIзар ду иза шеко а йоцуш" – дIахьедина Кирилла.

Константинопольский патриархато –"бакъонаш йолучаралахь цхьабосса бакъо ерг " олу цунах – къобалдина Украинан Килс Москвах дIакъастар. ХIинца шина декъах лаьтта Киевера Килс – Оьрсийчоьнца йисинарг а, дахьаддарг а.

1500 шо гергга хьалха хIоттийна йолу Айя-София ехха заманашкахь лаьттина керста килс санна. 1453 шарахь, османаша Константинополь яьккхинчул тIаьхьа, маьждиг дина цунах. Музейн статус елла гIишлонна 20-чу бIешеран хьалхарчу декъехь – Туркойчоь таханлерчу хьесапе ерзийначу пачхьалкхан куьйгалхочо Ататюрк Кемал Мустафас.

Латта тIера хазанаш Iалашъечу ЮНЕСКО юкъаралло Дуьненан мехаллийн могIара яьккхира Айя-София 1985-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG