Керла шо
Хено дохьу
Керла шо,
Дуьнене и
Кхайкхадо,
Шен уьйригах
Доккхий тай,
Хиндолчух
ДIахуьтту вай.
Вайна марзло
Цуьнан чам,
Баккхалур бу
Олий лам.
Синтем хуьлий
Тухий ног,
Ловзадолу
Кийрахь дог .
Лета, йовхо
Кхочий тIе,
Сатийсамийн
ЧIийшех цIе.
Массо жимван
Ларадо
Ша тIедогIуш
Керла шо.