ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хизб ут-Тахриран" рогIерчу гIуллакхехула хенаш тоьхна кхаа гIирмин гIезалочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростоврчу Къилбан гонан тIеман суьдо ехха хенаш тоьхна луьрча хьелашкахь колонешкахь яха кхаа гIирмин гIезалочунна, "Хизб ут-Тахрир" тобанца доьзначу гIуллакхахула. Крым.Реалии сайто яздарехь, Омеров Энверана чохь даккха тоьхна 18 шо. Иза бехке вина терроран вовшахтохаллан юкъахь дакхалацарна. Цуьнан кIант Омеров Риз чувоьллина, луьрчу хьелашкахь 13 шо колонехь даккха хан а тоьхна. 17 шо колонехь даккха таIзар дина суьдо Джаппаров Айдерна. Кхуьъа бехке вина нуьцкъала Iедал дIалаца кечлуш хилла аьлла.

Талламо чIагIдарехь, кхеле озийначара гуламаш дIахьуш хилла, цигахь цара план хIоттийна хилла Белогорскехь "Хизб ут-Тахрир" боламан тоба кхолла а, оцу тобане керла декъашхой юкъаозо а.

Тоьшаллаш санна суьдехь талламхоша йовзийтира, бехке бийраш дакъалоцуш а болуш, хиллачу кхаа гуламан аудиош а, къайлаваьккхинчу тешо дина мукъарлонаш а, цIийнах хьовсуш карийна кехаташ а.

"Крымская солидарность" адамийн бакъонашларъярхойн тобано, зуламан гIуллакхан материалашна тIе а тевжаш, хаам бина бехке бинчаьргахь герз а, оьккхуьйту молха а, патарманаш а дацара, цхьа а теракт ян уьш кечлуш а бацара уьш аьлла.

Цара чIагIдарехь, цхьа а тоьшалла дац уьш Оьрсийчоьнан Федерацин конституцин кеп йоха дагахь хилла хиларан а. Суьдан материалашкахь хезаш ду и нах динца йоьзна а политикица йоьзна а дискуссеш дIахьуш хилла хилар.

Ростовхь кхелан хIусамна хьалха а, ткъа иштта кхелан сацам кхайкхор видеозIенехула гойтур болчу Симферополерчу Оьрсийчоьно Iуналла дечу ГIирмин тIеман гарнизонан суьдана хьалха а гулбеллера иттаннаш гIирмин гIезалой.

"Крымская солидарность" юкъараллин жигархоша дийцарехь, полисхоша гулбира цига баьхкинчу нахах лаьцна хаамаш. ТIаьхьо хиира видеотрансляци хирг цахилар.

ОмеровгIар Энвер а, Риза а, Джаппаров Айдер а лецира 2019-чу шарахь Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирмерчу кхаа кIоштарчу гIирмин гIезалойн хIусамашкахь талламаш бинчул тIаьхьа.

"Мемориал" бакъонашларйон центро уьш а, кхин болу а "Хизб ут-Тахрир" боламца доьзначу гIуллакхахула лецна гIирмин гIезалой а лерина политикан тумакхаш.

Оьрсийчоьно 2014-чу шарахь ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа 100 сов гIирмин гIезало лаьцна, "Хизб ут-Тахрир" олучу динан боламна юкъахь дакъалацарна зуламан гIуллакхаш а долош.

Хизб ут-Тахрир" болам бихкина бу Оьрсийчохь 2003-чу шарахь дуьйна. Украинин территори тIехь а, дукхаха йолчу Европерчу пачхьалкхашкахь а оцу боламан болх низамашца богIуш лоруш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG