ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIера дIасавалар а дихкина, лаьцна вуьтуш ву Дижонехь хиллачу тийсадаларшна бехкевина нохчо


Франци, Дижон
Франци, Дижон

Дижонехь хиллачу къепедацаршна тIехула шеконашца лаьцна хилла Нохчийчуьра мухIажир Тимиргириев Руслан Францин кхело, дIасавалар а дихкина, цIахь витина.

Мангал-баттахь хиллачу къепедацаршна бехкевинчу Тимиргириевс кху деношкахь талламчийн палате дехар динера, ша маьршаваккхахьара аьлла. Цунна тIетайначу суьдхошацуьнан дехарна жоп делла.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, стохка Францерчу Дижон гIалахь Алжирера а, Мароккора а схьабевлла кегийрхой девне бевллера Мангал-беттан 10-чохь.

Дерриг а доладеллера 16 шо долчу нохчочунна йиттинчул тIаьхьа. ГIалахь наркотикаш юхкучу наха дина и зулам, аьлла, гIалин юккъехь лаьттачу кальян-баран дайх леттера нохчий. Цул тIаьхьа дIасабахнера. Амма эццахь гIалахула талораш дан буьйлабеллера нохчашна дуьхьаллаьттарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG