ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1,9 трлн доллар мах болу "Америка кIелхьаръяккхаран план" кечйина Байдена


Байден Джо
Байден Джо

Цхьаьнатоьхначу Штатийн хаьржина волчу президенто Байден Джо-с еарин сарахь 1,9 триллион доллар мах болу план йовзийтина, коронавирусан падемино зен динчу Американ экономикана гIо дан. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо (Радио Свобода).

"Америка кIелхьаръяккхаран план" цIе тиллинчу Байденан стратегина юкъахь ду бахархошна кара ахча далар а, жимачу бизнесна гIо дар а, вакцинаци ярна ахча хьажор а.

Байдена дийцарехь, "юкъайиллинарг къоман могашалла" ю, ткъа деш дерг дан деза "хIинцца". План кхочуш йича хир болу пайда дуккха а алсам хир бу цунна дайинчу рицкъал а". "И инвестицеш юхайогIур ю керлачу белхан меттигашца…, ткъа цо сацор ду еххачу хенахь экономикана хин долу зен", - аьлла Байдена.

Керлачу планаца а догIуш, цхьа триллион гергга доллар дойур ду миллионашна америкахошна цхьанахеннахь кара эхча дала, дIадаханчу шарахь ГIуран-баттахь оцу хьокъехь сацам бина ма хиллара.

415 миллиард хьажор ду пандемица къийсам латто а, вакцинаци ян а. Кхин а 440 миллиард дIадохьуьйтур ду жимачу бизнесна гIортор ян.

Байденан планехь ду Гезгмашин-бутт тIекхачале маратори яр мехах хIусамаш лаьцна нах царна чьура арабахарна а, ипотекан кридиташ оьцуш закъалтана биллина бахам банкаша дIабаккхарна. Документо билгалдаьккхина уггар лахарчу алапан барам 2-зза алсамбаккхар федералан тIегIантIехь – сахьтехь 7,25 долларна тIера 15 долларе кхаччалц.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессехь болчу демократийн лидерша хIинцале а къобалйина хаьржинчу президентан программа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG