ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литвиненко Марина: Дуьненаюкъара машаран совгIат догIу Навальныйна а, Пономарёвна а


Литвиненко Марина
Литвиненко Марина

ФСБ-н белхахо хиллачу, Лондонехь дIовш делла вийначу Литвиненко Александран цIийннана Литвиненко Мирина тешна ю Оьрсийчуьрчу оппозиционерна Навальный Алексейна а, бакъоларъярхочунна Пономарёв Левна а Нобелан машаран преми йогIуш хиларх. Царна иза ялар доьху цо.

Норвегерчу Нобелан комитете хьажийна петици ю change.org сайта тIехь. Литвиненкос Навальный а, Пономарёв а лору "доьналла долу, Оьрсийчуьрчу бахархойн бакъонаш ларъен а, цигара низамаш тергалден а ши стаг", ткъа пачхьалкхера Iедал тардо Советан Iедалехь Iийначу коммунистех. "Таханлера Оьрсийчуьра режим цхьана а кепехь тоьлуш яц репрессеш яржорца а, демократица мостагIаллехь хиларца а, коррупцин хьу шеца йоллуш хиларца а", – билгалдоккху петицино.

Навальныйс шен Коррупцица къийсамлатторан фондехула тIаьххьарчу I0 шера чохь Iорабаьхна "низамехь а доцуш баха хуьйшу лаккхарчу Iедалан гIентахой", оцо вина цунах "могIачу миллионаш нахалахь вевзаш а, режимна бIаьргаван везаш а воцу стаг", - боху Литвиненкос. Цунна гарехь, Iедалан Навальныйга болу цабезам кхаьчна лаккхарчу тIегIане - "къайлахчу полицин" куьйгашца иза вен гIоьртина.

Пономарёв Левах лаьцна боху Литвиненкос, "шайгара бакъонаш дIаяьхна, нийсо лоьху бахархой тIеоьху "За права человека" ("Адамийн бакъонашкахьа") болам кхоьллина, шорбина цо". Пономарёв "арахьарчу агентийн" могIара язваро гойту цо бен болх эвсаре а. оьшуш а хилар", - яздина петицехь Литвиненко Маринас.

Литвиненко Александр Кремлан критик вара. Лондонехь 2006-чу шарахь велла шена деллачу радиожигара полоний дIаьвшах. Британин Iедало чIагIдарехь, иза валарна бехке ву ФСБ-н офицер лаьттина, тахана Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат волу Луговой Андрей а, цуьнца хилла совдегар Ковтун Дмитрий а. Шаьш зуламан декъахь хилар бакъ ца до цара. Москвано а боху официалехь, ша яц Литвиненко кхалхарна бехке.

XS
SM
MD
LG