ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиранан хиламаш: муфтийх "харцлуьйриг" ви, ТимурзиевгIеран дас гечдар дийхи, Джохарах жайнина совгIат ди


Оршотан де, Дечкен-беттан 11-гIа

КIира долалушшехь хаам кхечира, Швецехь оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона вен Iалашонца тIелатар динчу Оьрсийчуьрчу бахархойн хьокъехь шаьш бина сацам бовзийтина Швецин суьдхоша аьлла. Кхеле хIоттийначу Мамаев Русланна набахтехь даккха итт шо хан кхайкхийра, ткъа цуьнан декъахочунна Шапиаева Эльмирина бархI шо. Шведахойн прокуроро Линдквист Пера бахарехь, Нохчийчоьнан хиллачу президентна Кадыров Ахьмадна йина критика бахьана долуш дина хилла блогерна тIелатар. "Талламчийн лараш Соьлж-ГIала йоьлху", - дIахьедина Линдквиста, Евле гIалахь кхелан ладегIарш доьлхучу хенахь, яздо Шведехь арадолучу Aftonbladet газетано. Лурчаха Зазадокху-баттахь Абдурахмановс йинчу критикана тIехула блогерна чIир кхайкхийра нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кхелан процессехь къастийна, кIело хьалхе дуьйна кечйина хилар. Дийцарш дIахьош цхьанакхетарш хуьлуш хилла церан Москвахь а, Соьлж-ГIалахь а. Блогер вуьйриг Мамаевна 60 эзар евро ахча лур ду аьлла, чIагIо йина хилла. Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, Мамаевна а, Шапиаевана а тIедожийна хиларх Абдурахмановна дала 140 эзар шведийн кронашкахь компенсаци а цхьана. Набахтехь тоьхна хан яьккхинчул тIаьхьа даймахка депортаци йийр йолуш ю шинне а, юхабахка бакъо а ца юьтуш. Стохка Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.

Шинарин де, Дечкен-беттан 12-гIа

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а, Британера имам, шейх Димашкъыйа Iабдурахьман а
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а, Британера имам, шейх Димашкъыйа Iабдурахьман а

Меттигерчу зударшка никIабаш охьаяхийтинчу Нохчийчоьнан муфтийгара Межиев Салахьера бехк боккхуш видео дIаязйина Британерчу имамо, шейхо Димашкъыйа Iабдурахьмана. "Путинан муфтийс, Асад Башаран муфтийс, Кадыров Рамзанан муфтийс сийдоцург далийтина шегара, никIаб тиллина бусулба мехкарий полицино шена тIебалийча. Цо тIедожийра царна никIаб охьаяккхар, вахабистийн а, Iарбойн а ламаст ду иза лелор аьлла. Шегара бехкаш даьхча, шен дешнаш юхаийцира цо: шена дуьхьалбевлларш шех нийса ца кхетта аьлла. Ша аьлларг "нийса ца гочдина" боху цо. Оццул еха маж ю муфтийс лелош, оццул харцдерг а дуьйцу", - боху Британерчу имамо. Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а, Соьлжа-ГIалин полицин урхаллин куьйгалхочо Ирисханов Аслана а довдира бусалба духар никIаб лелочу меттигерчу 7 яхархочунна. Сюжет гайтира "Грозный" телеканалехула. Межиевс хаийтинера никIаб ерриг юьхь къовлу Iаьрбийн зударийн духар хилар а, иза лелор тIехьдацар а. Цо бахарехь, деа а бусалба мазхьабо а боху изза. ТIекхуьу чкъор кхета деза, никIаб Iаьрбийн Iадат хилар, зударшна дино иза лело тIедожош доцийла, бохура муфтийс. Соьлжа-ГIалахула никIабаш а йоьхна зударий ша лоьлуьйтур бац, иза лелор нохчийн Iадатехь а, дино хьоьхуш а дацарна, никIаб лелораш Iаьрбийн мехкашка дIабаха беза, аьллера Ирисханов Аслана а. «Хьехамаш» бина бевлча, телеканало гойтучу мехкарша никIабаш дIаехира шайн яххьаш тIера.

Кхаарин де, Дечкен-беттан 13-гIа

Ницкъаллийн структурийн белхахошца хиллачу цхьанакхетарехь къамел деш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьахийна, Соьлж-ГIалахь некъан полисхошна тIелеттачу ТимурзиевгIеран шина вешин декъий гергарчаьрга дIакхачорах. "Нагахь санна, "Терроризм" аьллачу артиклехь уьш ца хилахь, декъий дIадохкийта дIадала деза. Амма, терроран артиклца доьзнехь, цхьана а агIор хьехадойла яц уьш дIабалар. Оьрсийчохь дац ишта низам, тIаккха Нохчийчохь а хуьлийла дац", - аьлла Кадыровс. Шина кIиранах гергга Нохчийчохь лаьцна латтийначу ТимурзиевгIеран Хьасанан а, Хьусайнан а дас Ахьмадхана, нохчийн полисхо шайн кIенташа верна, массаьрга а гечдар дийхира. Меттигерчу "Грозный" телеканалан эфирехь гайтина да вистхуьлуш сюжет. Тимурзиевс дIахьедо, лецначул тIаьхьа шайца гIиллакхехь доцург ца лелийра полисхоша аьлла. Шен ши кIант бехкехиларх шеконаш яц шен аьлла цо. "Шун бераша теракт йина элира тхоьга. Стигал къовкъар санна хIума дара и тхуна. Со айса хIун леладо хууш а вацара. Делахь а, бакъ хилла дели иза. Сан бераша, схьагарехь, цхьаъ лелош хилла шайн телефонашкахула, цхьаммо корта дIабаьхьна хилла церан. Цара зулам дина хилар - цIена бакъ ду. Суна гайтина уьш тIелеташ яьккхина видео", - аьлла байъинчу вежарийн дас. Шайн доьзалшкара даьллачух жоьпалла шена а, шен хIусамнанна а тIехь ду боху Ахьмадхана. "Тхо бехке ду. Оцу шина кIентан да суо хиларе терра боху ас, сан бехк бу доьзалера даьллачунна", - аьлла Тимурзиевс нохчийн телеканалехь оьрсийн маттахь.Цул тIаьхьа гIалгIайн маттахь дIахьедо цо "сайн къомана хьалха а юьхьIаьржа ву со". "Цхьаннан а бIара хьажа юьхь яц сан", - аьлла дас. Шина кIиранах латтийра вийначу шина вешина да Тимурзиев Ахьмадхан а, цуьнан хIусамнана Лидия а, йоI Зарета а нохчийн полисхоша лаьцна.

Еарин де, Дечкен-беттан 14-гIа

Яхначу аьхка Дижонехь хиллачу къепедацаршна тIехула шеконашца лаьцна хилла Нохчийчуьра мухIажир Тимиргириев Руслан Францин кхело, дIасавалар а дихкина, цIахь витина. Къепедацаршна бехкевинчу Тимиргириевс кху деношкахь талламчийн палате дехар динера, ша маьршаваккхахьара аьлла. Цунна тIетайначу суьдхоша цуьнан дехарна жоп делла. Маршо Радионо яздина ма хиллара, стохка Францерчу Дижон гIалахь Алжирера а, Мароккора а схьабевлла кегийрхой девне бевллера Мангал-беттан 10-чохь. Дерриг а доладеллера 16 шо долчу нохчочунна йиттинчул тIаьхьа. ГIалахь наркотикаш юхкучу наха дина и зулам, аьлла, гIалин юккъехь лаьттачу кальян-баран дайх леттера нохчий. Цул тIаьхьа дIасабахнера. Амма эццахь гIалахула талораш дан буьйлабеллера нохчашна дуьхьаллаьттарш.

ПIераскан де, Дечкен-беттан 15-гIа

1990-чу шерашкахь Европе дIа а бахна, цигара схьа адамийн бакъонаш хьешарна Нохчийчоьнна бехкаш дохку нохчий тIеэца баккхийбийр бу даймахкахь. Уьш галбевлла хилар гечдийр ду царна, нагахь санна, цхьана хIумана тIехь церан бехк хиллехь, таIзар а дийр ду. Оцу кепара дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана еарин дийнахь Думан депутатаца Делимханов Адамца а, парламентан спикерца Даудов Мохьмадца а, ницкъаллин структурийн куьйгаллийца а, кхиболчу официалан нахаца а шен хиллачу кхеташонехь, хаам бо REGNUM агенталло. "Ичкерин туьйранийн зама тIехтилла, халкъ кхетта, мила - мила ву, тIаккха декхаре хилла и туьйранчаш Европе бовда. Цигахь а вовшашца девнашка бевлла. Делахь а, уьш цIа багIахь, реза ду тIеэца, Соловей-разбойникаш санна уьш лелахь а", - аьллачу Кадыровн дешнаш даладо REGNUM-о. Ишттареспубликан куьйгалхочо билгалдаьккхина, Нохчийчохь дуьненчу а ваьлла, нохчийн мотт буьйцучех хуьлуш вац нохчо, "эхь-бехкаллин кодекс" а ларъеш, нохчийн амалш хила еза стагехь аьлла. "Галваьллачунна гечдийр ду, бехкечунна таIзар дийр ду, амма оха цкъа а могуьйтур дац евроичкерихошна тхайн махкана лер", - дIахьедина Кадыровс.

Шоьтан де, Дечкен-беттан 16-гIа

Ичкерин хилла хьалхара президент Дудаев Джохар
Ичкерин хилла хьалхара президент Дудаев Джохар

Нохчийн Ичкерия Республикан хиллачу хьалхарчу президентца Дудаев Джохарца хилла интервьюш вовшахтоьхна, стохка Киевехь арахецна хилла книга Украинан "Шеран жайна" (Книга года) премин шорт-лист юкъаяхна. "Публицистика" категорехь билгалъяьккхина иза."Лицар свободи" ("Рыцарь свободы") цIе йолу книга стохка арахийцира. Цу юкъаяхна интернетехь яржийна интервьюш а, иштта, хьалхарчу Ичкерин президентан доьзало елларш а."Тхан гочдархоша интервьюш тексте а ерзош, украинхойн матте гочйира, церан цхьа дакъа нахана хезна яц, иштта цхьанхьа а зорбанехь хилла доцу, доьзалан альбомаш юкъара суьрташ а цхьана ду цу юкъахь", - аьлла книга арахецначу Савченко Дмитрийс. Иштта, цо билгалдаккхарехь, жайнин цIе тиллина Дудаев Джохаран хIусамнанас Дудаева Аллас. Цо язйина книгин дешхьалхе а.

КIиранан де, Дечкен-беттан 17-гIа

ПIерасканан дийнахь Google компанино YouTube каналера "Ахмат" футболан клубан а, ийначу кепехь латарийн Absolute Championship Akhmat (АСА) оьрсийн промоушенан аккаунташ дIакъовлуш бинчу сацамна шаьш резадацар дIахаийтина Нохчийчуьрчу зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Яздо цунах лаьцна "Спорт" газетано.
"АгIонаш дIакъовларца гуш ду футболан а, ийначу кепехь латарийн а фанатийн бакъонаш йохийна хилар. БIеннашкахь нах бу уьш. АСА-н цхьана YouTube-канале язвелла ву 1,5 миллион гергга стаг. Дудаевс бахарехь, Нохчийчоьнна а, мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзаннна а дуьхьал болийна гибридан, информацин тIом бу иза.
"Дуьххьар гуш дац вайна, уггар а "демократин" пачхьалкхо, ша демократин ага ду бохучо, шога бакъонаш хьоьшуш хилар. Таханалерачу дуьненахь Американ Цхьанатоьхна Штаташ ю уггар а чIогIа бакъонаш йохош ерг, цхьа а демократи кхузахь юьйцийла а дац", - аьлла Дудаев Ахьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG