ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный Оьрсийчу цIа верзарца доьзна лаьцна 69 стаг  


Навальный Алексей Оьрсийчу цIа верзаца доьзна кIиранан дийнахь полицино лаьцна 69 стаг, шайна юкъахь ша политик а цхьаьна волуш. Цунах лаьцна яздо "ОВД-Инфо" зорбан гIирсо, хаам бо "Радио Свобода" портало. Москвахь оппозиционер кхача везаш хиллачу Внуково аэропортехь лецира 62 стаг, биснарш лецира Санкт-Петербургехь. Оцу нахана юкъахь хилла 2 кхиазхо а, лаххара а 6 журналист а. Кхаа стагана ницкъ бина дIалоцуш, царах шиъ дарбанан хIусаме кхачийна. Кхин а цхьана лаьцна йолчу зудчунна вон хилла полицин декъехь. Иза дIайигна лоьрийн машенахь.

Лецначарна бехке дуьллуш ду полицин белхахочо аьлларг ца дар а, бакъонца йоцчу акцехь дакъалацар а.

Буьйса йоккхуш полицин декъашкахь витина 4 стаг. "Лужники" чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь – кхоъ, ткъа Шереметьево аэропортехь лаьцна волу Навальный Алексей – Химки гIаларчу полицин декъехь.

Лаьцначу 16-нна статус муха ю хууш дац, хаам бо "ОВД-Инфо" зорбан гIирсо.

"Радио Свобода" портало бинчу хаамца, Навальныйна "Внуково" аэропорте дуьхьалвеана хилла 2 эзар гергга стаг. Навальныйн накъосташа а, цо ша а кхайкхира нахе аэропрте дуьйла аьлла.

Внуковохь полицино лецначарна юкъахь бу Коррупцица къийсам латторан Фондан белхахой Соболь Любовь а, Шаведдинов Руслан а, Навальныйн гIоьнча Пахомов Илья а, политикан штабан менеджер Кадетова Анастасия а, юрист Молокоедов Алексей а, ткъа иштта оппозиционер Котов Константин а.

  • Навальный тIехь волу кема охьахаа дезаш дара Внуковохь. Амма цуьнан метта иза охьахиира Шереметьевохь, "Победа" авиакомпанино чIагIдарехь, техникца доьзначу бахьанашца.
  • КIиранан сарахь лецначарах дукхаха берш дIахийцира. Царах цхьаберш кхиира Шереметьево кхача а.
  • Навальный Германехь вара Товбеца-беттан 22-хь дуьйна, цига иза кхачийра дарба дан, Оьрсийчоьнан леррина сервсисаш а, Iедалш а бехке лору дIовш даьллачул тIаьхьа.
  • 2014-чу шарахь цунна арахь яккха хан туйхира курхалла лелийна аьлла. Ша Навальныйс и гIуллакх политикан бух болуш лору. Европан адамийн бакъонашкахула кхело сацам бира, суьдо хан тухуш Навальныйн нийсонца кхел ян йолу бакъонаш талхийнера аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG