ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамашна кечам болийна Нохчийчохь. ДоьазлагIа а хир вуй Кадыров республикан куьйгалхо?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Кхин а 8 бутт баьлча, кхушара Гезгмашин-беттан (сентябрь) 19-хь массо а тIегIанера кхажтасар дIахьуш, Нохчийчохь хоржур ву республикан куьйгалхо. Цул сов, нохчийн харжамхойн дезар ду меттигерчу парламентан а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан а, Соьлж-ГIалан думан а депутаташ а, ткъа иштта 2 гIалан а, 14 кIоштан куьйгалхо а, 173 юьртда а харжа.

Федералан а, регионан а, муниципалитетан а тIегIанашкарчу харжамашна кечам болийна республикехь. Дукха хан йоццуш кхеташо дIаяьхьна цу хьокъехь республикан харжамийн коьртачу комисстно. Цуьнан куйгалхочо Байханов Iумара шен накъосташна хьалха кхочуш дан деза коьрта декхарш хIиттийра, шайна юкъахь харжамашна техникица кхачам бар а, харжамийн каппашкахь веб-камераш дIахIиттор" а долуш.

Нохчийн республикан харжамийн коьртачу комиссин кхеташонехь даьккхина сурт
Нохчийн республикан харжамийн коьртачу комиссин кхеташонехь даьккхина сурт

Харжамашна кечамбар дIадолош Москвахь нохчийн парламенан гIантда, Даудов Мохьмад цхьаьнакхийтира "Единая Россия" партин инарлин секретарца Турчак Андрейца, хаам бо Чечня FREE.RU сайто.

"2021-чу шарахь Гезгмашин-беттан 19-хь хин болчу харжамашна "Единая Россия" партин Нохчийн республикан дакъа кийча хилар довзийтира(ас)Андрей Анатольевична", - яздина шен хиллачу цхьаьнакхетарх лаьцна Даудовс шен социалан машанерчу агIонехь, Кадыров Рамзана шена тIедожийна декхар кхочуш деш ша иза дина хилар билгал а доккхуш.

Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьа), "Единая Россия" партин инарлин секретарь Турчак Андрей а
Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьа), "Единая Россия" партин инарлин секретарь Турчак Андрей а

Кхеташ ду, Гезгмашин-беттан 19-хь хир долчу кхажтасарехь коьртаниг республикан куьйгалхо харжар хилар. Нагахь Кадыровс шен кандидатура кхоже йиллахь, цу хьокъехь цо цхьа а дIахьедар дина дац цкъачунна, цо доьазлагIа а дIалаца мега Нохчийчоьнан куьйгалхочуьн дарж.

Кадыров Рамзан дуьххьара Нохчийн республикан куьйгалхо хIоттийра Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира 2007-чу шарахь. Цул дуккха а хьалха дуьйна дуьйцуш дара и дарж Кадыровс дIалоцур ду бохуш, 2004-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь тIелатар а дина, цуьнан да Оьрсийчоьнан Iедалша нохчийн администрацин куьйгалхо а, тIаьхьо президент а хIоттийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийначул тIаьхьа.

Президент Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Аймани а, инаугураци хиллачул тIаьхьа, Охан-бутт, 6-гIа, 2007 шо
Президент Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Аймани а, инаугураци хиллачул тIаьхьа, Охан-бутт, 6-гIа, 2007 шо

Делахь а, Кадыровн собар дан дийзира республикерчу шен харжамашкахь дакъалаца бакъо йолу хан хиллалц. Цундела 2004-чу шарахь Товбеца-баттахь президент хIоьттина Алханов Iалу Нохчийчохь тIеоьцура, оцу даржехь ханна волу куьйгалхо санна.

Кремло гIортор йина президент хIоьттина Алханов Iалу
Кремло гIортор йина президент хIоьттина Алханов Iалу

Иштта хила а хилира. Кадыровн 30 шо кхачарца Алханов даржера дIавелира. Амма и хан тIекхачале, Бесланехь бохам хиллачул тIаьхьа, президента Путина "губернаторийн харжамаш" дIабаьхнера. Цу хьокъехь низам тIеийцира Оьрсийчохь 2004-чу шеран ГIуран-баттахь.

Керла кеп юьхьар а лаьцна, Кадыров шолагIа а Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттош, цуьнан кандидатура меттигерчу депутаташка тIечIагIъяйта парламенте кховдийра президенто Медведев Дмитрийс.

Оццу хенахь, 2012-чу шеран Охан-баттахь, Медведевс хьахорца, федералан низам тIеийцира, регионашкахь бахархоша дакъалоцуш куьйгалхо харжарх лаьцна. Амма нисса цхьа шо даьлча Медведевн метта президент хIоьттинчу Путин Владимира хийцира иза, харжамаш а ца беш, федерацин субъекташна бакъо луш куьйгалхо парламенте харжийта.

Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь бахархошка президент ца харжийта иза дина хилар баш хьулдеш а дацара. Дукха хан ялале, иза тидаме а эцна, нисса дIа бахархоша шайна куьйгалхо харжарх юхаелира Къилбаседа Кавказера 5 республика-Дагестан а, ГIалгIайчоь а, ГIебартойн-Балкхаройчоь а, Кхарачойн-Чергазийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а. Йисира ша цхьа Нохчийчоь.

Кадыровс Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржехь йоккху хан чекхйолуш яра 2016-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. Амма 2015-чу шарахь Охан-баттахь цо зорбан гIирсашкахь дIахьедира, ша республикан куьйгалхочун дарж дита лууш хиларх лаьцна.

Кадыровс чIагIдора, ша "тIкъозза дийхира" ша "дIахецахьара" аьлла, хIунда аьлча болх бан "атта дац", ткъа гIантах ша цкъа а "ца тийсавелла", бохуш.

Делахь а, 2016-чу шарахь Зазадоккху-баттахь Путин Владимира хIоттийра Кадыров Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан декхарш кхочушдийриг, ткъа оццу шарахь Гезгмашин-баттахь хиллачу харжамашкахь Кадыровс толам баьккхира, 97,94% харжамхойн кхаьжнаш а гулдеш.

Юккъехула аьлча, 2016-чу шарахь хиллачу харжамашкахь Кадыровца и дарж къовсуш вара кхин а 3 стаг - низамо тIедожийнера альтернативан кандидаташ хилар. Царах коьртаниг лоруш вара, Нохчийчохь юьйцуш хезна а йоцучу "Кхиаман партин" цIарах хьалхатеттина кандидат, Усманов Идрис. Цуьнан аьтто белира 0,84% процент кхаьжнаш гулдан. Коммунистийн партин векало Батаев ГIайрсолтас гулдира 0,63% кхаьжнаш, ткъа "Справедливая Россиия" партин республикерчу декъан хьлханчана Денильханов Султанна кхечира - 0,53% кхаьжнаш. Оцу харжамашка баьхкира 94,8% республикера харжамхой.

РогIерчу харжамашкахь Кадыровн метта кхин стаг Кремло хьалхатоттур ву, бохучух тешаш вуно кIезиг нах бу Нохчийчохь а, цул арахьа а, социалан машанашкахь наггахь цхьацца хаамаш гучубовлахь а, иза кхечу дарже балха вохуьйтуш ву бохуш.

Иштта, стохка Стигалкъекъа-баттахь "Незыгарь" тelegram-канала хаам бира, Къилбаседа Кавказан гонан президентан векал хIоттош волчу Кадыровн метта хIоттош республикан парламентан куйгалхо Даудов Мохьмад ву, аьлла.

Цхьболчу тергамхоша и хаам баккъалла а хила мегаш долу хIума санна тIеийцира, хIунда аьлча дуьйцуш дара "Незыгарь" тelegram-канал Оьрсийчоьнан президентан администрацица доьзна ду, ткъа цо хьахийнарг дукхачу хьолехь хуьлуш Iедал ду, бохуш.

Оьрсийчуьрчу вевзаш волчу журналиста, юкъараллин жигархочо Шевченко Максима, масала, Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь элира, Кадыров Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан коьртехь го шена аьлла.

Шевченко Максим
Шевченко Максим

"Кадыровх вуно дика чоьхьарчу гIуллакхийн министр хир вара. Оцу эксперменто хазахоьтуьйтура дара дуккха а нахана, дисциплина вуно толур яра. Нохчийн полици махкахь тоьллачерах ю. Адамийн бакъонаш талхорца йоьзна эксцессаш дIаяьхча, дисциплина хиларца, говзаллина Iамийна хиларца нохчийн полицино бIаьргбузуьйту шех", - элира Шевченкос.

Муха нислур ду Кадыровн тIебогIучу харжамашца доьзнарг? Кху деношкахь Трамп Дональд социалан машанашех дIахадийча Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, Американ президент а, ша а цхьадолчунна цхьатера ву аьлла.

"ХIинца со а, Трамп а цхьацца хIуманашна тIехь вовшех тера ву: хьалха социалан машанашкахь цо суна блок хIоттийна хиллехь, хIинца Везавоккхачо шен меттахIоттийна нийсо, эххаре Трамп Дональдан аккаунташ а дIакъевлина", - яздира Кадыровс шен Telegram-каналехь.

Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Цул сов, кIоршаме адамийн бакъонаш талхорна ша а вуно луьрачу санкцешна кIеллахь волчу Кадыровс дIахьедира, нагахь 45-чу Американ президенто демократи а, адамийн бакъонаш а лоруш хиллехь, ишттаниг цуьнца хир дацара аьлла.

Трамп эшна рогIерчу харжамашкахь. Ткъа Трампал а "тIаьхьа ца виса" гIорасиз-м хир вац-те Кадыров, юха а Нохчийчоьнан куьйгахочун дарж дIалацарехь? Вуьшта аьлча, Кадыровн метта кхин стаг хIоттор-м вац-те Кремло?

Иштта сценарий хилахь тамаш бу, аьлла хета Нохчийчохь хуьлург бIаьргбиллина шен тидамехь латточу Бостонерчу университетехь дуьненаюкъара юкъаметтигаш Iамочу Гадаева Элинина: "Наггахь цIера хьал гIоле гуш нисло геннара хьаьжча. Нохчийчохь шен политика Кремль хийца дагахь хиларан цхьа а билгало гуш яц. Кадыров республикина куьйгалла деш волуш а динна чIор кхуьуш ду. Царна кхин дахар муха хир ду аьлла дуьхьалхIотто а ду хала. Цул сов нохчийн юкъаралла кIадъелла. Нохчашна кIордийна тIемаш а, республикехь лаьтта гIоьртина хьал а. Цундела дуккха а нах бу махкахь хьал чолхе даларна кхоьруш. И нах бу, мухха а делахь а, Кадыровна шайн кхаьжнаш дIалур берш, нагахь цунна кхетташ кхин альтернатива ца хилахь".

Стохка шо чекхдолуш Ичкерин махкал арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадна а, "евроичкерихошна" а Соьлжа-ГIалахь наьIалташ кхийкхош а долуш, "Маршо Радионо" таллам бира шен ешархошна юкъахь, "Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш (шайн аьлларг хилча) республикан коьртехь?", - аьлла хаттар а хIоттийна.

ЖамIаш иштта дара. Кадыров вита лууш бара 2.4% респонденташ, Закаевгахьа кхаж теснарш бара 42.2%. Ткъа цаьршиннах цхьа а хуьлуьйтур вацара шаьш аьлла харжам бира 55 % оцу, Iилманца нисбина бина а, жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойтучу а талламехь дакъалаьцначара.

Перевод этого материала можно найти здесь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG