ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь-онлайн: Навальный лацарна дуьхьал протесташ ю йоьлхуш, лоьцуш бу декъашхой


Шен деллачу дIаьвшах дарба дайтина а ваьлла, Германехь Оьрсийчу юхавеанчу дийнахь лаьцна оппозиционер Навальный Алексей мукъаваккха Iедал декхаредеш, Москвахь а, Петербургехь а тахана хIиттинчу протестан акцешкахь полицино лоьцуш бу нах, кхерам бу царна набахтешка хийшо.

Маршо Радионо гойтуш ду Москварчу митингера хьал кху сахьта йоьдучу шен эфирехь.

"ОВД-Инфо" портало бечу хаамца, Москвахь, Петербургехь, шинхьа а, лецна иттанне кхоччуш протестхой. Цаьрца цхьаьна лецна журналисташ Френкель Давид а, Делимбетов Олег а, Царева Марина а.

Протестан акцеш ю дIайоьлхуш дуккха а кхечу гIаланашкахь а. Дукха гIаланашкахь Iедална резабоцуш гулбелла нах дIасалоьхку, лоьцу Оьрсийчоьнан полицино. "ОВД-Инфо-н" хаамца, делкъале 28 гIалахь полицино лаьцна 250 гергга стаг.

Кеп-кепара акцеш лаьтта кху муьрехь лаххара а 13 гIалахь, царалахь ю, масала, шийлачу мехкашкара Хабаровск а, Якутск а, Южно-Сахалинск а.

XS
SM
MD
LG