ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь халкъера йисна маршонаш а дIайохуш хилар го Америкина


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто дIахьедар даржийна Оьрсийчоьнан гIаланашкахь Дечкен-беттан 23-чу дийнахь протестан акцешкахь дакъалаьцначу наханна дуьхьал таIзарш айдарца доьзна.

Американ Штаташа бехкбуьллу протестхошна а, журналисташна а гIело ярна. Хьалхо бух кечбира Оьрсийчоьнан Iедало бахархошкара маьрша гуламаш хIитто а, хетарг ала а йолу бакъонаш дIайохуш, акцехь дакъалаца дагахь бу аьлла шена хета нах лоьцуш, билгалдоккху Пачхьалкхан департаменто.

Ткъа хIинца, Вашингтонна гарехь, оппозиционер Навальный Алексей лацар а, протестан акцеш хьашар а бу бахархойн юкъаралла йохош, цуьнгара коьрта маршонаш дIайохуш хилар гойту "сингаттаме битамаш".

Оьрсийчуьрчу бахархошна маьрша гуламаш хIитто, нийсачу, паргIатчу харжамашкахь дакъалаца бакъонаш конституцино луш хиларал совнах, уьш Оьрсийчоьно тIечIагIйина Европан Кхерамзаллин а, Цхьаьнаболхбаран а организацина хьалха а, Адамийн бакъонийн Юкъара деклараци а, Дуьненаюкъарчу адамийн юкъараллийн, политикан бакъонийн Пакт къобалдарца а, билгалдоккху Американ Штатийн Пачхьалкхан департаменто шен дIахьедарехь.

Оха кхойкху Оьрсийчоьнан Iедал деккъа дIа шайн бакъонех пайдаэцарна лецна нах дIахецаре а, хьалха цхьа а тIедахкарш а ца хIиттош, Навальный Алексей мукъаваккхаре а, боху документо.

Вашингтоно Оьрсийчоь кхойкху дуьнанюкъарчу цхьаьнакхетараллашна Навальный Алексейна дIовш далар толлуш гIодаре а, химин герз Оьрсийчоьнан территори тIехь лелор стенна нисделла, бакъдолу тоьшаллаш а далош, довзийтар а.

Цхьаьнатоьхна Штаташ шайца накъосталлехь йолчу пачхьалкхашца юкъахь кхидIа а лаьттар ю адамийн бакъонашкахьа, уьш стенггахь а йохош хиларх а – хуьлда иза Оьрсийчохь я кхечу пачхьалкхашкахь, боху Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан дIахьедаро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG