ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: инвесторша кхераме лоручу Нохчийчохь нах байъина юха а, адамийн бакъонаш хьоьшу Кремло


Дечкен-бутт,18, оршот

Инвесторийн рейтинго гIийла гойту Нохчийчуьра хьал

RAEX агенталло ша хIора шарахь хIоттош йолу инвестицешна томехь болчу мехкийн рейтинг хIоттийна. ТIаьххьарчу меттигашкахь ю Дагестан а, ГIалгIайчоь а. Царел к1еззиг тоьлаш елахь а, эшначу хьолехь, инвестицеш хьийсо кхераме лоручу мехкашлахь боьалг1ачу меттиг бу Нохчийчоьнехь.

Инвесторшна тоьлла хетачу мехкех бу Къилбаседа Кавказехь Ставропол-мохк. Цигахь хьал тоьлла дацахь а, шайн капиталашна сов кхераме дац аьлла хета совдегаршна.

Дечкен-бутт,19, шинара

Оьрсийчоьнан г1уллакх дац NATO юкъаяха луучу пачхьалкхашна новкъарло ян

Атлантикан тIеман цхьаьнакхетараллин (NATO) инарла секретара Столтенберг Йенса дIахьедина: Оьрсийчоьнехь бац къастам, хир ю Гуьржийчоь а, Украина а Атлантикан тIеман цхьаьнакхетараллехь я хир яц. Иза цо аьлла оршотан дийнахь Парижерчу арахьарчу гIуллакхийн хьаштийн Iилманийн школехь хIоьттинчу конференцехь. Цунна хетарехь, "провокацин хьесап" ду шен хиндерг къастош йоллучу Гуьржийчоьнна новкъарло яр.

Коллаж - Столтенберг Йенс а, Путин Владимир а
Коллаж - Столтенберг Йенс а, Путин Владимир а

"Йозуш йоцу пачхьалкх Гуьржийчоь дакъошка яккхар – иза харцо ю. Изза ала догIу Украинан хьокъехь а: низам а дохош, ГIирмина аннекси яр, Донбассехь хьал талхор – оцо эшийна вай машар кхуллуш схьабохьу некъ", – аьлла Атлантикан альянсан инарла секретара.

Нохчийчохь ФСБ-н болхахо хилларг стаг вадо гIиртина

Москварчу Савёлово кIоштан кхело лаца кхайкхийна мехах Воронежера совдегар Корнев Кирилл вен кечамбарна Алероев Iаьрби а, Нальгиев Ислам а, Замураев Иван а. Талламо бахарехь, 2016-чу шеран бIаьста мехах цхьамма дехна Нальгиев Исламе Корнев Кирилл вер.

Нальгиевс, реза а хилла, шеца цхьаьна дехар кхочушдан ши накъост лехна – Замураев а, Нохчийчохь ФСБ-н урхаллехь болхбина подполковник Алероев а. Корнев вен тIаьххьара миноташ йисинчу хенахь зуламна духьалойина Iедалан белхахоша. Бевдда, карош бац кхеле ийзийнарш.

Дечкен-бутт,20, кхаара

Амир Бютукаев а, кхин 5 тIемало а вийна Нохчийчохь

Нохчийчохь хIаллакйина тIемалойн тIаьххьара тоба, шеца амир Бютукаев а волуш, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Лерина операци дIаяьхьна Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртахь. Кадыровс бахарехь, президент Путин Владимир хууш хилла кечъечу операцех лаьцна, цо буьйцуш хилла нийса некъ, хьехна дараш доцуш гIуллакх чекхдаккхар.

  • Бютукаев Аслан вина 1974 шарахь Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь. Хилла президентан Масхадов Асланан куьйга кIел. 2013-чу шарахь, «Кавказ Имаратан» баьчча Умаров Докка вийча хIоьттира цуьнан метте.

Дечкен-бутт, 21, еара

"Хьаьжа юккъе тоьхна вуьйр ву"

Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесна Кадыров Рамзана. Оцу хьокъехь видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь. Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.

"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна, вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш ", - дIахьедина Кадыровс.

Кадровна улле хиъна ву йоьдучу машена чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу полкан буьйранча Чалаев Замид – цо куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна де хьалха ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна.

Т1емалой байъинчу дийнахь Закаев Ахьмада дина къамел ду Кадыровна цатайнарг. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу элира кхелхинарш.

Дечкен-бутт, 22, пIераска

Кадыровга шен йоI лаьцначуьра дIахецар дехна нанас

14 долчу Сейидова Жасминин нанас Гюльнарас видеокхайкхам хьажийра Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Зудчо доьхура шен йоI маьршайоккхуш гIодар. И дехар шен агIоне хIоттийра Телеграмерчу 1ADAT канало.

Сейидова Гюльнара
Сейидова Гюльнара

Сейидова Гюльнарас дийцарехь, цуьнан йоI ядийна – иза дIайигна Соьлжа-ГIаларчу Октябран кIоштарчу полицин белхахоша, амма ца дитина иза лацаран хьокъехь цхьа а кехат, лаьцна латтайо 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь дуьйна. Хьалхо хаам баржийра Кавказ.Реалиин редакцино, 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь Соьлжа-ГIалахь лерина операци дIахьош 4 стаг вийна хиларх лаьцна. Iедало уьш тIемалой бара, боху. Оцу тIемасадалерехь велла Iедалан ши белхахо, цхьаъ лазийна. 14 шо долу дагестанхо Сейидова Жасмина вийначу цхьана тIемалочун шолгIа зуда хилла, цо даредина ша нохчийн тIемалошца хилла хилар, аьлла дара полицино журналистийн хаттарна делла жоп.

Дечкен-бутт, 23, шот

Нохчийчуьрчу Iедало дIахецна лаьцна латтош хилла Сейидова Жасмина

Дагестанера кхиазхочо Сейидова Жасминас кхо бутт сов хан яьккхина Соьлжа-ГIаларчу полицехь. Селхана Нохчийчу еъначу Дагестанерчу делегацига дIа а елла, хIинца шен цIахь ю иза. Дагестанерчу бакъоларъечу цхьаьнакхетараллийн координацин кхеташонан куьйгалхочо Хадулаев Шемала, йоI лаьцна яцара, полицин декъехь яра, шега долчу хеттаршна жоьпаш луш, аьлла. Цо дийцарехь, Сейидова Жасминин дац арз шен могашаллина а, Соьлжа-ГIаларчу полицехь шена латтийначу хьелашна а.

Къилбаседа Кавказерчу протестан гуламашкахь лецна бIеннашкахь

Оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа а, пачхьалкхан куьйгалхоша ден къоланаш сецорехьа а, ерриг а Оьрсийчохь санна, гуламаш хIиттийра наха цхьаццайолчу Къилбаседа Кавказан коьртачу шахьаршкахь а. Сочерчу протестан акце веанера лаххара а 500 вахархо. «Путин – къу!» хезара цигахь гуламхошкара. Лаьцна Сочехь 80 стаг. Царалахь яра цхьа хан яьлча д1Iахецна "Новая газетин" корреспондент Костюченко Елена а.

Дечкен-бутт, 25, кIиранде

Американ Штатийн дIахьедар: Оьрсийчохь эшош ю тIаьххьара йисина маршонаш а

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто дIахьедар даржийна Оьрсийчоьнан гIаланашкахь Дечкен-беттан 23-чу дийнахь протестан акцешкахь дакъалаьцначу наханна дуьхьал таIзарш айдарца доьзна. Американ Штаташа бехкбуьллу протестхошна а, журналисташна а гIело ярна.

Оьрсийчуьрчу бахархошна маьрша гуламаш хIитто, нийсачу, паргIатчу харжамашкахь дакъалаца бакъонаш конституцино луш хиларал совнах, уьш Оьрсийчоьно тIечIагIйина Европан Кхерамзаллин а, Цхьаьнаболхбаран а организацина хьалха а, Адамийн бакъонийн Юкъара деклараци а, Дуьненаюкъарчу адамийн юкъараллийн, политикан бакъонийн Пакт къобалдарца а, билгалдоккху Американ Штатийн Пачхьалкхан департаменто шен дIахьедарехь.

Оха кхойкху Оьрсийчоьнан Iедал деккъа дIа шайн бакъонех пайдаэцарна лецна нах дIахецаре а, хьалха цхьа а тIедахкарш а ца хIиттош, Навальный Алексей мукъаваккхаре а, боху документо. Вашингтоно Оьрсийчоь кхойкху дуьнанюкъарчу цхьаьнакхетараллашна Навальный Алексейна дIовш далар толлуш гIодаре а, химин герз Оьрсийчоьнан территори тIехь лелор стенна нисделла, бакъдолу тоьшаллаш а далош, довзийтар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG