ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рамзана Iедалшца гIо дийр ду? Путинна дуьхьал акци а, Нохчийчуьра вахархо а


Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама ша гIо дийр ду, Iедалшна карагIо аьлла хабар тоьхна, оппозицин политикана Навальный Алексейна гIотор ечу акцехь Москварчу Пушкинан майданехь ОМОН-ан белхахойх леттачу Нохчийчуьрчу жимачу стагана. Делимхановс цунна хьалатеттина цхьа биллам – политикан позицера юхавалар.

Делимхановс кхайкхам бина кIант ву 20 шо долу Джумаев Сайд-Мухьаммад. ОМОН-ах иза леташ яьккхинчу видеога хьажна интернетехь иттанаш эзарнаш нах.

Низамаш лардечу органийн белхахойн аьтто баьлла, лечкъина ву, бохуш вуьйцучу оцу жимачу стага шен герагачу нахаца къамел дина хиларх лаьцна хаа. Цо ша дикка метта веана вацара, шена цхьамма коьртах хIуматоьхначул тIаьхьа аьлла. Джумаевн гергарчара полисхошка дIахьедина, иза цхьана а тайпана оппозцино лелочуьнца воьзна цахилар а, митингашка лелаш цахилар а.

Джумаев омонхошца леташ яьккхина видео социалан машанашкахь яьржинчул тIаьхьа цуьнга кхайкхам бина Кадыров Рамзанан хьехамчо Делимханов Адама. Цо билгалдаьккхина "Iедалшна дуьхьал йолчу митингашкахь дакъалацар мегар доцуш хIума дац нохчочунна" аьлла. Делимхановс некъ кховдийна цуьнга "Iедалца доьзна хаттарш" дIадохур ду шаьш, нагахь иза дуьхьалонан акцийн декъашхойшна хетарг къобалдеш вацахь аьлла.

"Ахь зулам дина. Иза деш верг милла велахь а, Навальный санна болу, стен-боьршалла цхьаъ йолу нах вовшен маре эхар къобулдеш берш тхоьца богIуш а бац, богIур а бац, ша бусалба хетачу нохчочунна санна. Хьан деца къамел хилла тхан, нагахь санна, и позици хьо тIеоьцуш вацахь, нагахь санна, хьо нохчо а, бусулба а велахь, ахь яздийр ду тхан директе, йа тхоьца зIене вер ву хьо", - боху Делимхановс.

"Дийцарехь, хьо вон кIант вац, хьан дас а боху церан ойланашна хьо гIортор еш вац. Нагахь санна, ахь церан позици тIеэцахь, цхьаннах а ида а ца уьдуш, царна тIаьхьа дIаваха веза хьо. Тхуна хаьа хьуна а, хьоьца болчарна а хIун дан деза. Нагахь санна, хьо церан хьежамашца вацахь, Рамзан-Хьаьжас, вайн паччахьо аьлла, низамех хьакхалучу агIор шаьш хьуна гIо дийр ду, хьо гучувалахь", - тIетоьхна нохчийн депутато.

ТIаьхьо Нохчийчоьнан цIарах волчу кхечу депутата – Селимханов Мохьмада – тадеш кхетийра Делимхановс дуьйцург дара "массо а агIор накъасталла" дар, аьлла.

"Цо ца элира цуьнан проблемаш ерзор ю ша аьлла. Массо а агIор накъосталла дийр ду аьллера. "Iедалхоша гIо дийр ду" а, "проблема ерзор ю" а бохург тайп-тайпана маьIна долуш ду, дуй? Думан депутаташ тхаьш хиларе терра, тхан декхар а ду, бакъо а ю ишттачу хьелашкахь нисбеллачу бахархошна гIо дан", - боху Селимхановс.

"Iедалан политикана гIортор яр дац нохчашна юкъахь"

Кадыров Рамзана нохчийн Iедалхойх олуш ма хиллара, Путинан гIашсалташна данне а дагахь дацара, Оьрсийчуьрчу оппозицин митингехь шайн махкахочо дакъалацарна шайн кIелхьардовла гIерта дезар ду бохург. Нохчийчуьра Iедал гайта гIерташ хуьлу, шаьш Оьрсийчуьрчу массо а нохчочунна Iуналла деш хилар. Амма и гIуллfкх исторехь бух болуш цахиларх лаьцна дагадоъуьйту "Мемориал" бакъонашларъяран центран гIантдас Черкасов Александара.

"Тахана массо а нохчочух, иза миччахь а хиларх, жоп дала гIертар цхьана а кепара историно бакъдеш хилла хIума дац. Цундела карарчу хенахь долчу Нохчийчурчу Iедало юьхьарлацначунна гIортор ца йо нохчаша", - боху Черкасовс.

Нохчийчоьнан куьйгаллан бакъо яц республикал арахьа бехачу нохчийн къомах болчу нахах жоп дала, билгалдоккху "Гражданское содействие" комитетан гIантдас Ганнушкина Светланас.

"Хьо нохчо велахь, хьуна Iуналла деш ду нохчийн куьйгалла, бохург Оьрсийчоьнан Кавказерчу оцу регионехь а бен хьехош дац. Мегар долуш хIума дац нохчий (Оьрсийчуьрчу регионашкара) дIа а буьгуш, церан гуш-хезаш сий дайъа а, царна таIзар дан а, церан лелар "нохчочун леларх тера дац" бохуш. Нагахь церан бехк болуш цаьргара цхьаъ даьллехь, уьш жоьпе озо беза цара иза динчу меттехь, амма царна кхел ян ца еза "къонахалла" олучу кодексехула", - боху Ганнушкинас.

Цо тидам тIебохуьйту, Делимхановн дIахьедаро хоуьйтуш хилар кIентан деца къамел дина хилар. Дукхачу хьолехь оцу тайпачу къамелашна тIехьа лаьтташ хуьлу дай-наношна Iаткъам бар.

Оцу хиламна нохчийн Iедало шен тидам тIебахийтар тIехула тIе доьзна ду, видео яьржинчул тIаьхьа Джумаев социалан машанашкахь гIараваьлла хиларца, боху нохчийн бакъонашларъярхочо Кутаев Руслана.

"Нохчийн Iедална дика хаьа сихха шайн агIор ваккха, шех цхьанна масала хир долу стаг. Дика лата хуург, шахматех дика ловзург, дика сурт дуьллург, йозанца говза верг – верриг а хила вехаш ву церан тобанехь. Ткъа Сайд-Мухьаммад санна социалан машанашкахь шена тIе нехан тидам бахийтина жима стаг а хила везаш ву Кадыровн тобанехь", - боху Кутаевс.

Цо чIагIдарехь, Москварчу майданехь дуккха а бара нохчий а, гIалгIай а, уьш баьхкинера цига Iедалш коррупцино дукъийна хиларна шаьш реза цахилар гайта.

"Навальный хиларца доьзна дац хуьлург, амма махкарчу хьолаца доьзна ду", - боху Кутаевc.

***

Ерриг а Оьрсийчохь хилира оппозицин политикана Навальный Алексейна гIортор еш дуккха а адамаша дакалоцу дуьхьалонан акцеш. Иттаннаш гIаланашкахь дIалаьцна 3500 сов оцу акцийн декъашхо, шайна юкъахь 100 сов кхиазхо а, иттаннаш журналисташ а болуш.

Комментареш

New Comments Available

Кремло Соьлжа-ГIалина "ТIеман Сийлаллин ГIала" цIе тилларца, махках даьккхина къам къинтIера даккхар лорий аш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG