ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден: Оьрсийчоьнан леларна а, Навальныйца хIоьттинчу хьолана а сагатдо Американо


Байден Джо
Байден Джо

Американ Цхьанатоьхна Штаташ кийча ю, шина а агIонна пайден хир долу юкъарлонаш Оьрсийчоьнца лело, иштта дIахьедо, Вашингтон сингаттамехь хиларх оппозиционерна Навальный Алексейна гонах лаьттачу хьолана а, Американ организацешна дуьхьал дохучу хакерийн тIелатаршна а. Оцу кепехь дIахьедар дина Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Байден Джос

Президентан дарже ша хIоьттичхьана дуьххьара вистхилла Байден Американ а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигах. Хьалхо зорбанашкахь яздора, цуьнан гона тIетовжий, керла президент дуьхьал ву Москваца йолу уьйраш "юхаденъян", делахь а шен ма-хуьллу хьожур ву тIеман герзах болу барт латтон аьлла.

Оршотан дийнахь журналисташца къамел дечу заманчохь, Байдена хьахийна СНВ-3 бертах лаьцна, цуьнан хан чекхйолуш ю Чиллан-баттахь, иштта, тIечIагIдина, маслаIат кхин дIа а дахдан реза ву ша аьлла.

Оцу юкъанна, Байдена тIечIагIдина, Американ иччархойн урхаллашна ша тIедиллина хиларх, Навальныйна дIовш даларх а, хакерийн тIелетарх а, ОвхIанистанехь байъинчу Американ салтех Оьрсийчоь кхаьънаш дала дагахь хиларх а лаьцна керла информаци кечъе аьлла.

"Ас шеконаш а йоцуш, дийцаредийр ду Оьрсийчоьнца проблеме долу хеттарш", - аьлла Байдена.

Хьалхо президент лаьттина Трамп Дональд ца хIуттура Оьрсийчоьнна а, цуьнан президентна а йиллина критика ян. Делахь а, цуьнан администрацино цхьа могIа санкцеш ехира Москвана дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG