ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан омбудсмено дехар дина ООН-е Закаев Ахьмад схьавоьхуш


Нухажиев Нурди а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а
Нухажиев Нурди а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан омбудсмено, Къилбаседа Кавказан федералан гонийн бакъоларъярхойн Координацин кхеташонан куьйгалхочо Нухажиев Нурдис кехат дахьийтина адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н лакхарчу комиссаре Бачелет Мишеле Закаев Ахьмадан хьокъехь.

"ХIара дуьххьара дац, Закаевс терроризм къобалъеш. Нохчийчуьра схьабевлла, Европехь бехачу иттаннашкахь болчу оцу нахе дукха хан ю оха кхайкхамаш бен, шайн питанаш дита, нохчийн къам бердах кхоса ма гIерта, барт ма эгIабе, кегийрхой ир-кара ма хIиттабе бохуш. ХIетте а шайниг ца дуьту цара. Эхь-бекх дуьйцур а дацара, юридикан барамашна а тIехваьлла Закаев а, цуьнан агIончаш а", билгалдаьккхина Нухажиевс.

Цо бахарехь, 2000-чу шерийн юьххьехь а тIедожийра Оьрсийчоьно Закаев схьавалар, амма дуьхаьло йира.

"Закаевн къамел – терроризм а, цунна ен пропагагда а къобалъяр ду. Террорхой "къоман турпалхойн" могIаре бахарца, иза тIетов церан идеологина а, практикана а, иштта кхайкхамбо, царна тIехIитта а, царех масал эца а. Лараме Мишель Бачелет, дехар до хьоьга, терго яхьара ахь, ООН-ан кхерамзаллан Кхеташонан декъашхо хиларе терра, Британин дозана тIехь ахь хьулвийриг Оьрсийчохь шога къизаллаш лелийна Оьрсийчоьнан вахархо Закаев Ахьмад ву", - яздо бакъоларъярхочо.

Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь.

Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.

"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс.

Кадыровна улле хиъна ву йоьдучу машена чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранча Чалаев Замид – цо куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна де хьалха ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна.

Кадыровна, цуьнан къамело гайтарехь, ца тайна Бютукаев а, цуьнан тоба а кхалхарца доьзна Закаев Ахьмада дина къамел. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу элира кхелхинарш.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а дехар дина пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила, нохчийн оппозицин политик Закаев Ахьмад Британига схьавеха аьлла.

Ялх гIаттамхо а вуьйш, тIаьххьарчу леринчу операцех лаьцна цо дина къамелаш бахьана долуш ду и дехар, Саралиевс бахарехь. Закаевс кадам бира байъинчийн гергарчаьрга, уьш "къоман турпалхой" бу аьлла, билгалдоккхуш.

"Карарчу хенахь Британехь вехаш ву террорхо Закаев Ахьмад, цигахь политикан тховкIело елла цунна, цигара схьа дуьхьало а йоцуш, дуьненаюкъара терроризм къобалъеш, схьавогIуш ву иза. Цуьнца доьзна дехар до хьоьга, лараме Сергей Викторович, Британина протестан нота кхайкхор, дуьненаюкъарчу бакъонца а, Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, террорхочунна Закаев Ахьмадна экстрадици яйта барамаш лелабахьара ахь", - аьллачу депутатан дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.

  • Дечкен-беттан 20-чохь Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртанна гергахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна амир Бютукаев а, цуьнца хилла 6 стаг а. Президентан Масхадов Асланан гонехь тIемаш бина а, хенан йохалла Ичкерин дуьхьалонан ницкъийн коьрте хIоьттина а стаг вара Бютукаев.
  • Закаев Ахьмад – вевзаш волу нохчийн политик, карарчу хенахь веха Британехь. Дозанал арахьа Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан хьалханча лору иза нохчийн цхьана декъо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG