ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СИЗО-хь Джикаева Маликина еттар бакъ ца дина Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Талламан изолятор чохь латточу Джикаева Маликина еттар бакъ ца дина Нохчийчохь. Соьлж-ГIаларчу кхело набахтехь даккха кхо шо хан туьйхира гоьяьллачу блогерна Джикаева Маликина ГIуран-баттахь.

"Чечня Сегодня" агенталло яздо, блогер латточу Соьлж-ГIаларчу изоляторехь хилира шайн корреспонденташ, хаамашкахь яздийриг таллархьама аьлла.

Набахтен белхахоша дийцина, лоьраша яздина молханаш а моьлуш, цуьнан шен дехарца, психиатр тIе а валош, латтош ю Джикаева аьлла. Иштта, цара билгалдаьккхина, изоляторера низам Маликас кест-кеста дохош хиларх: маьхьаршца, гIовгIанашца, цхьана дийнахь телевизор йохийра цо. Цуьнца цхьана камера чохь хан токхучу зударийн дехаршца, цхьана камерачуьра вукху камера чу дIасалелайора иза. Кхечаьрца конфликте хьелаш латтадо цо. Хила тарло цо мел дийриг, шен терго яйтархьала лелош а, боху хаамехь.

СИЗО-н куьйгаллица цхьана "Чечня Сегодня" агенталлан корреспонденташа экскурс йира камерашчухула. Дикачу хьелашкахь латтош бара уьш, массо а камераш видеотергамехь латтош ю, царна тIехь ницкъ бо бохург бакъ дац, яздо агенталло.

Джикаевас а, йа цуьнца цхьана болчу зударша а латкъамаш ца бира, шайга хеттарш дича. Цхьана а кепара проблемаш яц, оьшуш мел дерг долуш ду элира цара. Талламан изолятор чохь латточу юкъанна, Джикаева дIасайигар нислора кхелан процессашка, талламийн барамашка, цигахь стенна дIа ца хьедира цо, шена тIехь ницкъбеш хиларх, аьлла, жамIаш дина Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша.

Блогеран Джикаева Маликин нанас Кудзиева Анжелас видео дIаязйира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга йистхуьлуш. ЙоьIан нанас доьху, кхелахоша шен йоIана кхайкхийначу вердиктан тергояр. Наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкейинчу Маликина набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна.

"Сан доьзалхочо хьиджаб коьрта а тиллина, шегара товш доцург далийтина, оха цатам хьайна бинехь, къинтIера валар доьху ас хьоьга. Со нана ю, хьо дуккха а зудаберийн да ву, хьо кхета декхар ву, кхаа шарахь набахтехь хан яккха дезахь, цу чуьра араяьлча лартIахь хир юй иза? Сан йоI могуш яц. Туреттан цамгар ю цуьнца. Хуьлуш дарба а дац оцу цамгарна. Ас дехар до хьоьга, оцу гIуллакхна юкъа а гIортахьара хьо. Массара а олу, дийна араер яц иза", - боху нанас.

Кудзиевас иштта чIагIдо, шен йоIана тIехь къизаллаш лелайо бохуш а. "Хьан карахь ду дерриг а. Хьан пурба доцуш дитта тIера гIа а ца дужу. Орцах валахьара хьо!", - аьлла, дIахьедо Кудзиевас. Цо бахарехь, масех де хьалха Маликин йиша а кхелхина. Москвахь цхьана петар чохь карийра цуьнан дакъа.

  • Зазадокху-беттан 9-чохь Соьлж-ГIалахь лецира Джикаева Малика. Наркотикаш латтош хилла аьлла, шеконаш эгна цунна тIе.
  • Хьалхо Джикаевана гIуда туьйхира, магийна йоцчу меттигехь герз кхийсарна. Полисхочун барзакъ а доьхна, герз диттинера цо.
  • Инстаграмехь цо зорбане йоху провокацин видеошна тIехула иза лаьцна бохуш, дIахьедар динера хьалхо йоьIан гергарчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG