ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикера журналист, Дагестанера жигархо, Кремлехьара политик. Bellingcat-а цIераш яьхна ФСБ-н "дIовш далархойн Институто" байъинчеран


 Нальчикера журналист Куашев Тимур, Дагестана жигархо Магомедрагимов Руслан, Кремлехьа политик Исаев Никита. 
Нальчикера журналист Куашев Тимур, Дагестана жигархо Магомедрагимов Руслан, Кремлехьа политик Исаев Никита. 

Bellingcat-ера а, The Insider-ера а, Der Spiegel-ера а талламхоша бовзийтина шаьш цхьаьна бина талламо, яздо "Карара хан" зорбан гIирсо. Оцу талламехь дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) криминалистикин Институт декъа хила мега бохуш, Оьрсийчохь тайп-тайпанчу гIалашкахь кхаа стаган дIаьвшен тIелатар дарна.

Кхуьа кхелхина. Хьалхо оццу инститерачу белхахоша "Новичок" тайпана дIовш лелийнера, тIелатар динчул тIаьхьа дийна висна, политик Навальный Алексей вен дагахь. Муьлш хилла "дIовшдаларан Iилманан талламан институто хьалхо байинарш, Bellingcat-ан версица?

Куашев Тимур. ГIебартойн-Балкхаройчуьра журналист. Велла карийна логах маха тохарна

2014-чу шарахь Товбеца-беттан 31-чу дийнахь Нальчикера журналист, бакъонашларъярхо Куашев Тимур, цIера ара а ваьлла, шен нанас болх бечу театр йолчу агIор дIаволавелира. ШолгIачу дийнахь Куашевн дакъа карийра Нальчикана гергахь хьуьнха боьдучу некъан йистехь. Цуьнан дара 26 шо.

Дукха хан ялале Талламан комитето дIахьедира, кхелхинчуьнан дегIа тIехь маха тоьхна меттиг карийна шайна аьлла. Амма 2016-чу шарахь талламо дIакъевлира Куашев валарца доьзна бехктакхаман гIуллакх: дIаьвшан ларш цуьнан дегIех ца карийначух сурт а хIоттийна.

Анализ йинарг яра ФСБ-н криминалистикин Институт – лакхохьа вай хьахийна йолу "дIовшдалархойн Институт" (НИИ), Bellingcat-ан версица, Навальный Алексей вен гIоьртина йолу. Талламхоша зорбане даьккхина оцу НИИ-н бланкан тIехь йолчу экспетизан цхьа дакъа.

Bellingcat-на хета Куашевн дIовш даларехь декъа ю аьлла ФСБ-н криминалистикин Институт: 2014-чу шарахь цуьнан белхахой кеманца дIасалеран хаамаша гайтарехь, Нальчикера операци йолаелла хилла лаххара а 2014-чу шарахь Товбеца-беттан 13-хь.

Оцу дийнахь ГIебартойн-Балкхаройчоьнан коьртачу гIала веъна кеманца Кудрявцев Константин (Навальный Алексейца къамел деш иза вен дагахь дIаяьхьначу операцехь ша дакъалацар телефонехулла хиллачу къамелехь дийцина волу ФСБ-н белхахо).

Кхин а 9 де даьлча, 2014-чу шеран Товбеца-беттан 22-чу дийнахь, Минводе вахна кеманца Осипов Иван. Bellingcat-а боху иза ФСБ-н лаккхарчу даржера белхахо ву, Навальныйна дIовш тухуш дакъалаьцна волу. Нальчике веъна Александров Алексей а. Александровн мобилан телефонан биллинго гойту дIовш тухуш иза Навальный сецна хиллачу Томскерчу хьешан цIенна гергахь хилла хилар.

Bellingcat-о билагдоккху Нальчике вахана хилар, дIовш тухуш дакъалаьцна хила мегаш волу кхин а ФСБ-н ши белхало.

Куашев воьдуш хиллачу "Родина" театрана хьалха йолчу майданера ерриг а хуьлучунна бIаьрг туху камераш дIаяйъина хилла "коммутатор галъяларна" иза вайначу сарахь, билгалдоккху Bellingcat-а.

Изза хилира Томскерчу хьешан цIийнехь а, Навальныйна дIовш лучу дийнахь а, ткъа иштта 2020-чу шарахь Товбеца-баттахь, политикан зудчунна Навальная Юлияна шена дIовш даьлла хилар хааделлачу Калининградерчу хьешан цIийнехь а.

Куашевс шен материалаш арахецара "Дош" журналехь а, "Кавказская политика" порталехь а. Дин бахьана долуш бахархойн нийсонан бакъо яйарна а, жигархошна тIехь Iазап латторна а Iедалшна критика йора цо. 2013-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь милицин белхахоша шайна луъург лелорна дуьхьал Нальчикехь митинг вовшахтоьхнера цо.

Магомедрагимов Руслан. Дагестанера жигархо. Логах тоьхна ши маха

"Садвал" боламан Дагестанера жигархо Магомедрагимов Руслан велла карийра Таркхойн хIордан йистехь 2015-чу шарахь Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь. Цуьнан дара 45 шо. Дуккха а шерашкахь эскарехь гIуллакх дина вара иза, цул тIаьхьа иза вара кеманан пилот.

Магомедрагимов ша вехачу Самур юьртарчу бахархойн бакъонаш ларъян гIерташ вара, иза дуьхьал вара Дербентерчу Советская олучу ураман цIе, Алиев Гейдаран цIарах проспект аьлла, хийцарна.

Патологоанатомо жамI дира Магомедрагимов ницкъ бина вина вац аьлла, хаам бира "Кавказский узел" зорбан гIирсана "Садвал" боламан хьалханчех цхьаъ волчу Эседов Альберта, хьалхарниг иза дог лазадарна велла аьлла верси хиллехь а.

Магомедрагимовн гергарачара чIагIдора, дIадолла схьаделлачу докъан тIехь мехий диттина ларш гира шайна бохуш. Гергарнаш тIера цабовларна, таллам бира цуьнан дегIах токсинаш хиларан лар лохуш. Bellingcat-а аьтто ца белира оцу анализан жамIаш каро а, Магомедрагимовн доьзалерчу цхьаьнца зIене довла а.

Куашевца иза ма хиллара, ФСБ-н белхахой Осипов Иван а, Кудрявцев Константин а хиллера Махачкалахь Магомедрагимов веле масех де хьалха: Осипов – 2015-чу шарахь Дечкен-баттахь шозза, Кудрявцев - жигархо кхалхале ши кIира хьалха.

Цул сов, Магомедрагимов валале 4 де хьалха, 2015-чу шарахь Зазадоккху-беттан 24-хь, Осипов Буьрий-гIала веара, ткъа циагара дIа Каспийске 4 сахьтехь некъ а бен бац машенахь.

Исаев Никита. Политик. Валале хьалха латкъам бира цо, дIов даьлла шена аьлла

41 шо долу политик Исаев Никита велира 2019-чу шарахь Лахьан-беттан 16-чу буса, "Тамбов – Москва" цIерпошта тIехь воьдуш. Исаевс сих-сиха къамелаш дора ток-шоушкахь федералан телеканалашкахь. Ша аьлча, иза масийттазза гайтира "60 минот" программехь, Навальный Алексейна критика еш.

Исаевн гIоьнча хиллачу Жестовская Алинас дийцира "Американ аз" зорбан гIирсе, буса шолгIачу сахьтехь самаваьлла туалете вахара иза аьлла.

"Иза еххачу хенахь Iийра цу чохь. Юха, гай а альцна, сатта а сеттина чувеара иза. Со хьалаиккхира, тамбура чохь цхьамма цунна урс тоьхна моттаделлера суна. Со цунна тIеяхара, цо элира: "ДIовш даьлла, дIовш даьлла, тера ду", - дийцира Жестовскаяс.

Исаев Никита
Исаев Никита

Bellingcat-а, билгалдоккху ФСБ-н белхахой, шайна юкъахь изза Александров а, Осипов а волуш, Исаевна тIаьхьалелла хилар, ериг а Оьрсийчухула лаххара а 7 гIалахь– Владивостокера а, Хабаровсера а Москва а, Сичи а. Цуьнца цхьаьна талламхоша бидалдоккхарехь, цу тайпа цхьаьнадIасалелар кхин а алсам хилла хила мега церан, хIунда аьлча, лерринчу сервсийн белхахоша билеташ оьцуш хилла мегаш ду кхечу цIерашца.

Талламхошкахь хаамаш бац ФСБ-н белхахой Тамбовехь хилла хиларх лаьцна - цигахь дIовш делла хила мегаш ду Исаевна.

"Исаевна гонерачу цхьане а стаге, кхоччуш теша мегар а долуш, ала ца ло патриот ву бохуш лелачу жигархочо мичахь некъ хадийна хила мега ФСБ-н аьалла", - дуьйцуш ду талламехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG