ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах велла 38 дархо, вирус кхетта 942 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь динчу зерашца, коронавирусан уьнах велла 38 дархо, вирус хьакхааелла кхин а 941 стагаца.

Оперативан штабан информацица, Краснодаран кIоштахь кхелхина 20 дархо, Дагестанехь- ялх, Ставрополан махкахь виъ, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца велла.

Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а велларг ву COVID-19 уьнах 6 865 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан махкхаь бу дукха дархой - 231 стаг.

Ставрополан мохк + 231 (42 022 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт+ 189 (33 314)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 88 (18 600)
Дагестан + 98 (27 750)
ГIалмакхойчоь + 76 (17 270)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 70 (17 436)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 64 (14 3I6)
Адыгей + 46 (12 941)
ГIалгIайчоь + 44 (13 870)
Нохчийчоь + 35 (10 725)

208 244 вахархо ву Къилбаседа Кавказехь ковидца таханалерачу дийнахь. Оперативан штабан статистикаца, Оьрсийчохь ву ун токхуш - 3 813 048 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG